Москвара – дашочу мидалшца

Дукха хан йоццуш Москвахь дIаяьхьира И.Поддубныйн Гран-При серера греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара спортсменаш. Царна юкъахь Нохчийчоьнан векалш а бара. Толамаш баьхначу спортсменашна Европин чемпионатехь дакъалаца бакъо луш яра.

33

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Финалехь толам баккхарца дашон мидал яьккхира Манцигов Абуязида (71 кг.). Уггаре а хаза толам бара Лабазанов Чингиза (75 кг.) баьккхинарг. Шех леташ волу Европин чемпион Чехиркин Александр, жамI 11:4 долуш, эшийра Чингиза.

ШолгIа меттиг яьккхира Акаев Iадлана (80 кг.).

Нохчийн Республикин командин коьртачу тренера Акаев Мовлдис дийцарехь, ишттачу турнирехь вайн спортсменаша шиъ – дашон, цхьаъ детин мидал яккхар боккха кхиам бу.

З.ШИШХАНОВА

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: