Гуьмсехь схьабиллина «Даймехкан косташ» кхерч

СССР пачхьалкх йоьхчахьана дуьйна, къизачу хиламийн тешаш хилла ца Iаш, уьш ловш схьадогIу халкъаш кIезиг дац. Даккхий а, кегий а ду и халкъаш. Россин пачхьалкхехь шен дукхаллица доьалгIа долчу нохчийн халкъо дуккха а тешнабехкаш, ямартлонаш, тIемаш лайна тIаьхьарчу ткъе пхеа шарахь. Даймахкана, адамийн догIмашна йина чевнаш ерзочу муьрехь кIезиг бац халкъан кхетамна, ойланна, иэсана, синкхетамна, синмехаллашна тохар дан, чевнаш ян Iалашо йолуш арабевлларш. Иштта, тешнабехкаца арабевллачара мерцина, багийна вайн Даймохк денбина, когахIоттийна, ирс-аьттонца вай даха дуьйладелча, юха а гучубуьйлу вайн махкахь цIе кхарсто луурш, халкъ дохо, даржо, наной белхо лаам берш. Махкана а, халкъана а гIаролехь лаьттачийн само артъелча, уьш кIеззиг а малбелча, тешнабехк бан кийчча Iаш зуламхой хилар гуш а, хезаш а ду вайна. Дукха хьолахь, царах Iехабелларш кегийрхой хиларна, цара тилийнарш дайн къилбанах, мехаллех, некъах боьхнарш хиларна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам тIебохуьйту кегийрхой кхетош-кхиорна.

IMG-20170202-WA0079

Шайн хьуьнаршца къовсабала луучарна спортзалаш йина, корматаллаш, кхоллараллин таронаш гучуяха, кхио, деша, Iилма карадерзо лаам болчарна школаш, хьуьжарш, училищеш, техникумаш, университеташ, культурин кхерчаш схьабиллина. Оцу дерриге а хьелашна букътухий, уьш тергал ца деш, бух боцучу хабарех Iехабелла, юха а сингаттамаш баржо арабуьйлу вайн кегийрхойх цхьаберш. Дохкобевллачара телевиденехула дечу къамеле ладоьгIча, цхьа ойла кхоллало: шайн деца-ненаца, доьзалца уьйр-марзо яц церан, кхетам аьрта бу, хаарш дан а дац, церан «хьекъал» деккъа зуламхоша дийцинчух кхолладелла, шайн къоман, дайн сийлахь-цIена дерг ца девзина царна, цундела уьш Iехабелла, тилабелла. Кхин цхьа бахьана ду: царах цхьаберш школехь, юкъараллехь терго йоцуш, тидамза, бен-башха а доцуш, битина хилар, цаьрца болх бан хьакъ болчара. Кегийрхой кхетош-кхиорехь, царна къоман синмехаллаш йовзийтарехь беш болу болх вайн республикехь кIезиг бацахь а, тхуна а лиира оцу декъехь тхайн ницкъкхочург дан, цхьаьннан кхоллабалийтина а вайн Даймахке, гIиллакх-оьздангалле, сийлахь-дезачуьнга, цIеначуьнга шовкъ-безам кхоллабалийта, «Даймехкан косташ» цIе йолу кхерч культура кхиоран туьшахь (ЦКР-хь) схьаелла. Оцу хьокъехь со дагавелира Гуьмсе гIалин культурин урхаллин хьаькамах Р.Бабишевх, Туьшан директорх З.Бантаевх, «Гумс» газетан коьртачу редакторх Х.Борхаджиевх. Тхан лаам Гуьмсан муниципальни кIоштан куьйгалхочо I.Оздамировс къобалбинчул тIаьхьа, «Даймехкан косташ» кхерч схьабелларан де билгалдаьккхира оха.

Дукха адамаш даьхкира Гуьмсерчу Культура кхиоран туьшахь дIадахьа леринчу цхьаьнакхетаре. Царна юкъахь бара хьехархой, культурин белхахой, хьехархойн колледжан, цIерпоштнекъан техникуман, школийн дешархой, студенташ. «Даймехкан косташ» кхерч схьабелларан Iалашо йовзуьйтуш, вистхиллачу журналиста Сумбулатов Денис элира: «Вайн махкахь дуккха а дика гIуллакхаш дина, деш а ду Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тергонца, кегийрхой кхетош-кхиор Iалашо йолуш. КIезиг дац вайн халкъан гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, Iадаташ, бусалба динан мехаллаш йовзийтарехь динарг. И болх хаддаза бан безаш хиларна, хIора а дийно керл-керла хаттарш хьалха хIитторна кегийрхойн ойланна, кхетамна тIедоьлху керла-керла некъаш а хуьлу леха а, каро а дезаш.

Тахана вай схьабелла леринчу кхерчахь (клуб) вовшахтухур ду Iеламнахаца, кхоллараллин адамашца, прокуратурин, полицин, МЧС-н векалшца, латталелорхошца, лоьрашца, хьехархошца кегийрхойн цхьаьнакхетарш. Доцца аьлча, шайх масал эца а, кегийрхошна дахаран некъ харжа а гIо-накъосталла дийр долчу адамашца. Вайн лаам бу: кегийрхойн дог-ойла, уьйр-марзо хIокху кхерчаца йоза. ХIора кхеташо, цхьаьнакхетар дIадолор ду нохчийн халкъан поэтан Мамакаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхинчу, халкъан илланчас Дагаев Валида дIаолуш хиллачу «Даймехкан косташ» иллица. И илли хIокху туьшан гимн а хир ю».

Кхайкхаме, дехаре, хьехаме дуьйлуш, зевне дека Дагаев Валида дIаолу и илли:

Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
Дехийла, ирс хуьлда, IадIелаш шу ховший,
Шун оьзда гIиллакхаш – Даймехкан безам бу,
Барт болуш гулдалар – сан дагна хаза ду…

Сцени тIе кхайкхинчу Гуьмсан муниципальни кIоштан куьйгалхочо Оздамиров Iусмана билгалдаьккхира: «Дуьненарчу яккхийчу пачхьалкхаша политикехь а, геополитикехь а шайн даккхий гIуллакхаш кхочушдан мекарлонех, хIилланех, харцонех пайдаоьцучу, цхьайолу пачхьалкхаш, халкъаш хIаллакдечу заманахь деха вай. Ткъех шо хьалха и тешнабехкаш, ямартлонаш лелочу пачхьалкхийн куьйгалхойн, церан векалийн буйнара, тIеIаткъамера вайн къам Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даьккхина ца хиллехь, вайх къацахетарийн дегаза дагалецамаш бисина хир бара. Къизачу шина тIамо шен орамах хадийначу, хIаллакдинчу, махках даьккхинчу нохчийн халкъан верас а, Iу-да а хилла дIахIоьттинчу Ахьмад-Хьаьжас дов дIахьедира халкъан мостагIашка, дуьненахь а орцадаьккхира: «Бехк-гуьнахь а доцу адамаш, халкъ, мохк бу хIаллакбеш!» аьлла.

Хан-замано кхоьллинчу хьелаша шех политик виначу Iеламстага Ахьмад-Хьаьжас аьлла дош, пачхьалкхийн тIегIанашкахь, адамашца цхьаьнакхеттачохь, гуламашкахь, конференцешкахь, съездашкахь цо доггах дина къамелаш шайн Iалашоне кхечира. Цуьнан кхиамех, хуьлучу дикачу хийцамех кхерабеллачу зуламхоша тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина. Шен ден некъ ца ходуьйтуш, мохк а, халкъ а зуламах лардеш, къахьоьгуш ву республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Боккха тидам тIебохуьйту цо кегийрхой кхетош-кхиорна. И болх массо а доьзалехь, юьртахь, кIоштахь бар массеран а декхар лору цо. Оцу Iалашонца вайн кIоштахь «Даймехкан косташ» кхерч схьабеллар ас къобалдо, Дала беркате дойла вайн цхьаьнакхетар!» Цул тIаьхьа къамел диначу Нохчийн Республикин Парламентан депутата Тагиев Мурата дийцира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс кегийрхой кхетош-кхиорехь бечу балхах лаьцна.

«Нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллехь, цIенаниг къобалдайта, вуониг емалдайта, сийлахьниг тIеэца, сийсазниг дIататта, тIе ца дита Iамо беза кегийрхой. Аш хIара кхерч кхуллуш шайна билгалъяьхна Iалашонаш, аш шайна тIелаьцна декхарш, дан леринарг къомана оьшуш ду, къаьсттина кегийрхошна. Церан ойла, салаьтташ, сапаргIатдолуш, самукъадолуш, уьш вовшах дагабовлуш, цахуург хоттуш, хаттаршна жоьпаш карош кхерч хуьлийла «Даймехкан косташ»! Соьгара гIо-накъосталла хир ду шуна. Дала тIаьхье беркате йойла хIокху гIуллакхан!», – элира цо.

Кхерчан хьалхарчу цхьаьнакхетаре кхайкхина баьхкинчу хьешийн: «Гумс» газетан коьртачу редакторан, поэтан, прозаикан, гочдархочун Х.Борхаджиевн, поэтан, журналистан Р.Юсуповн, Россин Федерацин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхочун, поэтан, Нохчийн Республикин хьакъволчу хьехархочун, культурин белхахочун I.-I.Асхабовн – дахаран а, кхоллараллин а некъах дийцира кхерчан белхахочо Бантаева Хьавас. Хьешех хIораннан а дахаран некъ кегийрхоша шайх масал эца хьакъ а болуш, цIена, хьанал бу. Школехь дешна бевллачул тIаьхьа, Даймахкана декхар дIалуш гIуллакх дина эскарехь. Хьехархочун, мехкадаьттанхочун, автомоляран, журналистан йоза ду Юсупов Русланан къинхьегаман книги тIехь. Мехкадаьттанхочун, корреспондентан, коьртачу редакторан йоза ду Борхаджиев Хожбаудин къинхьегаман книги тIехь, механизаторан, хьехархочун йоза ду Асхабов Iабдул-Iазизан къинхьегаман книги тIехь. Дуккха а стихийн, дийцарийн, сценкийн, статьяйн, книгийн авторш хилла ца Iаш, иллийн, эшарийн, назманийн авторш, Нохчийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а, Россехь а дIадаьхьначу тайп-тайпанчу къийсадаларийн толамхой бу хьеший.

Поэташа йоьшучу стихашка, цара адамийн юкъаметтигех, дахарх, шайна зеделлачух дечу къамелашка хазахеташ ладугIура кегийрхоша. Даймахках, доттагIаллех, безамах, Iаламах, дахарх яра школашкара баьхкинчу дешархоша Абубакарова Миланас, Хуржаев Мохьмада, Солтамурадов Мусас, Катаев Амирхана, Умаева Сафияс, Абзотова Джамиляс, Асхабова Мархас, иштта дIа кхечара а, ешна поэтийн стихаш.

Иллиалархочо Израпов Хьусайна «Оьздачу ден-ненан дика йоI», Баталова Раянас «Сан Даймохк», Парсанова Таисас «Случайная встреча», «Ансамбль Нохчо», Эльжуркаева Луизас «Мой край», «Даймахке безам» иллеш а элира, эшарш а лекхира.

«Даймехкан косташ» кхерчахь дIадаьхьна цхьаьнакхетар дIадерзийра Шарипов Супьяна I-I.Асхабовн дешнаш тIехь даьккхина «Нохчийчоь, Дала Iалашйойла хьо!» илли а олуш. Безамна хьешашца цхьаьна суьрташ дехира, совгIаташ дира, нохчийн кхачанан шун хIоттийра Культура кхиоран туьшан дайша.

С.АБУАЛИЕВ

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: