Эладита – питанан нана

Эладитанаш дийцар муьлххачу юкъараллехь а хуьлуш ду, даима а хилла а ду. Амма хIинца санна даьржина-м ца хилла иза цхьана а заманахь. Вайн дайша зударийн «болх» лоруш хилла уьш дийцар. Ледара лоруш хилла уьш дуьйцуш верг. «Зударий санна эладитанаш дуьйцуш хIун деш лаьтта шу», – олий бехк боккхуш хилла, деш гIуллакх а доцуш, эрна хабарш дуьйцуш лаьттачу малончашка.

158889-INNERRESIZED600-600-2

Ткъа тIаьхьарчу хенахь и «болх» зударшка нийсса бан гIерташ хьийза цхьаболу божарий. Цаьргара и «герз» схьадаьккхина бовлуш лаьтта цхьаберш. «Бохурий», «эларий» бохург къонахашкахь товш дац, нохчаллица догIуш а дац. Иза иштта делахь а, хIокху дерриге а дуьненахь а санна, Нохчийчохь а тIеттIа даьржаш ду эладитанаш дийцар. Цунна чIогIа бегIийла гIирсаш хилла дIахIиттина телефонаш а, интернет а, электронни а, мобильни зIенийн кхийолу коьчалш а. Царна чухула ца дуьйцуш, ца кхуллуш хIума дан а дац. Дагахь доццург кхуллу, юкъадоккху. Юха, цунах тешо гIерташ IалагIожа текхайо. Шена хезнарг (гинарг ца дуьйцу вай), гина а доццушехь, кхиверг тешо гIерташ, чIагIонаш еш, кхечуьнга дIадийца сихло. Цунах хуьлуш болчу эшаман, цунах дийнна юкъараллин ойланна, хьежамна хуьлуш долчу зен-зуламан хьесап ца до. Хуъушехь дуьйцуш берш а нисло.

– Хьажахьа, хьуна хезний, цхьана хьенеха вай долчу чубогIуш Шемара боевикаш бу ма бохура? Пхи эзар боевик ву бохура цо чувогIуш верг, – доцург, хила йиш йоцург дуьйцуш эладита даржадо цхьамма, шен деган волла, хIокху чохь долу синтеме хьал ца дезаш, цхьаьнца хьагI-гамо лоций. Оцу минотехь цо и эладита кхечуьнга дуьйцу, тIе а детташ.

Пхи эзарнах 10 эзар хуьлу. ДогIа деача лаьмнашкара охьахьовду Iовраш санна, десташ дIадоьду эладитанаш. Наха, дижа ца дуьтуш, кар-кара оьцуш дуьйцу уьш. Цунах бала пайда бацахь а, иза бакъ хила йиш йоцург дуй хуъушехь. Пхи эзар-м стенна хьехадора, пхи стаг а паргIат дехьа-сехьа вала аьтто болуш, лулахойн ринжа-х даций доза. Иза лардеш ма ду. Дозанхой вайн массеран а, и эладитанаш дуьйцучеран а тIехь, синтем а, паргIато а, маршо а ларъеш гIаролехь лаьтташ ма бу дийнахь а, буьйсанна а. Дера бу, вай маьрша дахийта, вайн болх бан, садаIа, дуьненах ирс эца аьтто хилийта гIерташ.

Цунах тера а, кхин а масане ду вайн республикехь дуьйцуш, цхьаъ вукхунал оьшуш а долу, эладитанаш. Хила амал доцчух лаьцна, туьйранчина а дагадогIур доцчух лаьцна хуьлу уьш. Делахь а дуьйцу-кх, ши-кхоъ вовшах мел кхеттачохь, марз а белла: «Хьуна хезний Веданахь хилларг?… ШаIми-Юьртахь хIун хилла хаьий хьуна?» – бохуш.

Мел къилахь ду эладита дийцар, харцлер Далла гергахь а. Бусалба дино доьхкуш ма ду вайна эладитанаш дийцар, стагана тIехь доцург кхоллар, адамийн сакхташ лехар, царах лаьцна дийцар, стагана тIаьхьашха лер. ГIийбат а, бухтан а дар даккхийчу къинойх ду бохуш дийцина-кх шен асхьабашка а, ансарашка а Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Ша санна долчу адаман жижиг даар санна лерина ду боху-кх иза вайн Iеламнаха. Царна дика ма хаьа.

Эладита дийцар, гIийбат, бухтан дар, харцдерг дийцар, доцург цхьанна тIехь кхоллар бусалба стаг ялсаманина гена воккхуш, бусалба стаг дакъаза воккхуш, жоьжахатина герга вуьгуш къинош ду. ТIаккха, цуьнан ойла а йина, дита дезара и сакхте хIуманаш цуьнга марзбеллачара. Ца дитахь тIаьхьа байттамал хир ду-кх царна. Ца дитахь кхане ма декъаза, ма ирча хир ю-кх церан. Iеламнаха дийцарехь, ма хала, инзаре хир ду бохуш дуьйцу-кх жоьжахатин Iазап. Дала вай лардойла цунах.

ПIелган буьхьиг багийча а, тоха са доцуш, гатделла хьаьвзаш долчу адаме лалур юй-те жоьжахатин саьхьара, Iаьржа цIе? Ма лалур яц-кха иза. ЭгIаза хIума ма ю адам. ТIаккха хIунда гIерта, хаа а хууш, оцу цIерга лелха? ХIунда гIерта эладитанаш лехьо, дийца, доцург стагана тIехь кхолла, тIаьхьашха цхьанна лен? Дохкодовла. Дита Дала бусалбанашна хьарам динарг, къилахь дерг, нохчийн оьздачу гIиллакхашца, Нохчаллица догIуш доцурш. Дита.

Стага цхьа дика хIума дича, цхьана стагана диканиг Iамийча, масала, ламаз дан, Къуръан, цу тIера сурат я аят Iамийча, маьждиг я хьуьжар йича, оцу (Iамийначу) стага, зудчо, беро ламаз мел до, Къуръан, сурат, аят мел доьшу, цо динчу маьждигехь, хьуьжарехь Iамал-Iибадат мел до АллахIера ял хир ю-кх и дика болх шегара баьллачунна, вукхарна хуьлучу йолана хуьлуш эшам а боцуш. Ма доккха хIума ду иза. АлхьамдулиллахI! Ма къинхетаме ву-кх Сийлахь АллахI!

Иштта ду вуон болх биначунна къа хиларца дерг а. Нагахь санна стага цхьа эладита кхоьллинехь, иза нахана юкъахь даржийнехь, оцу наха иза мел дуьйцу цунна хуьлуш долу къинош алсамдевр ду. Ойла ейша. Ма боккха бала бу эладита даржочо шена тIелоцуш берг. Хьалхавала некъ а бац цуьнан. ТIаккха ма лардала дезар-кха вай эладита дийцарх, иза юкъадаккхарг, доцург кхолларх, харцдерг дийцарх, гIийбат, бухтан дарх. Ца ларлахь дохкодевр ду. Амма тIаьхьа хир ду. Заманан чкъург цкъа а юхахьаьвзар йолуш яц. Цундела, АллахIера гечдар дезаш велахь, дохковала веза вуон болх лелош мел верг, зулам даржош мел верг.

Вайн къамел цу тIехь дерзон мегар дара. Амма иза дуьззина хир дацара вай оцу эладитанаша юкъараллехь барт, машар хилийтарехь деш долчу зенах-зуламах лаьцна ца аьлча. Питанан нана йолчу эладитанаша юкъараллийн, пачхьалкхийн барт хилийтарна, юкъаметтигаш аьхна хилийтарна боккха эшам бо. Оцу эладитанех питана а долий, галйовлу пачхьалкхийн вовшашца йолу юкъаметтигаш, царна юкъахь дов, тIом болуш меттигаш нисло, халкъаш вовшашца гамлой меттигаш йогIу. Политикехь лелош долу эладитанаш къаьсттина кхераме ду дерриге а дуьненна а.

Вуон мел долчун бух, орам, хьост, юьхь ю-кх эладита. Делахь-хIета, тахана вайн массеран а декхар ду эладитанаш даржорна, гIийбат, бухтан дечарна дуьхьал болх дIабахьар, уьш кхетор, царна нийса некъ хьехар, церан ойла интернетана тIера дIахьовзор. Аттачех декхар дац иза. Амма кхочуш ца дича ца долуш ду. ХIорамма а шена, шена доьзална тIера дIаболо беза юкъараллехь эладитанаш даржорна дуьхьал беш болу болх. Вайх хIорамма а шен бага, ши куьг (телефонаш ца ловзош, интернет ца кегош) сацийчахьана дукхахдерг соцур ду. Эладитанаш вайга схьакхачахь а, вай бага а, ши куьг а сацийна IадIийчахьана дIасоцур ду я вайна гуотесна дIагIур ду, вай ла ца дугIий, вай тергал ца дой хиъчахьана. ТIаккха Иблисан (Делан неIалт хуьлда цунна) букъ а кагбийр бу вай.

С.ПАШАЕВ

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: