«Шеран илли – 2016» фестивалан толамхой билгалбехира

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн залехь гулбеллера нохчийн эстрадин берриге а векалш. Цигахь дIадаьхьира «Шеран илли – 2016» фестивалан толамхой билгалбахар. Даздарехь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

20133802

Фестивалан финале бевлла болу тоьлла эшаршлакхархой, иллиалархой «Грозный» радион ладогIархоша SMS-харжамехь къастийна бара.

РадиоладогIархойн лаамца нийса а догIуш, фестивалан уьтталгIачу меттехь ши композици нисъелира: Газиева Хедас а, Магомаева Самирас а, Кавраева Маликас а локхуш йолу «Нана» а, «Любимый» а. УьссалгIачу меттехь республикин халкъан артисткас Хайдарова Зараа локхуш йолу «Беттан са» йиш яра. БархIалгIа меттиг радиоладогIархоша Садулаева Ларисин «Вайшиннан дахарна» дIаелира. Ши ваша Байкаев Мурад а, Зураб а ворхIалгIачу меттехь вара. Цушимма дуккха а шерашкахь Усманов Iимрана олуш хилла долу «Зама» цIе йолу илли элира. ЯлхIалгIачу меттехь «Сийна бIаьргаш» цIе йолчу эшарца Алиева Рашана яра.

ПхоьалгIа меттиг республикин халкъан артиста Исмаилов Ризавдис олучу «Честь» иллина елира радиоладогIархоша. Цуьнан вашас Исмаилов Шарпудис (иза а ву республикин халкъан артист) олучу «Клуб Ахмат» иллина йоьалгIа меттиг кхечира. КхоалгIа меттиг республикин хьакъйолчу артисткин Еснакаева ПетIаматан «Деган озана» елира. ШолгIачу меттехь а нисъелира ши йиш: республикин халкъан артисткас Абубакарова Асета локхуш йолу «Безаман цIе» а, Хаджимурадова Радимас локхуш йолу «КIорни» а. Хьалхара меттиг елира радиоладогIархоша Нохчийн Республикин халкъан артисткина – Муртазова Элинина. Цо лекхира тIаьхьарчу масех баттахь чIогIа гIараяьлла йолу «Хьоме везар» йиш.

Дагадоуьйту фестивалехь хьалхара меттиг яьккхина йолу композици «Грозный» радион ладогIархошна езаелла ца Iаш, кхидолчу къаьмнийн векалшна а (къаьсттина Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн векалшна – авт.) чIогIа хазахеташ хилар. Цара социальни сеташкахь а, тайп-тайпанчу халкъийн музыкина леринчу сайташкахь а билгалдаккхарехь, нохчийн эстрадин керла агIо кхолла а, хазна гайта а ницкъкхаьчна Муртазова Элинин «Хьоме везар» композицица.

Фестивалан дакъалацархошна дипломаш а, дато статуэткаш а елира. Иштта, совгIаташ доцуш, тоьллачу композицийн авторш а ца битира фестиваль вовшахтоьхначара.

Дагадоуьйту фестивалехь шайн похIма гойтуш, нохчийн эстрадин гIарабевлла болу векалш: Эбиев Илес, Дадашева Тамара, Хайдаров Майрбек, Джамалдинов Ислам, Ташаева Марем, Усманов Iимран, Межиева Макка, иштта кхиберш а хилла хилар.

И.ИСЛАМОВ

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: