Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь Экологин шо схьаделларна лерина даздаран гIуллакх дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министра Темирханов Сайд-Мохьмада, республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Нохчийчоьнан Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана, республикин Профсоюзийн Федерацин председатела, Ерригроссин халкъан фронтан республикехь йолчу штабан сопредседатела Солтагереев Хьусайна, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, иштта Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, тайп-тайпанчу юкъараллин организацийн а, Ерригроссин халкъан фронтан республикехь йолчу штабан а векалша.
Вайна ма-хаъара, 2017-гIа шо Экологин шо ду аьлла дIакхайкхийна ду. Цу хьокъехь долчу Указана куьг яздина Россин Президента Путин Владимира.
Оцу документа тIехь билгалъяьккхина Iалашо – юкъараллина экологи ларъяран мах хаийтар а, экологин кхерамазалла лаккхарчу тIегIанехь хилийтар а.
– Нохчийн Республика Iаламан тIаьхьалонаш а, культурин сийлаллаш а хиларца хьал долуш ю, цундела вайн мохк Iалашбар а, кхиор а вайн хIораннан декхар хила деза, – дIадолийра шен къамел Нохчийчоьнан Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министра Темирханов Сайд-Мохьмада. – Экологин шо вайн республикехь дIахьочу кхечу гIуллакхашца цхьаьна лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа лерина. Вайна ма-хаъара, вайн махкахь хиллачу тIемаша ораматашна, дийнаташна, Iаламна вуон тIеIаткъам бина. Цундела и хьал тодан декхарийлахь ду вай.
ДIадаханчу 2016-чу шарахь хьуьнан бахаман декъехь беш болчу белхийн барам алсамбаьккхина вайн республикехь. Иштта, 630 гектара тIехь синтарш дIа а дийгIина. 900 километр цIе яларна дуьхьало яран аса йиллина. Бакъо йоцучохь дIакхиссина хилла нехаш дIаяьхна.
Цул сов, Нохчийн Республикехь кхаа тайпана гIуллакхаш дIадахьа бакъо а луш, федеральни бюджетера субсидеш лур долуш, куьг а яздина, бина барт бу вайн.
ХIора а декъехь леррина тидам тIе а бохуьйтуш къахьега деза.
ДIадаханчу шарахь республикин хьуьнан бахаман белхалошна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондо совгIатна «Нива» марка йолу 20 машен елла. Уьш яларо дуккха а жигарбаьккхина церан болх.

Цул тIаьхьа къамел динчу Нохчийн Республикин культурин министра Х.-Б.Дааевс билгалдаьккхира вайн мохк а, культура а ларъян декхарийлахь уггаре а хьалха кегийрхой хилар.
– Вайн Даймохк санна хаза а, Iаламан тIаьхьалонаш йолуш а мехкаш дукха хир дац. Вайн бIаьвнаш, хиш, лаьмнаш, дийнаташ, ораматаш – и дерриге а вай леррина лардан дезаш ду. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а леррина терго латтайо экологин декъехь дика хьелаш кхолларна тIехь, – элира Нохчийн Республикин культурин министра Х.-Б.Дааевс.
Цул сов, цо кегийрхошка дийхира садаIа даханчохь оьзда лелар. «Шаьш садоIуш Iийначу меттехь нехаш юьтий дIабоьлхурш а хуьлу вайна юкъахь. Иза вайн гIиллакхашца догIуш дац, кхин хIумма ца дийцича а. И санна дерг ма далийтахьара шайгара. Вайн бIаьвнашна а, хIолламашна а тIехь йозанаш а ма дахьара аш. Халкъан истори вайн дайша схьа ма кховдорра цIена а, сийлахь а хилийтахьара аш», – бохура цо.
Цул тIаьхьа С.-М.Темирхановс билгалъехира Экологин шеран коьрта Iалашонаш: экологи а, Iалам а лардаран декъехь тоьлла хьелаш кхоллар, регионехь экологи Iалашъяр лаккхарчу тIегIанехь хилийтар, латта а, хиш а, хьун а Iалашъяр.
– 2017-чу шарахь и дерриге а гIуллакхаш дан кхиа дезаш ду вай. Нохчийчоьнан Iалам дуьнен тIехь уггаре хаза а, цIена а хилийтаран дуьхьа къахьоьгур ду вай, Дала мукъ лахь, – элира цо.
Цо дийцарехь, 2017-чу шарахь вайн республикехь дIаяхьа езаш ю экологин хьелаш тодарна лерина 33 мероприяти.
– ХIокху шарахь регионера экологи ларъяран декъехь дуккха а гIуллакхаш ду дIадахьа дезаш. Дуккха а тайп-тайпана дитташ дIадуьйр ду, акхарошна деба хьелаш а тодийр ду. Вайн республикерчу бахархошца кхетош-кхиоран белхаш дIахьур бу, – элира цо.
Солтагереев Хьусайна шен къамелехь билгалдаьккхира Халкъан фронт ерриге республикехь а экологин хьелаш тодарна лерина дуккха а гIуллакхаш дIадахьа лерина хилар.
– Республикерчу берриге а хIолламашкахь, Iаьмнашкахь, молуш долчу хиш долчохь цIано латторна леррина терго йийр ю. Иштта гIаланашкара хьаннаш а тхан тергонехь хир ю, – хаийтира Хь.Солтагереевс. – Дукха хан йоццуш оха арахецна цхьа проект ю «Нехаш дIакхуьссилийн интерактивни карта».
Иза юкъараллин интернет-карта ду. Бахархойн таро ю цу тIехь бакъо йоцучохь нехаш дIакхиссина меттигаш гучуяха.
Иштта «Баьццара турс» аьлла проект ю хIокху 2017-чу шеран кхолламан баттахь дуьйна кхочушъян йолийна. Оцу проектаца республикерчу хIора а юьртан бакъо ю шайн къастийначу меттехь садаIарна лерина диттийн парк йогIа.
Хь.БАХТАЕВА
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо