«Iожаллин тобанашна» дуьхьало ярехьа гIулчаш

Россин Пачхьалкхан Думин вице-спикера Яровая Иринас Россин Федерацехь «Iожаллин тобанашна» дуьхьало ярна лерина халкъан дружинаш вовшахтохар дIадахьа дезаш хилар хаийтина.

И кхайкхам бина Россерчу берийн а, кхиазхойн а, шаьш шайна зуламдарца, баларна дуьхьал къийсам латточу белхан тобанан кхеташонехь.

– Оцу ловзаршна юкъахь нисделлачу берашца зIене а довлуш, царна цхьана а тайпана кхерам цахилар дIа а хоуьйтуш, белхаш дIабахьа беза вай. Тайп-тайпанчу регионашкарчу кегийрхойх халкъан дружинаш вовшах а тухуш, йоккха цхьа проект кхуллур ю вай оцу «уьнна» дуьхьала, – элира И.Яроваяс оцу темина лерина хиллачу кхеташонехь.

И.Яроваяс коьрта лору хьехархоша берашца оцу декъехь алссам болх дIабахьа безаш хилар. Цунна хетарехь, хьехархоша бераш Iамо деза дахар деза а, шеконан тобанех ца теша а.

Россин пачхьалкхан а, политикин а евзаш йолу гIуллакххо Мизулина Елена а лерина ю Россин Федерацин Генеральни прокуроре Чайка Юрийга интернетан социальни сеташ чуьра «Iожаллин тобанашна» леррина терго а, бакъонца таIзар а дан доьхуш официальни кехат дахьийта. Цуьнан официальни сайта тIехь цу хьокъехь дIахьедар хиларан хаам бо хаамийн «ТАСС» агентствос.

Мизулина Еленас шен сайта тIехь билгал ма-даккхара, ВКонтакте, Instagram сайташ тIехь тIаьхьарлерчу хенахь яьржина хештегаш ю «Iожаллин тобанаш» яржош.

«И сакхт вайна юкъахь долу цхьа шо ду. Журналисташа биначу талламашца, Россехь 130 бер кхелхина и тайпа ловзарш бахьана долуш», – яздина Е.Мизулинас шен официальни сайта тIехь.

«#синийкит; #тихийдом; #разбудименяв4:20; #явигре; #морекитов» – уьш Iаламат кхерамечу ловзарийн лозунгаш ю. Цаьрца хаа таро ю шайн бераш муьлхачу ловзаршна юкъахь ду. Ишттачу тIетовжаршца а, хештегашца а оцу ловзарийн администраторийн сайта тIе довлу бераш. Цул тIаьхьа цара шайн йийсаре лоцу уьш. Церан кхетамна тIехь болх бо цара, уьш кхерабо, шайн могашаллина зенаш дойту. Ловзаран 50 мур бу. ТIаьххьарлера мур – ша-шен вер. «Оцу ловзарех жимма а хьу хьакхалуш йолу интернет тобанаш леррина талла еза. Карарчу хенахь ас кечдеш официальни кехат ду интернетан «Iожаллин тобанашна» прокуроран таллам а бе, цул тIаьхьа, царна доггIу таIзар а де аьлла», – яздина Е.Мизулинас шен дIахьедарехь.

Ловзаран кепашца бераш «Iожаллин тобанашна» юкъа а ийзош, церан кхетамна тIехь болх бо цара. Царна кхерамаш туьйсуш, шаьш деш долу тIедахкарш кхочуш ца дахь, шаьш церан гергарчу нахана зулам дийр ду я да-нана дуьйр ду бохуш, кхерадо цара бераш. «IP адресца» и бер Iаш долу меттиг билгалйолу царна. Церан цIа а, школе а оьху уьш. Церан дахарера дерриге а девза. ТIаккха муха ца кхерало царах бераш?! Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а, Украинехь а дуккха а бераш хIаллакдина цара. Яккхийчу регионашкахь даьржина ца Iа и тайпа ун, Омскан а, Красноярскан а крайшкахь а, Дагестанехь а хааделла и сурт.

Нохчийчохь и тайпа хIуманаш цахилийтархьама вайн юкъаралло кхетош-кхиоран белхаш дIабахьа беза вайн берашца.

Уггаре а коьртаниг: дай-наноша леррина терго латто еза шайн берашна тIехь. Церан телефонаш чуьра ца оьшу тобанаш дIаяха еза. Сема хила беза уьш.

Хь.БАХТАЕВА

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: