ТIемало шен махкахь дIавоьллина

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин военкоматехь дIадаьхьира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархочун Сатуев Iусамин карийна дакъа цуьнан гергарчаьрга дIадалар.

IMG_8584

Дакъа схьадохьуш баьхкинера Москван областан тIеман-патриотически «Западный рубеж» организацин председатель Лобовский Сергей а, «Запад» тобанан командир Кузьмин Валерий а, оборонно-спортан «Ратник» клубан президент Коненко Михаил а, «Запад» тобанан лакхара инструктор Ледов Михаил а.

Цигахь дакъалецира республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, Соьлжа-ГIаларчу суворовски училищен кхиархоша, «Ахмат» а, «Путин» а патриотически клубийн жигархоша, кхелхинчу турпалхочун гергарчу наха.

Цхьаьнакхетар дIадолийра Нохчийн Республикин тIеман комиссара Джайрханов Ахьмада. Цо билгалдаьккхира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман муьрехь Нохч-ГIалгIайчуьра 40 сов эзар стаг фронте вахана хилар.

– Ржевна уллехь хиллачу тIеман тасадаларшкахь кхелхина 2 миллион сов советийн салти. Царна юкъахь ву шен Даймохк а, шен къоман сий а лардеш кхелхина волу Шелара вахархо Сатуев Iусама а. Суна баркалла ала лаьа вайн мехкан хьешашна, цуьнан дакъа кара а дина, иза Нохчийчу схьадарна. Тахана шен цIахь дIавуллур ву иза, – элира цо.

Умаров Джамбулата билгалдаьккхира иза нохчийн халкъана историн маьIна долуш хилам хилар.

– Тахана нохчийн салтийн декъий цIадеана ца Iаш, республике тоьшалла деана, Нохчийчоьнан а, Россин а мостагIаша дийцарх а, нохчийн салтий дезертираш хилла цахиларан хьокъехь, – элира цо.

Сатуев Iусама вина 1917-чу шарахь Шелахь. 1942-чу шеран чиллин (февраль) беттан 9-чу дийнахь Калининградан областерчу Ржевскан кIоштахь шен блиндажа чохь кхалхар хилла цуьнан. МостагIийн артиллерин тохарш бахьанехь кхелхинарш дIабохкар а ца хуьлуш, юхабовла дийзира ЦIечу эскаран салтийн.

Iусамин хIуманашна юххехь мидал а карийна, цундела иза билггал цуьнан юй хууш ду.

М.ЮНУСОВ

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: