«Нохчийн гIиллакх»

А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь этнографан Хасиев Сайд-Мохьмадан керла книга йовзийтар хилира чиллин (февраль) беттан 9-чу дийнахь.

16583782_729711340518420_7681828246194749440_n

Иза вайн республикехь вевзаш, дуккха а шерашкахь нохчийн къоман гIиллакх толлуш, цуьнан маьIна довзуьйтуш, кегийрхошца эзарнашкахь цхьаьнакхетарш дIадаьхьна Iилманча ву. Авторан рогIерчу Iилманан белхан цIе а ю «Нохчийн гIиллакх» аьлла.

Сайд-Мохьмада, баккъал а, боккха кхаъ а, доккха хазахетар а дина нохчашна шен керла книга зорбане яккхарца.

Къоман библиотекин зал, куй божа меттиг йоцуш, дIаюьзна хилар а тамашийна дацара. Iилманчин керла книга йовзийтарехь дакъалаца баьхкинчу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан декъехула волу хьехамча, «Некъ» телерадиокомпанин директор А.Шахидов, Нохчийн Республикин Парламентан депутат С.-I.Ахмадов, республикин Куьйгалхочун гIоьнча Т.Алиев, Юкъараллин палатин декъашхо М.Дадуев, Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран нохчийн институтан ректор Г.Эльмурзаева, яздархой: М.Айдамирова, Ш.Цуруев, С.-Хь.Нунуев, I.Ирисханов, дуьненахь а евзачу «Нохчалла», «Нохчийн юкъаралла» сайтийн куьйгалхой, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой, студенташ. Суьйре дIахьош вара поэт Юсупов Русланний, яздархо, историк Нунуев Сайд-Хьамзаттий. Хасиев Сайд-Мохьмадан къинхьегаман некъах лаьцна йоцца ролик гайтарца дIайолийра суьйре.

Хьалхара дош Ахмадов Сайд-Iабдулле делира. Цо элира: «Сайд-Мохьмад санна болу нах, шайн халкъан историн, къоман гIиллакхийн бала а кхочуш, дуьненан хIуманан дуьхьа а доцуш къахьоьгуш бу. ХIара санна хьанал къахьоьгуш нах хилар вайна юьхькIам, вайн кханенан дегайовхо ю. Iилманехь хьегна къа тIаьхьарчу тIаьхьенашна дуьту совгIат-беркат ду. Дийцина ца валлал доккха гIуллакх дина Сайд-Мохьмадан Iилманан белхаш зорбане баьхначара. Дала шен дуьхьа дойла иза».

А.Шахидовс элира: «Кхайкхина веана а вац со, Хасиев Сайд-Мохьмадан «Нохчийн гIиллакх» книга йовзийтар ду аьлла хезча леррина веана ву. Къоман мотт а, гIиллакх а ду иза кхечу къаьмнех къасто аьтто беш дерг. Далла лиъна-кх вай дуьнен чу нохчий долуш кхолла. Шен Сийлахьчу Къуръан чохь ма боху АллахIа Ша шу кхоьллина тайп-тайпана халкъаш, къаьмнаш долуш, амма оцу халкъашна юкъахь хьагI-гамонаш ца хилийта, цхьанна ша кхечул а тоьлла ца хетийта, АллахIа аьлла «Шух гIолехь верг Шена Iибадат дар совдаьккхинарг ву». Буьйса юккъе яххалц Iийра со Сайд-Мохьмадан жайна доьшуш. ХIара санна чулацаме жайна дешаза дукха хан яра ас. Вайн къам Ислам-дине далийнарг нохчалла ю.

«Ислам-динан гIарол хилла лаьттина нохчалла» – боху Сайд-Мохьмадан жайни юкъара дешнаш дешица дIаяздан дезара. Дала тIаьхье беркате еш, вайн кегийрхоша а, дуьнен чохь мел болчу нохчаша а пайдаоьцуш беркате хуьлда хьан жайна, Сайд-Мохьмад» – дерзийра Адама шен къамел.

«Нохчийн юкъараллин» декъашхочо Усманов Юнис доцца элира Хасиевн книга зорбане яларх: «Сайд-Мохьмадан книга зорбане яьккхинарг интернет ресурсашкахь йолчу «Нохчийн юкъаралла» тобанан декъашхой бу. Тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчаша ахчанаш даийтина зорбане яьккхина ю «Нохчийн гIиллакх» книга. Сайд-Мохьмада элира «ХIара сан книга яц, хIара вайн массеран а ю». Иза цуьнан оьздангалла хилар ду».

ТIаьхьуо чукхаьчначу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Керимов Iаьлвис довзийтира книгин кхачамбацарш.

ТIейогIучу хенахь, книга кхин а алссамчу тиражаца арахоьцучу хенахь, иза тидаме оьцур ду автора.

Чулацаме къамелаш дира яздархоша М.Айдамировас, Ш.Цуруевс, С.-М.Касумовс, Нохчийн Республики дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Хь.Умхаевс.

Нохчийн Республикин халкъан артиста Усманов Iимрана масех илли олуш, баьхкинчу хьешашна баркалла олуш дерзийра книга йовзийтар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: