Мотт бовзийтаран Iалашонца
БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьенан вахархочо Габараев Ахсара «Ирон чиныг» аьлла йолу мобильни приложени йина. Цуьнан коьрта Iалашо ю хIирийн мотт шуьйра бовзийтар, баржор. Оцу проектах пайдаэца луучеран таро ю 64 дийцарх лаьтташ йолу наьртийн эпос йовза. Уьш дIаяздеш дакъалецира хIирийн бевзаш болчу артисташа. Иза кхоьллинчара иштта билгалдо хIирийн маттахь аудиоспектаклашна а, аудиокнигашна а тIехь болх бар. Габараев Ахсара дийцарехь, приложенех пайдаоьцуш болчеран таро ю хIирийн классикийн произведенеш а, керла дIаязйинарш а, ткъа иштта туьйранаш а, халкъан аларш а довза. Аудиойозанца цхьаьна экрана тIехь тексташ гойтур ю.
Поэт дагалоцуш…
ПЯТИГОРСК. Поэт Рубцов Николай дагалацаран литературно-музыкин суьйре хилира кхузарчу Алябьевн цIа чохь. «Дог цIена дисийта…» аьлла яра иза. Шен 35 шеран дахарехь язйина хилла иттаннаш произведенеш кхоьллина цо оьрсийн литературина. Оьрсийн ламасталлин поэзи дIакхехьархо ларалуш ву Рубцов. Поэтан кхолларалла Iаморна ткъе итт шо сов хан дIаелла яздархочо, коллекционера Лагерев Сергейс. Цо кхоьллина Рубцов Николайн цIарах йолу фонд, цуьнан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна документийн башха коллекци гулйина. Суьйренехь гулбеллачарна шайн корматалла гайтира опереттин крайн театран артисташа а, Сафоновн цIарахчу Минераловодски музыкальни училищан студенташа а. «Со лийр ву вахчвен шело хIоьттинчу хенахь» цIе йолу романс лакхарца чекхъелира суьйре.
ЖамIаш дийцаре дира
ЧЕРКЕССК. ДIадаханчу шарахь садаIаран меттигашкахь шайн могашалла тойира регионерчу 22 эзар сов беро, аьлча а, цул хьалха дIадаханчу шарахьчул шозза гергга алсам. Иштта терахьаш далийра республикин Правительствон вице-премьера Суюнов Джанибека берийн садаIар вовшахтохарехула йолчу регионан вовшахтохараллин комитетан кхеташонехь. Цигахь иштта билгалдаьккхира дIадахана шо Кхарачойн- Чергазийчохь ненан а, беран а шо аьлла дIакхайкхийна хилла хилар. ВорхIазза алсамделира (580 бер) «Нана а, бер а» аьлла йолу путевкаш ялар. Дукхах долу бераш республикехь йолчу могашалла тояран 113 учрежденехь садоIуш дара. Цул сов, Кавминводийн, ГIебартойн-Балкхаройн, Краснодаран крайн (хIордайист) могашалла тояран учрежденешкахь садаIийта 3 097 путевка ийцира. Черкесск гIалин мэрис Абхазехь садаIийта дахийтира 285 бер. Профсозийн чоьтах хIордайистехь садаьIира 259 беро. ДIадаханчу шарахь дIабаьхьначу берийн садаIар вовшахтохаран белхан зеделлачух кху шарахь шуьйра пайдаэца билгалдира кхеташонехь.
Хаамаш кечбинарг – Л.АБУБАКАРОВ
№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо