ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Нохчийчу веанчу Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Кузнецов Лева Нохчийн Республикин ягорган-энергетикин комплекс кхиоран гIуллакхашна лерина кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса, Россин Федерацин энергетикин министран заместитела Кравченко Вячеслава, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, ресурсашца кхачояран компанийн куьйгалхоша, кхечара.
Л.Кузнецовс билгалдаьккхира, тарифаш кхоллар кхачаме хилийтар а, энергетикин, газан комплексан хьал тодар а, ягорган-энергетикин комплексан урхалладаран кеп кхиор а уггаре а коьртачу гIуллакхашна юкъахь хилар. Цо дийцарехь, Iедалан а, ресурсашца кхачояран компанийн а къаьсттина тидам оьшуш гIуллакхаш ду уьш.
«ХIара дерриге а дийцаре диначул тIаьхьа, ягорган-энергетикин комплекс дика хилийтархьама кхочушдан оьшуш долу гIуллакхаш муха чIагIдан а, кхио а деза бохучун ойла ян еза вай. Цуьнца цхьаьна, хIокху декъехь законца догIуш а доцуш болх бан гIертачарна дуьхьал къийсам латто а беза вай. Вайна чIогIа маьIне ду хIара комплекс кхиоран механизм кхачаме а, атта а хилийтар, амма вукху агIор, бакъонашца догIуш болх беш боцучарна билгалдаьккхина жоьпалла а хила деза», – элира министра.
Иштта цо билгалдаьккхира, Къилбаседа Кавказан ягорган-энергетикин ком- плекс кхиоран проблемаш а, таронаш а Россин Федерацин Правительствон Председателан Медведев Дмитрийн лерринчу тергонехь хилар.
«ДIадаханчу шеран чаккхенехь Къилбаседа Кавказан федеральни округан социально-экономикин кхиоран гIуллакхашна лерина дIаяьхьначу правительствон комиссин кхеташонехь сацам бинера оццу комиссица цхьаьна Къилбаседа Кавказан ягорган-энергетикин комплекс кхиорна лерина ведомствошна юкъара белхан тоба кхолла. Коьрта Iалашо – округан ягорган-энергетикин комплексан белхан жигаралла лакхаяккхаран декъехь лакхахь билгалъяьккхинчу комиссис дагалаьцна долу гIуллакхаш кхочушдар, къаьсттина, пайдаоьцучу электроэнергех а, газах а ахча даларан тIегIа лакхадаккхар», – элира Л.Кузнецовс.
Кадыров Рамзана шен къамелехь тидам тIебахийтира республикин ягорган-энергетикин комплексан коьрта проблема газан а, электросерлонан а сеташ вуно тишъяларехь хилар. Цундела, бахархошна газаца, электросерлонца кхачояр сих-сиха юкъарадийлар а, газ эрна дIаэхар а нисло.
«Газах а, электросерлонах а бахархоша луш долу ахча гулдеш леррина штаб ю тхан кхоьллина, иза дар тIедожийна а доццушехь. Тхан бахархоша шен-шен хенахь дIало хIусамийн-коммунальни бахаман хьаштех пайдаэцарна дала догIуш долу ахча. Амма, тхан сеташ чIогIа тишъелла хилар бахьанехь, нахана кхачам боллуш кхачояр ца нисло. Цул сов, и бахьанехь газ а, электросерло а эрна яр а дукха хуьлу. Ресурсашца кхачояран компанешца хийлла дийцина оха и гIуллакх, амма цкъачунна, цхьа а хийцам хилла бац», – элира Р.Кадыровс.
Кхеташо ерзош, Россин энергетикин министерствоца а, «Газпром», «Россети» организацешца а цхьаьна ягорган-энергетикин комплексехь йолу проблемаш дIаяхарна оьшуш йолчу инвестицийн хьокъехь барт бан а, и комплекс кхиоран (еххачу ханна лерина) планаш хIитто а сацам бира гулбеллачара.
А.ХАСБУЛАТОВА
№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо