Вайна ма-хаъара, хIора шарахь аьхкенан каникулаш йолчу муьрехь школашкахь дешаран керлачу шарна кечамаш бо. ХIокху шарахь Соьлжа-ГIалин школашкахь ремонтан белхаш дIаболийна 2 бутт хан ю. 52 школех ремонташ ян юьхьанц къастийнарг 17 школа яра. Карарчу хенахь царех 10 школа кийча ю. Цхьана иттех дийнахь йисинчу школашкахь а белхаш чекхбевр бу.
Соьлжа-ГIалин Iилманан департаментан гIишлошъяран отделан куьйгалхочо Юсупов Iийсас дийцира: «ДIадаханчу шерашкахь ерриге а школашкахь дешаран керлачу шарна кечамаш баран белхаш уггаре ледара хьелаш долчу школашкахь бора (13-17 школа хуьлура уьш дукха хьолахь). Цхьайолчу школашкахь кораш, неIарш хийца дезаш хуьлу, кхечанхьа канализацин утармаш хийца дезаш хуьлу. Муьлххачу школехь уггаре хьалха талла езарг кхерамазаллин хьал а, йовхо лучу г1ирсан хьал а ю. ХIокху шарахь ерриге а школашкахь ремонтан белхаш байта дагахь ду тхо», – элира цо. Цул сов, цо билгалдаьккхира школийн директорша а, завхозаша а оцу белхашкахь жигара дакъалоцуш хилар. Сентябрь бутт тIекхачале Соьлжа-ГIалин школаш кийча хир йолуш ю.
З.ЛОРСАНОВА