Бовваккхар

Нохчийн гIиллакхаш йист йоцу хIорд бу, шен мах хадийна вер воцу йоккха хазна а ю. Царах хоттавелларг, цаьрца возуш, уьш лардеш хилларг хIокху дуьненахь а, эхартахь а декъал хир ву. Делахь-хIета, декъал хир ву уьш къоначарна хьоьхуш, марздеш, Iамош верг. Ца хуьлийла а дац – диканиг деш, адамийн юкъаметтигаш аьхна, кIеда-мерза еш ма ву иза, юкъараллехь къинхетаме ойла яржош ма ву иза. Иштта баккхий нах, АлхьамдулиллахI, вайн ярташкахь а, шахьаршкахь а алссам бу. Царах диканехь-вуонехь бIаьргкхетча дагна хьаам хуьлу.

Без названия

Царах цхьаъ ву вайн Воккха-Дада а, даима шена къонанаш хазачу Iаьнарца, башхачу гIиллакхашца тIеийзош, нохчийн халкъан оьзда гIиллакхаш, Iадаташ, амалш царна йовзуьйтуш волу. И санна Воккха-Дада массо юьртахь хила тарло, аьлча а, шеко йоццуш ву-кх. Делахь а, вай юха а ладугIур ду тхан турпалхо хилла ваьллачу Воккха-Дадига. Кегийрхой а, кхиазхой а шена гуонаха гулбина Iаш волчу. ХIун дуьйцуш ву-те иза тахана царна?

… – Бовваккхар хIун ду боху аш? – хаьттира цо, къоначеран яххьашка а хьожуш. Массо а кхуьнга хьаьжначохь Iара. «ХIаъ» я «ХIан-хIа» доцуш. Жоп оьшуш дина хаттар а дацара иза. Къамелана «некъ боккхуш» дина дара. Цунах къонанаш дика кхийтира. Дуьххьара баьхкина ма бацара уьш Воккха-Дада волчу.

ХIоьттина тийналла йохош, цо шен къамел долийра: – Жимачу стага зуда ялийна ши-кхо бутт баьлча я цул тIаьхьа дас-нанас шайн кIант боввоккху, нагахь санна кертахь церан хьашт-дезаршка хьажа кхин кIант велахь. Бовваккхар олу керла доьзал кхоьллинарг, хIусам а йина, шена ваккхарх. Цуьнан шен бохча а, даьхни а, латта а хуьлу. Боккхачу доьзалх дIакъастор ду иза. Аьтто хилча а, мелла а сиха дан дезаш хIума ду, кху заманахь-м муххале а. ХIунда аьлча цатемаш, цакхетарш, весаш кхоллало боккха доьзал цхьаьна Iаш хилча. Цуьнан бахьанаш дукха хуьлу. И ца хилийта, вовшашца йолу юкъаметтиг гIиллакхан, оьздангаллин гурашкара ца ялийта дIакъастабо къона доьзал баккхийчарах, йиша-вешех.

Бовваккхарх кIант шен дена-нанна хьалха долчу декхарех паргIатволуш вац. Мелхуо а, кIентан шен деца-ненаца, несан шен марзхошца лелош долу гIиллакх совдала деза, цаьрца йолу юкъаметтиг кхин а кIеда-мерза хила еза, аьхна хила еза. Воккхачунна чIогIа новкъа догIу бовваьккхина доьзалхо хервала воьлча, Iуьйранна-суьйранна шена тIе ца хIоьттича, шега хьал-де ца хаьттича, шех дага ца ваьлча. Иза шайца цхьаьна Iаш волчу хенахь тергал ца дина хIуманаш а тIехь тергал дан долало да-нана. Шайх шайн кIант а, нус а хердала цалаарна ду иза. «Несо кIант дIаваьккхина», бохург дагатуьйсу царна шайтIано. ТIаккха иза тIечIагIдеш долу хIума лоьху. Шайна цо синтем бохор доцург деш гIо дацахь а, дика дацахь а. Воккха мел хили а экама хуьлу-кх стаг. Цундела, бовваьллачул тIаьхьа доггах шен ден-ненан гIуллакхе, хьашташка хьожуш чекхвалар данне а атта хIума дац. И дан ницкъ кхаьчна кIант урамехь, юьртахь сий деш, вуьйцу: «Шен дена-нанна дика кIант хилла чекхваьлла хьенех», – бохуш. Далла гергахь а деза, сийлахь ду деца-ненаца гIиллакхе, оьзда чекхвалар, церан сий-ларам бар.

Дикачу кIанта ша бовваьккхинчул тIаьхьа а, да-нана дийна мел ду, шен хIусам чу ког боккхур бац, цкъа хьалха да-нана долчу чу вахана, цаьргахь хIун хьал ду хьаьжний бен. Иза цхьана а метта гIур вац дега-нене хаийтиний а, цаьргара пурба даьккхиний бен. Цо кхача буур бац шен дас-нанас кхача биъний хьаьжначул тIаьхьий, царна шен хIусамехь кечбинчу кхачанах дакъа диний бен. Иза охьавуь- жур вац да-нана паргIатдаьлчий бен. Шен хIусам йохъяле шен ден-ненан хIусам йохйийр ю цо. Шена а, шен доьзална а тIедуха, когадуха эцале дена-нанна хIун оьшу хьожур ву.

Цул сов, цкъа а шен хIусамнене вист хир вац шен да-нана долчохь я шен доьзал а хьостур бац, хьахор бац. Иштта хуьлу дика кIант ша бовваьккхинехь а. ТIаккха дуьненахь а, эхартахь а сийлахь хуьлу иза, Делера ял а хуьлу цунна. Дала латтабойла вайна иштта кIентий! Деца-ненаца дика хилла чекхбевлла кIентий шайн халкъана а, махкана а муьтIахь хуьлуш бу.

…Ширачу заманашкахь ден-ненан а, кIентан а юкъаметтигаш иштта еза а, сийлахь а, гIиллакхе а ца хиллачух тера ду вайн. Цу хьокъехь цхьа дийцар ду тахана а вайна юкъахь дуьйцуш. Оцу дийцарехь дуьйцу цхьана хенахь шен къанделла да-нана, тускар чохь генна лома а дуьгий, дIакхуссуш хилла бохуш.

Цкъа цхьа кIант хилла боху серех дуьйцинчу тускар чу шен да а хаийна и дIакхосса воьдуш. Шаьшшиъ дIакхаьчча, къаналла кIелвисинчу дас шен кIанте аьлла боху: «КIант, хIара тускар дIа ма кхоссалахь. Кхано, хьо воккха хилча, хьан кIантана а оьшур ду хьуна иза, хьо дIакхосса». Циггахь ойла йина боху кIанта: «Тахана ас кхунна диннарг дийр ду-кх кхана суна сайн кIанта», – аьлла. И шира Iадат дохош, оцу тускарехь шен да юха цIа вигна, тускар кхоьссина басах дахийтина, велла дIаваллалц иза шен баьрччехь кхаьбна боху, цхьа а хIума цунна ца оьшуьйтуш. Цул тIаьхьа ийман а, беркат а лаьттина кIентан кертахь…

Тахана къона болчарна хаа деза шаьш а цкъа къанлург хилар. Валаза висин- чунна тIекхача езаш ю-кх къаналла. Иза дицдеш меттигаш яьхкина вайна юкъахь суна дагахь а. Советийн заманчохь цхьаболчу кIенташа, шаьш зуда а ялийна охьахевшича, да-нана сов а долий, уьш «Къеначийн цIийне» дIалуш меттигаш хуьлура. ХIинца-м, цхьадика, вайн Iедало Нохчийчуьра лаххьийна дIадаьхна а цIенош, ледарчу «къонахашка» и Iадат дицдайта. Дела реза хуьлда «Къеначийн цIенош» дIадаьхначарна. И ца динехь цхьаболчу кIенташна бовваккхар да-нана дIакхоссар ду моьттинера. Иза хIун ду вай дийци шуна. Диц ма делаш иза. Боввалар доккха жоьпалла, доккха декхар ду. Хьайн доьзал кхабарца, кхиорца, Iаморца цхьаьна ден-ненан дола дар а, церан терго яр а дуьсу хьуна тIехь. Нагахь санна хьан и дан хьекъал, хьуьнар, доьналла хилахь, ахь лелийнарг гиначу хьан доьзалша (кIанта, йоIа), хьо а вуьтур вац тесна. Синтеме а, токхе а, зовкхе а хир ю хьан къанале. Дала хан яхйойла шун массеран а! Дийцинарг хезначух а, хезначух пайдаэцначух а дойла шу Везачу АллахIа, – аьлла, шен къамел чекхдаьккхира Воккха-Дадас.

ДIабаха сих ца луш, кхин а цхьацца хаттарш деш, кхин а дикка хан яьккхира къоначара воккхачу стагана уллехь. Мерза а, пайдехь а яьккхина хан яра иза.

С.ХАМЗАТОВ

№13, пIераска, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: