Кегийрхошца цхьаьнакхетар

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорт-холлехь республикин юккъерчу дешаран заведенешкарчу дешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Путь» телерадиокомпанин директора Шахидов Адама а, Абу Даби университетан хьехархочо, шарIан Iилманийн доктора Шайх Сайф ибн Iали аль-Iасрис а.

533_w1000_h700

Цхьаьнакхетар вовшахтоьхначу Шахидов Адама гулбеллачаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, билгалдаьккхира кхузахь дийцаре дан лерина гIуллакх. Цунна юкъахь дара бусалбанашна юкъахь харц идеологи яржоран а, хавариджаша кегийрхошна тIеIаткъам баран а, Нохчийн Республикерчу къоначу тIаьхьено экстремизман а, терроризман а идеологи тIе цаэцаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.

Шайх Сайф ибн Iали аль-Iасрис, бакъдолу бусалба дин шена дика девзаш хиларе терра, студенташна дийцира, Исламо адамашна къинхетаме хилар а, Делах кхерар а, вовшашца ларам хилар а Iамош хиларх лаьцна.

– Тахана, Исламан мостагIаша зулам диначу вайн бусалба вежарийн, йижарийн лазам бусалбанийн массеран а дагахкхета безаш бу. Оцу зуламхойн Iалашо ю бусалба нах хIаллакбар. Вайн Элчанан Мухьаммадан (I.с.в.с.) асхьабаш болчу заманчохь а хилла хавариджаш. Цу хенахь дуьйна бусалбанашна юкъахь питанаш даржош, схьабогIуш бу уьш. Тахана Иракъехь, Шемахь вовшахкхетта уьш, цуьнан цIе ДАIИШ ю, цуьнан Iалашо бусалба нах байъар ю. Дуьненахь а бевзаш болчу бусалбанийн Iеламнаха Исламаца цхьа а хIума дозуш доцу террористийн тоба лерина ДАIИШ. Социальни сетех пайдаоьцуш а, роликаш гойтуш а, кхайкхамаш беш а, Къуръан тIера аяташ далош а, нашидаш олуш а, шайн боьхачу Iалашонашка кхачархьама кегийрхой тилабо хавариджаша, – бохура Шайх Сайф ибн Iали аль-Iасрис.

Иштта цо билгалдаьккхира, бакъдолу дин а, Къуръан а девзаш верг цкъа а церан харц кхайкхамашка Iехалуш цахилар. ГIазотах дерг хьахош, цо дийцира, гIазот – ша-шен кхиорна а, Iаморна а, шен синна а, дегIана а тIехь бан безаш болу болх хилар.

– Бусалба нах уггаре а хьалха деша дезаш бу, дахаран дерриге а дакъойн говзанчаш оьшу вайна – Iилманчаш а, астрономаш а, программисташ а, лоьраш а. Хавариджийниг зуламе идеологи ю, церан дIадахнарг, долуш дерг а, хиндерг а дац. Бакъдолчу Ислам динна, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) суннатна тIаьхьавазаро бен гIо дийр дац вайна хавариджаш санна долу зуламаш юхатохарехь, – билгалдаьккхира шайхо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Шайх Сайф ибн Iали аль-Iасрис хаийтира нохчийн кегийрхошна дерриге а диканиг а, церан аьтто хилар а шена лууш хилар. Кегийрхой юкъараллин хьакъ боллу декъашхой хирг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

I.МУРТАЗОВ

№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: