Шамсудинов Бувайсар

«Даймохк» газетан коьрта редактор ву Шамсудинов Бувайсар – яздархо, поэт, журналист, публицист, юкъараллин деятель, республикехь хилла ца Iаш, цуьнан дозанел арахьа а дика вевзаш а, сий-ларам болуш а волу стаг. Оцу дарже кхачале дикка халонаш лан а, дукха хьолахь, шера боцу некъ бан а дезна цуьнан. Бувайсара ша цхьаъ бен боцу нийса харжам бира дIадаханчу бIешеран дезткъе уьтталгIачу шерашкахь республикехь хилла кегаречу хьелашкахь, гира нохчийн халкъан мостагIашца хиллачу тIемийн баланаш, дохораш, халонаш. Цунна ма-дарра девзина дахар, IаIийна доккха зеделларг, хаьа кхолладеллачу муьлххачу а хьолехь нийса харжам бан, дика а, вуон а нийса къасто.

IMG-20170210-WA0036

Б.Шамсудинов вина 1972-чу шеран асаран (июнь) беттан 6-чу дийнахь Шелахь. 1989-чу шарахь циггахь чекхъяьккхина юккъера школа. Дика дешна, 1994-чу шарахь цунна делира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяккхаран хьокъехь диплом.

Университетехь доьшуш волуш Бувайсара боккха тидам тIебахийтарца Iамийра нохчийн мотт, литература. Иза кест-кеста цхьаьнакхетара нохчийн яздархошца а, поэташца а, ненан меттан говзанчашца а, цаьрца гергарло а леладора. Цундела ларамаза дацара университетехь шолгIачу курсехь доьшуш волуш, Бувайсар нохчийн маттахь арадолуш долчу «Даймохк», газете балха вахар. Юьхьанца редакцехь цо корректоран болх бира. Шена дезаделла гIуллакх кIорггера девзаш, журналистан корматалла кхачам боллуш, юьззина караерзорна корректоран болх дика тIегIа ду. Амма оцу даржехь болх беш дукха ца Iийра Бувайсар. Балхахь цуьнан кхиар а, корматаллин таронаш а хьесапе а эцна, иза юьхьанца корреспондент, ткъа дукха хан ялале отделан куьйгалхо хIоттийра. Кхузахь Бувайсара гайтира муьлххачу а темина – хуьлда иза публицистикин статья, очерк, репортаж – яздан а, ша кечдеш долчун кхачам боллуш хьесап дан а ша говза а, хьуьнаре а хилар. Дуккха а шерашкахь редакцехь болх бина, доккха зеделларг долчу, тоьллачу журналистийн могIаршка хIоьттира Бувайсар дукха хан ялале.

Цул тIаьхьа бечу белхашкахь сихха кхуьуш, дIавахара иза. 1992-чу шарахь республикин литературин-исбаьхьаллин «Васт» газетан коьртачу редакторан заместитель а, ткъа дукха хан ялале оццу газетан куьйгалхо а хIоттаво. 1998-чу шарахь Бувайсар «Грозненский рабочий» издательствон генеральни директоран даржехь чIагIвира, ткъа цул тIаьхьа цхьа шо даьлча республикин Полиграфин, книгаш йохкаран урхаллин хьаькам хIоттийра.

Амма XX-гIа бIешо чекхдолуш республикехь болийначу тIамо йохийра Нохчийчуьра гIаланаш а, ярташ а, ткъа цаьрца цхьаьна Бувайсар коьртехь хилла берриге бахам а. Цо доладеш хиллачу урхаллин гIишлошна тIе бомбанаш а, ракеташ а етта йолаяллалц уьш ларйира цо. Амма тIамах уьш кIелхьаръяха ницкъ ца кхечира цуьнан. Иза чIогIа дог Iийжаш, хала лайра Бувайсара.

ТIенислуш дерг дерриге а дагош, отуш, хIаллакдеш хилла тIом Соьлжа-ГIалара араболлушехь, республикин Администрацин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин тIедилларца зорба а, телевидени а меттахIотто уггаре а хьалха арабевллачарна юкъахь вара Б.Шамсудинов. Республикин куьйгалло цунна тIедиллира тайп-тайпанчу даржийн декхарш кхочуш а деш, «Орга», «Вайнах» журналаш, «Даймохк» газет арахецадолор. ХIетахь хала гIуллакх дара иза. ТIом дIаберзаза а болуш, цунах бевдда, Россин регионашка дIасабахана нах цIаберзаза бара. И бахьана долуш чIогIа кIезиг бара газет, журнал даран гIуллакх девзаш болу, иза дан баьхьаш болу белхахой. Уьш верриге а масех стаг бен вацара. Уггаре а хьалха балха арабевллачарах бара: Шамсудинов Бувайсар, Аболханов Хьаьким, Цуруев Шерип, Газиева Аза, Дадаев Сайд-Хьасан, Алиев Iальви, Сулумова Дети, Магомаев Леча, Кузаев Махьмуд, цхьамогIа кхиберш а. Буьззина бохийнера полиграфин бух. Газет, журнал Теркайистехь а, луларчу республикийн издательствошкахь а зорбатухуш дара. Иза хала хилла а ца Iаш, кхераме а дара. Некъашкахь эскарийн посташкахула чекхдовлуш а, газеташ, журналаш дIасахьош а яккхий новкъарлонаш хуьлура. Амма оцу ерриге а халонех сийлаллица чекхвелира Бувайсар.

muzej

ТIаьхьуо «Даймохк» газетан коьрта редактор хIоттийра иза. Газеташ, журналаш, уьш вовшахтохаран, арадовларан болх дIанисбелла баьлча, 2003-чу шарахь «Даймохк» газетан коьртачу редакторан дарж шен лаамца охьадиллира Бувайсара, шен кхин а, бан безаш дуккха а белхаш хиларна, «Даймохкера» дIа ца волуш, газетан редакторан, хьалхара заместитель вуьсуш хилар тIе а лоцуш. Амма цул тIаьхьа, 2012-чу шарахь, дикка хан яьлча шегахь уггаре а халачу хенахь хиллачу газетан коьртачу редакторан дарже юхавеара иза. Бувайсарна дика евзара белхан коллектив. Цунна хаьара мила стенна хьуьнаре ву. Иза тидаме а эцна, уггаре а хьалха отделашкахь хийцамаш бира. ХIора белхахочунна паргIато елира шайна езаш а, дика евзаш а йолу тема харжа. Дукха хан ялале хааяла йолаелира оцу белхан тIаьхье. Газетан агIонаш тIехь алссам гайта доладелира Нохчийчоьнан экономика, культура, дешар, медицина, кхидолу дакъош кхиорехь республикин куьйгалло деш долу гIуллакхаш, республикин юкъараллин-политикин а, социально-экономикин а хьал. Газетан хIора номерехь зорбатуху бусалба динан сийлаллех а, дозаллех а лаьцна дуьйцуш йолу материалаш. Язйо кегийрхой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорах лаьцна дуьйцуш йолу статьяш. Боккха тидам тIебохуьйту нохчийн къоман гIиллакхаш а, синмехаллаш а Iалашъярна а, кхиорна а. Хаалуш ду зорбатухучу материалийн чулацам а, газет кечдар а тодалар.

Хьалхалаьтта декхарш кхочушдарехь газетан журналисташа пайдаоьцу белхан тайп-тайпанчу кепех. Масала, газето республикин кIошташкахь дIахьош йолчу пресс-эстафетийн рейдаша гайтина цигахь долу юкъараллин-политикин хьал, яртийн адамаш довзаран, гайтаран нийса кеп хилар. Пресс-эстафетийн материалашкахь дуьйцу яртийн экономика кхиорах а, къинхьегамхойн дахарх а, церан хьаштех а, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалшна юкъарчу гергарлонах а, доттагIаллех а лаьцна. И материалаш доккха маьIна долуш ю кегийрхой ийманехь, гIиллакх долуш, кхечу къаьмнийн векалшца долчу доттагIаллех дозалла деш, патриотизман ойланехь кхетош-кхиорехь.

Гезетан агIонаш тIехь юкъаюьйлу керл-керла рубрикаш а, темаш а. Газетдешархошца йолу зIенаш чIагIъяран Iалашонца хаддаза дIахьо цаьрца цхьаьнакхетарш. Цигахь бахархоша дуьйцу шайна стенах лаьцна деша лаьа газетехь, юьйцу шайна мехала хеташ йолу темаш, шайн дахарехь новкъарло еш долчу кхачамбацарех лаьцна. Газето шен ницкъ кхочучу кепара кхочушдо церан дехарш. Газетдешархошца вовшахтохараллин болх дIабахьаран мехала кеп ю кест-кеста вовшахтухуш йолу газетан ярмаркаш. Цигахь редакцин белхахой цхьаьнакхета газетдешархошца, царна дуьйцу редакцин тIейогIучу ханна йолчу белхан планех лаьцна, ладугIу церан лаамашка. Цигахь гулбеллачеран таро ю тIаьхьарчу муьрехь арадевллачу газеташка бIаьрг тоха а, шайна оьшу материал тIехь йолу газет деха а. Ткъа журналисташа боккхачу лаамца кхочушдо церан дехарш.

Б.Шамсудиновн балхахь уггаре а мехала кхиам лара мегар ду цо редакцехь вовшахтоьхна газетан музей. Хаза кечйина ю цуьнан чоьнаш. Редакцин сени чохь, гуччу меттехь дIатоьхна ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан даккхий суьрташ, бусалба динах, нохчийн халкъах, республиках, ненан маттах, литературах, зорбанах, вайн гIиллакхех, ламастех, иштта дIа кхечунах а лаьцна цара аьлла хьекъале, башха дешнаш тIеяздина экъанаш. Кхузахь иштта еша таро ю Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долчу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указийн а, Нохчийн меттан дийнан хьокъехь долчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Р.Кадыровн Указан а, пачхьалкхан мехалчу дуккха а кхечу документийн а копеш. Музейхь ду шира газеташ а, журналисташа хьалха шайца болх бина шира гIирсаш а, республикин журналистикин ветеранийн суьрташ а, газет дилличахьана, цигахь болх биначеран цIерш а. Шаьш къастийна дIатоьхна хьалха хиллачу редакторийн суьрташ а, царах лаьцна боцца хаамаш а. Музей баьхкинчу республикин куьйгалхоша а, могIарерчу хьовсархоша а билгалдоккху музейхь чулацаме материа- лаш гулйина а, хаза кечйина а хилар.

Ала деза музейн экспонаташа редакцин чоьнаш хазачу куьце ялийна а, изданин сий-ларам лакхабаьккхина а хилар. Цуьнца цхьаьна ца аьлча нийса хир дац хIинццалц оцу кепара музей республикерчу цхьана а редакцехь хилла цахилар. Иза цIенна Б.Шамсудиновс вовшахтохарца дина гIуллакх ду.

Лаккхарчу корматаллин журналист, публицист, республикехь дика вевзаш волу кхоллараллин коллективан куьйгалхо хиларал сов, Нохчийчохь Бувайсар дика вевзаш ву похIме яздархо, поэт санна. Цуьнан литературин кхолларалле болу некъ дIаболабелира иза школехь доьшуш волчу хенахь. Цуьнан хьалхара стихотворенеш зорбатоьхна, араевлла Шелан кIоштан а, республикин а газеташкахь а, «Орга» журналехь а. Амма дахаро, XX-гIа бIешо чекхдолуш Нохчийчохь хиллачу тIамех хиллачу баланаша шайн лар йитира цуьнан кхоллараллехь. Цо шен кхетамехь, дагахь шен кепара мах хадош, тIеийцира уьш. Бувайсаран тIаьхьарчу хенан произведенеш меттигерчу зорбанехь араевлла ца Iаш, ешархошна йовзийтира Москварчу «Российский колокол» журнало а, Дона-тIерачу-Ростоверчу исбаьхьаллин-литературин журналаша а, иштта ХIинжа-ГIалахь а, луларчу кхечу республикашкахь а. Бувайсаран кхоллараллин уггаре а боккха кхиам бу 2006-чу шарахь араяьлла йолу цуьнан «Сан метта ерзалахь цIа!» цIе йолу книга. Цу тIехь зорбатоьхначу стихотворенеша гойту Бувайсар дахар, шена гуонах долу хьал, адамаш дика девзаш а, корматаллин доккха зеделларг IаIийна а волу, кхиъна ваьлла поэт хилар.

Республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор хиларца цхьаьна Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председателан хьалхара заместитель а волуш, Бувайсара вовшахтохараллин боккха болх дIахьо республикин яздархошна юкъахь. Жигара дакъалоцу республикин юкъараллин дахарехь. Нохчийн Республикин юкъараллин палатин декъашхо ву иза. Республикехь алссам адамаш гулделла, дIахьош долу дуккха а цхьаьнакхетарш Бувайсара вовшахтоьхна а, цо жигара дакъалоцуш а хуьлуш ду. Шамсудинов Бувайсар оьзда а, гIиллакхехь стаг ву, аьлча а, халкъалахь олуш ма-хиллара, вуьззина нохчийн къонах ву. Цкъа а хезар дац иза аз айдина вистхуьлуш. Массаьрца а кIеда-мерза, ша везийта хууш ву. Цундела иза болх беш волчу коллективашкахь хилла ца Iаш, республикехь а лоруш а, сий деш а ву.

Ала деза цунах терра оьзда цуьнан хIусамнана а хилар. Хаза доьзал бу Бувайсаран а, Седин а. Воккхах волу кIант Хьамзат хIокху шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин отделени чекх а яьккхина, «Вести республики» газетехь болх беш ву. Иштта, доьзалехь кхуьуш ду кхин а цхьа йоI а, ши кIант а.

Республикин куьйгаллина ца гуш ца бисина Бувайсаран хьанал къинхьегам: цо «Даймохк» газет республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашна юкъахь хьалхадаккхар. Дуккха а шерашкахь дика болх барна а, республикин юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а цунна «Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а елла, «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлахь цIе а тиллина, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, республикин Парламентан а Сийлаллин грамоташ а, кхидолу совгIаташ а дина.

Шен кхоллараллин похIмица, вовшахтохараллин корматаллица Шамсудинов Бувайсара йоккха хазна юкъайиллина республикин журналистика, литература кхиорна.

С.МАГОМАЕВ

№12, шинара, чиллин (февраль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: