Масане хестабо вай лоьраш, масане дика дешнаш олу вай царах лаьцна. Ша лор яцахь а, ша болх беш йолчу республикин онкологин диспансеран эндоскопин отделене догIучу адамийн бIаьрг тIе хIутту Санетан оьздангаллина, йист хила хаарна, адамашца цо ларъечу юкъаметтигна. Онкологин диспансерехь учетехь лаьттачара иза хестош дукхазза а хезна.
Эндоскопин отделенехь УЗИ-н кабинетехь медйиша ю Амаева Санет. БухIан-Юьртахь ехаш ю иза. Соьлжа-ГIаларчу медицинин училищехь дешна цо. Тайп-тайпанчу больницашкахь белхаш бина ткъа онкодиспансерехь цо болх бен 3 шо бен дац.
– Онкодиспансере балха яле кхечу больницашкахь болх бина ас, амма цомгаш болчарах къахетарна, кхузахь санна, оццул дагна ницкъ хилла бацара суна. Иза цIена бакъдерг ду. ХIора а дийнахь УЗИ яккхийта чудогIучу адамийн терго йича, хаало цаьргахь болу бала-гIайгIа, и дерриге а церан яххьаш тIехь дика къаьсташ хуьлу. Царна хIоранна а гIо дан лаьа. Онкологи йолчарах сайна хета къа царах къайладаккха гIерта со. Ишттачарна къаьсттина гIо дан лаьа, – дийцира Санета.
Хийланнан дегнаш гIиттадо, гIоле хирг хиларе дегайовхо кхуллу аьллачу цхьана хазачу дашо. И хьуьнар ду Санетехь. Медицинин хьаьрмахь Санета болх бен 7 шо хан ю.
Могаш доцчу адамашца гIиллакх лелорца а, цуьнга къинхетаме хьажарца а, довха дешнаш аларца а цуьнан дог-ойла иракарахIотто хууш йолчу Санетан дикалло лазар мелла а дайдеш санна хета.
З.ЛОРСАНОВА
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо