Нохчийчоьнан жовхIар – Хьачара

IMG_8996 копия копия

Дала исбаьхьчу Iаламца, цIеначу хIавааца, шийлачу шовданашца комаьрша совгIат дина, адамийн дегнаш йийсаре дан кхоьллича санна лаьтта Итум-Кхаьллан районан хьовха, ерриге а Нохчийчоьнан жовхIар долу Хьачара (Ведучи). Итум-Кхаьллара 16 километр некъ бу цига. Гена мел волу некъ айъалуш хилар бахьанехь, хIинц-хIинца хьуо стигал кхочур волуш санна дог-ойла кхоллало. Дехьа-сехьа дIасахьаьжча лаьмнаш, хьаннаш бен гуш хIума доцучу буткъачу некъан йисттехь девллачу аренан зезагийн бес-бесалло цецваккхаза ца вуьсу. Лекхачу лаьмнаша, суьрта тIехь басаршца ехкича санна, царна тIехула «кхозучу» яккхийчу марханаша шайн хазаллица дог иркарахIиттош, Дала оццул исбаьхьа Iалам кхолларх цецвийлар а, хастамбар а дагчохь ца сецалуш, «субхьаналлахI» бахар матте дуьйлу. Деккъа Iалам бен, кхин цхьа а гIишло, адам ца гарна, некъ чаккхе йоцучух тарло дуьххьара Хьачара доьлхучу тхуна…

Эххар а, цхьана басахь лаьттачу машенах бIаьрг кхийтира тхан. Машенара охьадиссина: «Де дика дойла хьа, ваша! Хьачара нийса доьлхий-те тхо?!» аьлча: «Дукха нийса доьлху, схьадуьйла шу. Марша а догIийла!», – олий, жоп хеза тхуна. Иза хиллера тхо догIий хиъна, тхуна дуьхьал веана Хьачаран юьртда Магомадов Ахьмад. КхидIа некъ гойтуш, юьрта юккъе хьаладигира тхо Ахьмада. Iаламан исбаьхьалла-м ша ду, бакъдерг аьлча, бахархойн Iер-дахаран хьелаш сингаттаме ду. 420 вахархо волчу юьртахь бер охьакхетча, лазийча я воккхачунна вуон хилча юьхьанцара гIо-накъосталла дан меттиг яц, цу гIуллакхна Итум-Кхаьлла охьаваха везаш хуьлу. Иштта, Культурин цIа а доцуш ду. 100 дешархочунна лерина школа ю юьртахь, цигахь доьшуш 65 бер ду. Кегийрхошна мукъа хан д1аяхьа спортзал яц. Ледара ду хьехархошца долу хьал а. Говзанчаш цахилар бахьанехь, берийн хаарш алсамдахарехь хуьлуш д1огара кхиамаш бац. Лаккхара дешар дешна цхьа а хьехархо вац школехь. Шеко йоцуш и бахьанехь ду Хьачарарчу юккъерчу школин дешархойн ЕГЭ дIаяларехь уггаре а лахара гайтамаш хилар а. Бакъду, гоьваьллачу меттигерчу вахархочо Байсаров Руслана школехь болх бан дика говзанчаш багIахь, ша лаккхара алапа хуьлуьйтур ду аьлла дош делла, кху шарахь жигардаьккхина хьехархой лахаран г1уллакх. Цул сов, лаккхара дешар деша луучу юьртарчу кегийрхошна а оьшшу г1о-накъосталла дийр ду ша аьлла Руслана. Цуьнца йоьзна йоккха дегайовхо ю юьртарчу бахархойн.

Хьачара маца йиллина ю билггал хууш дац. Бакъду, лаьмнашкахь бархI бIе шо хьалха йина шира бIов ю лаьтташ. Вайнехан къам махках даккхале хьалха 20 эзар вахархо волуш, йоккха юрт хилла Хьачара. Цхьаъ санна шиъ юьртан администраци а хилла хIетахь. Яртийн кепарчу кегийчу дакъошка декъаделла хилла Хьачаран латта. Цу юкъайогIуш яра: Гочхьовха, Шоккала, Ведача, Човхашкара, Мотечу, Мотбара, Калхьада, Шоьртчу, Iашкода, Басха, Селайти, Калхьадахьовха, Хьерекха, Хьуьркуьхе, Мозалтане, Гамаха, Сихампара, Поьлхашки, Чуьрашхьовха, Ати-бIовтIе. Оцу меттигех йисина цхьайолу шира бIаьвнаш тахана а ю Хьачаран лаьмнашкахь. Царах цхьаъ ю 20 метр лекха йолу, тIулгийн берда йисттехь лаьтта (Хьачаран) бIов. Юьртахоша дийцарехь, иза XIV-чу бIешарахь йина ю. Иштта, XIX–XX-чуй бIешерашкахь доьттина шира маьждиг ду Ати-БIовте олучу меттехь. Мелла а тIаьхьа йина гIала ю юьрта юккъехь лаьтташ.

Юьртахь белхан меттигаш цахиларна, даьхни а, стоьмаш, хасстоьмаш, накхарш а лелор даьржина бахархошна юкъахь. Ткъа латта хьена хилар бахьанехь, цу балха тIехь дика кадолу нехан. Меттигерчу бошмех бIаьрг кхетча, цхьа а шеко ца юьсу Хьачарахь уггаре а хаза, баккхий хасстоьмаш кхуьуш хиларх. Картол, хох, сарамсекх, помидор, копаста – дIайийнарг дика хьалайолу кхузахь. Шайна оьшучул совъяьлларг шоьтан дийнахь Итум-Кхаьллахь хуьлучу базарахь дIаюхку бахархоша.

Герггарчу хенахь Хьачарахь лаьмнийн-лыжийн курорт схьаелла Iалашо хиларе терра, таханлерчу дийнахь дIахьош бу Соьлжа-ГIала – Хьачара некъ билларан белхаш. Курорт схьайиллича меттигерчу а, республикерчу а нахана  ворхI эзар белхан меттиг хир йолуш ю цигахь. Цул сов, дIадаханчу 2013-чу шарахь «туристско-рекреационни» кепарчу къаьсттинчу экономически зони юкъаяхийтина Хьачара. Цу проектан гурашкахь дагалаьцна ду спортан а, культурин-самукъадаккхаран а, садаIаран а, махлелоран а объекташ яр а, хьешац1енойн а, лаьмнийн-лыжийн а, транспортан а инфраструктураш кхоллар а. Иштта, 15 километр деха муьшан некъаш а, хахкадаларан кхин  масех зона а: «экстрим-парк», самукъадаккхаран зона, берашна лерина «лыжийн городок», кхин а дуккха а гIуллакхаш ду цу юкъадогIуш. ТIейогIучу хенахь дахаран хьелаш тодалург хиларх юьртахошкахь дегайовхо кхуллуш ю билгалъяьккхина проект.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: