Чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 1944 шо.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н ЧIебарлойн кIоштан Ари-Эвлахь вина Мусалатов Хьасан, медицинин Iилманийн доктор, Россин медицинин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент. Дешна Нохч-ГIалгIайн лоьрийн училищехь (1959–1963-гIий шераш), И.М.Сеченовн цIарахчу лоьрийн 1-чу Московски институтехь (1969–1975-гIий шераш). ТIехдика дешарца институт чекхъяьккхича, институтан травматологин а, ортопедин а клиникехь балхахь вуьту. Лор а, Iилманча а санна, кхиаран дерриге а тIегIанех чекхволу иза кхузахь: клиникин ординаторна тIера травматологин, ортопедин, бохамийн хирургин кафедрин заведующин дарже кхаччалц, тIаьххьара клиникин куьйгалхо а хуьлу.
Х.Мусалатовс йиллина ортопедийн-травматологийн Iилманан школа евзаш яра махкахь а, генна цуьнан дозанел арахьа а. Цо кхиийна Iилманийн 12 доктор а, Iилманийн 30 сов кандидат а. 300 сов Iилманан белхан, шайна юкъахь 6 монографи а, медицинин вузийн студенташна лерина 5 учебник а йолуш, автор. «Медицинская помощь» журналан коьрта редактор а, И.М.Сеченовн цIарахчу лоьрийн академин лерринчу Iилманан советан куьйгалхо а вара иза. Цунна цкъа а хийра дацара Нохчийчоьнан а, нохчийн къоман а дахар.
1995–1996-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер а, 1999-чу шеран гIуран (декабрь) баттера 2000-чу шеран хIутосург (май) бутт кхаччалц Нохчийн Республикин Ханна йолчу Администрацин куьйгалхо а лаьттира. Республикин бахархошна лоьраллин доккха гIо хуьлура цо куьйгалла дечу клиникера. Кхалхар хилла 2002-чу шарахь.
Чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 1959 шо.
ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь йина Гайтукаева Бана, нохчийн поэтесса. Дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь. Белхаш бина юьртарчу библиотекехь, радиокомитетехь, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан берийн кхоллараллин цIийнехь.
Дуьххьара зорбане ялар хилла шен 15 шо долуш (1974 шо) Хьалха-Мартан кIоштан газетехь. ХIетахь дуьйна цуьнан стихаш зорбане юьйлу муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь.
1991-чу шарахь Яздархойн союзе тIеийцира Бана. Араяьлла шен стихийн гулар а йоцуш, оцу кхоллараллин Союзан могIаршка дIаэцаро тоьшалла дора Б.Гайтукаева баккъал похIма долуш поэтесса хиларна. Амма, Дала дуьненахь яккха цунна къастийна хан еха ца хиллера, 1994-чу шеран бекарг (март) баттахь бакъдуьнена йоьрзу иза. Поэтессин хаьржинчу стихийн «Серлонан поэзи» гулар араелира цул тIаьхьа итт шо даьлча – 2004-чу шарахь.
Чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 1961 шо.
Дагестанан Хасавюрт гIалахь вина Атавов Ахьмад, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер.
Шен 13 шо долуш дуьйна тренерца Нуцалханов Селимца охьатохархлатарх Iама волало иза. Хьехархочун говзалла а, ша, мало йоцуш, къахьегар а бахьана долуш, кестта йоккхачу спортехь баккхийчу кхиамашка а кхочу. 1978-чу шарахь – СССР-н кегийрхойн чемпионатан толамхо, 1980-чу шарахь кегийрхошлахь Европин чемпион хуьлу, 1981-чу шарахь СССР-н чемпионатехь шолгIа меттиг йоккху. Къаьсттина кхиаме хилира Ахьмадан спортан дахарехь 1989-гIа шо. Цкъа хьалха Махачкалахь дIаяьхьначу СССР-н чемпионатехь хьалхара меттиг йоккху цо. Цул тIаьхьа Швейцарин Мартини гIалахь хиллачу дуьненан чемпионатехь шен йозаллин барамехь (100 кг. кхаччалц) хьалхара меттиг йоккху. Дуьненан чемпион хиларх тоам бина ца Iаш, оцу чемпионатехь дуьххьара юкъадаьккхина хилла дуьненан абсолютни чемпионан дарж къовса сацам хуьлу Ахьмадан. Шел 30 кийла веза волу, гоьваьлла вевзаш волу ГIажаройчуьра Али-Реза Сулеймани эша а вой, дуьненан абсолютни чемпион хуьлу Атавов Ахьмадах.
№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо