1795-чу шеран кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь Россин коьртачу шахьарахь элин доьзалехь дуьнен чу ваьлла поэт, яздархо, драматург Грибоедов Александр. Йозанашца болх бар дукха хьолахь мукъачу хенахь нислуш хилла цуьнан. 1812-чу шарахь Наполеон Бонапарт ямартлонца Россина тIелеташ 17 шо кхачаза волу Грибоедов университетехь доьшуш вара. Амма патриотизмах дуьзна долчу къоначу даго гусарийн полке валийра иза, тIеман цIергахь болчу Даймахкана орцанна гIаттийна.
Россин толамца тIом дIаберзаро эскарехь хьуьнар гайта болу лаам мелла а шелбо. 1816-чу шарахь Грибоедов отставке воьду. Делахь а, болх боцуш Iен таро цахиларна, Россин арахьарчу гIуллакхийн министерстве балха хIутту иза. Къахьоьгуш шайна хало еш ца хиллехь а, цигахь иштта дIаязбина хилла Пушкин Александр, Кюхельбекер Вильгельм, наггахь гучу а бовлуш. ДоттагIий белахь а, цаьрга хьаьжна воцуш Грибоедов Александр къахьегарна тIера хилла. Цундела 1818-чу шарахь Россис ГIажарийн пачхьалкхаца дипломатин гечо даккхарх пайдаоьцуш, вайн пачхьалкхера дуьххьара малхбале йоьдучу тобанца, дипломатан секретаран даржехь Грибоедов а новкъа велира. Шен чолхечу дахаран гIеметтахIутту мур Кавказехь баьккхина воккхачу яздархочо Грибоедов Александра. Прозехь, поэзехь дукха къахьегна ву иза. Иштта-м Грибоедов композитор, художник хилла. Делахь а къаьсттина нахана вовзар «Горе от ума» цIе йолу пьеса бахьанехь хилла похIмечу драматурган. Цхьацца хабарш хеза наггахь и пьеса «Грозная» гIопехь язъян йолийна бохуш. Уьш, цкъачунна, хетарш хилла дисина. ТIетовжа цхьа а бух бац «Горе от ума» пьеса вайн махкахь йолийна ала. Болх бина хила там бу драматурга цунна тIехь. Иза язъечу муьрехь алсам хан Тифлисехь, «Грозная» гIопехь яьккхина Грибоедовс.
1826-чу шеран чиллин (февраль) беттан 3-чу дийнахь «Грозная» гIопера лаьцна дIавигна драматург, шен цхьадолу йозанаш, Iедалан кара ца дохуьйтуш, инарла Ермолов Алексейга дIадахкийтина цо, лаьцна, буржулш тоьхна Петербурге ша дIавуьгуш. 1826-чу шеран асаран (июнь) бутт кхаччалц чохь валлийна иза, леррина таллам беш. 1825-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 14-чу дийнахь декабристаша биначу гIаттаман декъехь Грибоедов хилла я ца хилла къасто лерина дIахьош хилла и таллам. Дийца даьккхинчуьра аьлча, дукхах болу гIаттамхой Грибоедовн доттагIий, накъостий хилла. Цундела цаьрца зIе йоцуш хIара хуьлийла дацара. Амма, зуламе дерг Грибоедовгара цадалар билгалдаьккхинчу талламхоша ах шарахь гергга набахтехь валлийна арахецийтина яздархо. Юха Кавказе схьавеана иза шен дипломатически болх дIакхехьа. Бакъду, дахар Iаламат доца-м хилла цуьнан. 1829-чу шеран чиллин (февраль) беттан 11-чу дийнахь гIажарша воь Грибоедов Александр. 35 шо хан хилла цуьнан. Драматурган чолхечу дахарх а, шен хIусамнене Чавчавадзе Нинига цуьнан хиллачу безамах а лаьцна яздо оьрсийн яздархочо Тынянов Юрийс «Смерть Вазира-Мухтара» цIе йолчу книги тIехь. Дахар доца хиллехь а, дина диканаш алссам ду Грибоедовн. ЦIархазмана доцуш, цунна баккъал а дукхаезаш хилла Кавказ а, синна маршо лоьху кавказхой а.
А.ГАЗИЕВА
№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо