БIаьхаллин декхарш кхочушдарна пебеттачаьрга

Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан 505-чу отдело зуламашна профилактика яран гIуллакхаш дIадолийна (царна юкъадогIу бIаьхаллин гIуллакх кхочушдан ца лууш кегийрхой кIелхьарбовла гIертар).

Шайн лаамехь эскаран дакъош а дитина, бIаьхаллин гIуллакх дIадахьаран меттигашкара, бакъо а йоцуш, дIабаханчу берриге а эскаргIуллакххошка шаьш долу меттигаш йовзийтар доьхуш кхайкхам бо отделан куьйгалло.

Иштта, отделан куьйгалло лакхахь хьахийна эскаргIуллакххой болу меттиг хаийтарехь гIо-накъосталла дар доьхуш кхайкхам бо церан гергарчаьрга а, царна цхьаъ хиларна саготта болчу бахархошка а.

Шен граждански декхар кхочушдан лаам болчо хаам бан мегар ду Россин Федерацин Талламан комитетан тIеман талламан органашка, тIеман комиссариате я комендатуре, прокуратурин я чоьхьарчу гIуллакхийн меттигерчу органе. Хаамехь билгалдаккха догIу шен лаамца бIаьхаллин декхар кхочушдарна пебетташ верг мила ву а, иза карарчу хенахь волу меттиг а (нагахь санна хууш елахь).

Дагадоуьйту Россин Федерацин Уголовни кодексан 337-чу статьяца (шен лаамца эскаран дакъа я гIуллакх деш волу меттиг йитар) а, 338-чу статьяца (дезертирство) а нийса а догIуш, ладаме бахьана а долуш, дуьххьара иштта зулам дина волу эскаргIуллакххо уголовни жоьпаллех хьалхавита тарлуш хилар. Оцу бахьанашна (ладаме ларалуш долчу бахьанашна) юкъадогIу: эскаргIуллакххочун вуон тIеIаткъам беш долу тайп-тайпана хIуманаш (цунах летар, цунна ницкъбар, цуьнан сий дайъар) а, эскаргIуллакххочун тIеман декъан Уставаца догIуш доцу декхарш тIедохкуш хилар а.

Оцу декъехь кхолладеллачу муьлххачу а хаттаршна жоьпаш лур ду Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан 505-чу отделан гIазанчаллин (дежурни) белхахоша 8(8712)33- 23-21 номерца а, иштта Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан Урхаллин векалша 8(8632)22-13-59 номерца а. Телефон дийнахь а, буьйсанна а тоха йиш ю.

Карарчу хенахь Къилбан тIеман округера 500 сов эскаргIуллакххо ву лоьхуш. Цаьрга хIоранга а кхайкхам бо: шайн а, шайн доьзалан а, гергарчеран а ойла е. Россин Федерацин дуьззина а, законна муьтIахь а долу гражданаш а хилий, юхадерза юкъаралле, дахаран хала хьал нисдан а, шайн хьакъ доллу хиндерг хилийта а йолчу таронех пайдаэца.

Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан 505-чу отделан адрес: 364024, Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, тIеман Хан-ГIала шахьар.

В.ГУЛИН,

Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан 505-чу отделан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг, юстицин майор

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: