Базар – мархадосту де гергадеача

20140722_180138

Чекхболуш бу Сийлахь Рамадан бутт.

Билггал меттиг дIалоцу И Делан бутт аьхка тIебогIуш хиларна Нохчийн юкъараллехь, цхьаболчеран мелла а шеконаш яра, кхабалур буй-те, де деха хиларна, ницкъ тоьур буй-те, бохуш. Вай, адамаш хиларе терра, цкъацкъа ийман ца тоарна кхоллалора и ойланаш. Марханаш кхобучарна тидамза ца дисина, Iаьнан доцучу дийнахь хуьллу хало бен аьхка марханаш кхобучарна а, хуьлуш цахилар. Мел «кхехка» де а догIа тухий шеллуш я мархаш дуьхьал йовлий малх къайлабоккхий, тов лахлуш, меттигаш дукха нисъяларца тидам бан таро хилла вайн кху беттан.

ХIун халонаш йийца охIла ду вай, Дала Шен бу аьлла билгалбина мархийн бутт кхобуш? Делан къинхетам бу-кх кхин цкъа а и кхаба хан вайна ялар.

Ца буьйцур вай мархин бутт ца лийринарш. Иза вайн адамийн бусалбаллин тIегIа ду. Амма тидаме эца лаьа марха достучу денна вай бен кечамаш а, уьш вайн аьттонашка хьаьжжина хилар я цахилар.

ХIусамнанойн коьрта ойланаш оцу денна кечъечу стоьлана гуонаха хьийза. Гергарчарна, бевза-безачарна, белхан накъосташна, царна юккъехь кIезиг ца хуьлу шарахь цкъа бен ца богIурш а (ткъа тIаьхьарчу шерашкахь  юкъадаьлла захалонан юкъаметтигаш дIасалистар а), товн йолу юург-мерг я уьш мелла а цецбаха йолчу ойланца (хьажахь хьенех-м ледара ца хилла!), къахьоьгу вайн зударша. Цу буьйсанна дIа ца буьйшуш, кхачанаш кечбеш, стол «къагош» берш алссам хуьлу. Массарна а юьхькIам беза.

Иза вайн таронах боьзна хиларан цхьа а шеко яц, хIунда аьлча вайн базаршкахь кху дуьненан еа маьIIера сурсаташ ду. Стохка дагахьбаллам бисинарг кхушара кхочушдан лууш хиларна юзу вай вешан стоьлаш башхачу стоьмех, керл-керлачу даарех. АлхьамдуьлиллахI, и дан таро вайн йолуш.

Цхьа хIума эца лерина Соьлжа-Г1аларчу «Беркате» баьхкинчарна билгалдолу, гали ахча а кху базаро, дIакхоллуш, хилар а, хийла бIаьрг тIехIоьттинарг кисанан ойла ян езаш хиларо йита езаш хилар а.

Марха досту де тIекхачале 4–5 де хьалха базарахь долчуьнга хьажа йолчу ойланца чекхъелира со цуьнан урамашкахула. Дуьххьара тидам хуьлург:  йохк-эцаран гIуллакх, ца соццуш, дIадоьдуш хилар а, базар юкъяла йолаялар а дара. Оьцуш хIума а йоцуш, мехаш хеттар дIогара хаза дацахь а, со реза хилира вайн йохкархойн оьцучаьрца йолу юкъаметтигаш гIиллакхе хиларна. Дуьххьара хаттар бепигах дара сан.

– Шуьйтарчу бепигах – 15 сом, цастаршца хадийначух – 2 туьма, ахьарх динчух – 5 туьма, кегийчу батонех – туьма, яккхийчарах – 2 туьма, тайп-тайпанчу мерзачу булочкех – 5 сом, туьма, – дийцира бепиг духкучо, – мархийн баттахь хьовха, кху шарахь а цхьа сом тIе ца кхетта бепиган сурсаташна. Оьцучарна санна, тхуна а хазахета и гIуллакх. И дохка дезарал сов, тхо а ма ду бепиг дууш, – кхетийра цо со.

Дукхахболчара мархина лелочу ахьарх, ветанах хIун доьху хаьттира ас. Стохка хиллачул тIекхетта мах бацара церан а. Эвтарарчу ахьаран банкех – 5 туьма, ветанах – 10 туьма, башха хьожа яра регIара яьккхинчу хьожа йогIучу керлачу бецан, 5 туьманах шарахь тоъал йогIура иза а.

ХIора дийнан сурсатех картолех –18 сом, 2 туьма, 25 сом, хохех а иштта, копастех – 3 туьма, жIанкех – 4–5 туьма, саьрамсекхах – 15 туьма, помидорех – 4–6 туьма, наьрсех – 2 туьма, ерриге а соьналлин бецех (петрушка, цици, салат, кинза…) курсах – 2 туьма.

ДаьIахкаца долчу бежанан жижигах – 23 туьма, аьхьначух –26 туьма, кIедачух – 28 туьма, дог-доIахах – 15 туьма, маттах – 25 туьма, дакъийначух – 50–55 туьма. Нальчикера еанчу котамех 30–35 туьма (хIинцачул 4 де хьалха 25–27 туьма бара церан мах). Цунах дерг хаьттича, ГIебартойчуьрчу йохкархоша мехаш тIетохар бахьана долуш, шайн а лакхабаккха дезна церан мах дара жоп.  Москалан меэх 1700–2000 сом.

Ала деза, 2–5 туьма мах тIекхетта Нальчикерчу конфетийн,  шайн тайпанашка хьаьжжина, 140–450 соьме кхочуш бара церан мах а, ткъа «Атаговски» конфетех – 35 туьма, «Фундук Петрович» конфетех – 40 туьма, уьш 5 туьманна язъелла. 9 туьманна тIера 12 туьманна тIекхаччалц мах бара печенийн а. Вайн зударша шаьш еш йолу торташ, пирогаш, пирожнеш яра мах тIекхетаза. Тайп-тайпанчу бIарийн тIамарех (боча бIарийн, фундук, «бразильски орех», иштта дI. кх. а) доьхура 20 туьманна тIера 54 туьманна тIекхаччалц.

Алссам дазделлера хIоаш. 1–2 кIира хьалха «лотоках» 7 туьма дехнехь, хIинца цунах 141 сом доьхура, 15 туьманна тIера оцу механа тIехь сецна хIоийн мах бохура уьш духкучо, кхана хиндерг а хууш дац.

«Хьозанан шура» йоцург ерриге а йолчу базарахь Италера конфеташ яра кийланах 2,5 эзар доьхуш, царах цхьана конфетах 88 сом долура. Уьш оьцурш а бара. «Эцца «Халяль» туьканахь кхарах 3 эзар доьху», – бохуш, адамех къахетарг хилла мах беш яра йохкархо.

Хазахетачех дара вайн адамийн керла коч-мача эца таро хилар а, хьайн хьашт ма-дду, харжа таро йолуш уьш алссам хилар а. Цхьа гена бевлла мехаш тIетоьхна а бацара церан.

– Тхайгара дIаэца адамийн таро хиларх даккхийдеш, ницкъ кхочучу кепара оьцучеран дог ца дохош, мах 20–50 процентана лахабоккхуш дохку тхо, – бохура цхьацболчара. Дала аьтто бойла церан.

ХIара масех де дIадаьлча, цхьана шарна дIадоьрзур ду Марха дастар а. И бахьана долуш, доцу мехаш дохуш, адамашна ницкъ бинарш а, шайн аьттоне терра церан хьашташка хьаьжнарш а Далла гергахь а, адамашна хьалха а бен-бен хир бу.

Вуьшта, дуьненан дерриге а рицкъа цхьангга а гуллур дац. И мел дукха хиларх цхьа буьртиг дIахьош а бац. Дала терзан Iазапах а, боцу мах баккхаран Iазапах а лардойла вай. Къобал хуьлда марханаш а.

Т.Саралиева 

Авторан сурт  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: