ТIаьхьарчу хенахь вайн юкъараллехь даьржина долу сагIадехар уггаре а лазамечу гIуллакхех цхьаъ хилла дIахIоьттина. Жимачохь дуьйна «сагIадоьхургаш» цIе йолуш цхьа халкъ ду моьттуш, урамашкахь, базарашкахь, нах дIасалелачу кхийолчу меттигашкахь царий бен сагIа ца доьху моьттуш кхиънера со. Йоккха мел хуьлу, «сагIадоьхургаш» тайп-тайпана хуьлий хиира – тайп-тайпанчу къаьмнех схьабевлла. Бакъду, нохчашна юкъахь уьш хуьлий-м ца хиънера суна тIаьххьалц.
Iаьнан хьалхарчу беттан цхьана дийнахь, делкъа ламазан хан а хилла, Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» базаран кертахь долчу маьждиге яхар нисделлера сан. Хьалхарчу гIат тIехь божаршна а, шолгIачу гIат тIехь зударшна а ламаз дан меттиг ю цигахь. Маьждига чу йоьдучу хенахь, ламазана сихъеллачу сан башха тидам ца хилира шолгIачу гIат тIе хьалаволучохь гулбелла лаьттачу зударийн. Уьш ламаз а дина арабовлуш хир бу аьлла, ойла кхоллаеллера, царна сихха тIехйолучу хенахь. Ламаз дина а яьлла, со арайолуш, шаьш ма-латтара, лаьтташ бара уьш. ХIинца ас тидам бира цигахь лаьттарг кхо зуда хиларан. Шовзткъе итт шарера кхузткъа шаре кхаччалц хенаш яра церан, хетарехь. Ламаз дина арайолучу цхьамма бехк баьккхича, цунна цхьана зудчо дуьхьал лучу жоьпах хиира суна уьш муьлш бу.
«Тхо хазахеташ лаьтташ ду-м ца моьтту хьуна! Дала тIе ма доитийла цхьанна а суна тIекхаьчнарг!», – яппарш еш, хезира цхьаъ. Екхначу стигалахь стелахаьштиг тоьхча санна хийтира, чIогIа дагахкхийтира и дешнаш. ТIехьаьжча таза а, куьцехь а йолчу нохчийн кхаа зудчун карахь тIоьрмигаш дара. Маьждиган неIаре а хIиттина, сагIа доьхуш бара уьш… Дукха Iадийна, сихха царна тIех а иккхина, легашка хIоьттинчу шедо тешнабехк а бина, бIаьрхиш охьахьовдале, царна генаелира со. ХIун хIоьттинера-те, тIехьаьжча, сол могаш а, сан ненан хеннара а болчу нохчийн зударшна тIе, «Дала цхьанна а тIе ма доитийла, тхоьга деанарг!» аллал? Маьждигана хьалха а хIиттина, сагIа деххал?
Вай кхоьллина, кхобуш, кхиош ерг АллахI-Дела ма ву. Вайга лалур доцу цхьа а хIума ма ца доуьйту Цо вайна тIе. Бахамца а, къоьллица а, диканца а, халонца а вай зуьйш ма ву Иза, вай мел собаре хуьлу хьожуш. Дуьненахь хийла мехкашкахь мацалла кхелхаш адамаш ду, тIамо хIаллакдеш дукха адамаш ду, бусалба хиларна бойъуш дукха нах бу. Иштта масалш дукха ду. Цаьрца дуьстича, вайгахь вуно дика хьал дуй хуур ду вайна. Дукха хан йоццуш, иштта Iазап лайна вайн къам а ду – инзаре баланаш хьегна вайн дай-наноша. Амма тахана вай санна, сом бахьанехь къоман сий а духкуш-м, ца лайна цара и бала. Ураме, базара, маьждиган керта ваьлла, ша санна долчу адаме сагIа ца деха, шен са дIаделла хир дара хIетахь муьлххачу а нохчичо. Царах масал эца дезара вай.
А.РУКМАНОВА
№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо