Хьуна хаьий нохчийн мотт?

Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» долчу Указана куьг яздина хIокху шарахь 10 шо кхочуш хилар хаьий хьовсаран а, нохчийн мотт бийцарехь вайн хIусамашкахь, юкъараллехь хIун хьал ду хааран а лаамца Соьжа-ГIалин урамашкахь нахе хаттарш дира «Даймохк» газетан корреспонденташа. Хаттаршна нохчийн маттахь жоьпаш дала цахуурш дукха нислора. Оха довзуьйту шуна цхьаболчу респонденташа делла жоьпаш:

нхч мотт

ИбраьхIим, ГIой-Йистера вахархо, таксист (58 шо):

– Со юьртахь вина, кхиъна хиларе терра, суна нохчийн мотт дика хаьа, сан хIусамехь буьйцург ненан мотт бу. Амма, халахеташ делахь а, хьал жим-жима вуочу агIор хийцалуш догIу. Вайн баккхийчу нахана нохчийн мотт санна дика хаьа вайн кегийрхошна оьрсийн мотт. Масийтта шо ду со Соьлжа-ГIалахь таксистан болх беш волу. Дукха хьолахь, Iуьйранна, суьйранна школе я берийн беша наной берашца дIасабигар нисло сан. Наноша шайн берашка оьрсийн мотт буьйцу. Суна чIогIа халахета иза. Иштта, кхин а цхьа хIума ду суна халахеташ: сарралц нохчийн радиога ладугIуш Iа со, цу чохь буьйцург оьрсийн мотт бу я буьйцуш хилча а, нохчийн мотт нийса а ца буьйцу цара. Дера хаа ма деза, Iамо ма деза кхечу къаьмнийн меттанаш, цкъа-делахь, вай Россин Федерацина юкъадогIуш ду, тIаккха, оьрсийн мотт Iамон беза. ШолгIа-делахь, Iаьрбийн мотт хаа беза, бусалбанаш ма ду вай, иштта кхидIа а. Бакъду, шайн ненан мотт бицбеш Iамон ца беза цхьа а мотт.

Эльза, Соьлжа-ГIалин яхархо (56 шо):

– Со Соьлжа-ГIалахь 11-чу классехь доьшуш йолуш юкъадаьккхира нохчийн меттан литература хьехар. Тахана а шалха элпаш дика ца девза суна, цундела язъеш сайна ма-хаззара дIаяздо ас. ХIинца массо а агIор аьттонаш бу школашкахь нохчийн мотт Iамон. Сан берийн берашка леррина олу ас шайн ненан мотт бийцарх ца тоьа, еша, яздан хаа деза шуна олий.

Iийса, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университетан студент (21 шо):

– Соьлжа-ГIалахь Iаш ву со, цундела кIорггера нохчийн мотт бийца ца хаьа суна. Делахь а, нийсархошца алссам ненан маттахь къамел дан хьожу. Юьрта вахача цигахь-м наггахь бен ца хеза оьрсийн дешнаш юкъахь а долуш нохчийн мотт буьйцуш, ткъа вайн Соьлжа-ГIалахь нохчийн дешнаш юкъахь а долуш буьйцург оьрсийн мотт хуьлу. Я нохчийн, я оьрсийн мотт бийцар доцуш, кегош берш а дукха хуьлу вайна юкъахь.

Мохьмад, Нохчийчоьнан МВД-н некъан патрульни службин белхахо (30 шо):

– Сан болх некъаца боьзна бу. Дийнахь масийттазза некъан бакъенаш талхош болу водительш совцо безаш меттигаш хуьлу. Юьртара веанарг а, Соьлжа-ГIалин вахархо а буьйцучу маттаца сиха къастало. Со нохчийн маттахь вистхилча ца кхетарш хуьлу, дукха хьолахь, уьш оьрсийн маттахь кхето безаш хуьлу, тIаккха, хаттар кхоллало-кх сан даг чохь – «Ванах, вай мича кхача гIерташ ду, вайн мотт бицбина?!». Сан дас-нанас нохчийн маттахь кхиийна со. Сан а, иштта вайх хIораннан а декхар ду нохчийн махкахь нохчийн мотт бийцар. Ткъа оьрсийн, Iаьрбийн, ингалсан меттанаш кхечу пачхьалкхашкара, регионашкара баьхкинчу хьешашца бийца хаа деза, цаьрга бийца бита беза.

Хажаева Ташу, С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекин директоран заместитель (56 шо):

– 1960-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалин №11 йолчушколехь тхан классехь доьшуш со а, кхин цхьа йоI а йоцург, дисина бераш оьрсийн дара. ХIетахь Соьлжа-ГIаларчу школашкахь нохчийн меттан урокаш ян а яцара. Тхойшинна вовшашца нохчийн маттахь къамел дан а ца хаьара. Иштта, нохчийн маттахь еша а, язъян а хаар-м дуьйцур а дацара, нохчийн маттахь къамел дан а ца хууш йисира со. Делан къинхетам боккха бу. «СтелаIад» журнал доьшуш Iамийна ас сайна нохчийн мотт. Сайна хазъелла нохчийн яздархойн книга еша аьтто бу сан. Шен берана еша книга яхьа еанчу нанас нохчийн маттахь туьйранаш я берийн дийцарш долу книга хаьттича суна чIогIа хазахета. Шен ненан мотт цахаар, иза хьо хьайн къомах дIакъастар санна хIума ду, цундела уггаре а хьалха иза хаа беза. Нохчийн маттахь книгаш алссам еша еза, тIаккха къамел хаза дан а Iемар ду. Берашна туьйранаш шен ненан маттахь деша деза, церан кхетам, дуьне довзар, ойла яр нохчийн маттахь хилийта.

Итт шо кхочуш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн меттан хьокъехь долу Указ арадаьккхина. Гуш ду-кх вайна: тахана а лазаме хилла лаьтташ ду нохчийн маттаца долу хьал. Чохь дас- нанас, берийн бошмашкахь, школашкахь, ВУЗашкахь, балхахь буьйцург коьртачу декъана оьрсийн мотт бу. Цуьнга хьаьжжина ду нохчийн мотт вайна хааран хьал а.

М.ВЕГИЕВА

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: