ХIокху деношкахь республикин Парламентан рогIера пленарни кхеташо дIаяьхьира Парламентан Председатела Даудов Мохьмада. Иза лерина яра республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос 2016-чу шарахь бинчу белхан жамIаш дарна. Отчет ян веанера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан.
Министра билгалдаьккхира зуламаш дар гучудахар 86,5 проценте кхаьчна хилар а, Россерчу юкъарчу процентаца дуьстича, иза 31,8 процентана лакхара хилар а. Цо билгалдаккхарехь, 2016-чу шарахь леррина йолу мероприятеш дIаяхьар бахьана долуш, бакъо а йоцуш, герзаш лелочу тобанийн 17 декъашхо хIаллак а вина, терроризман декъехула долу 63 зулам гучу а даьккхина.
Министран отчете ла а доьгIна, шайна хетарг а, духе кхиа луург а хоттуш, Алханов Русланца къамел дира депутаташа. Цо шайн хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш деллачул тIаьхьа, цара цхьабосса къобалйира МВД-с бинчу белхан отчет.
Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Парламентан Сийлаллин грамота елира чоьхьарчу гIуллакхийн министрана. Иштта цо билгалдаьккхира Алханов Шахин Руслан Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин тешаме декъашхо а, Даймехкан вуьззина къонах а хилар.
«Нохчийн Республикехь бакъонаш талхорна профилактика яран хьокъехь» а, «Нохчийн Республикин дуьненаюкъара а, регионашна юкъара а, арахьарчу экономикин а зIенаш дIанисъярехь бартбаран хьокъехь» а, «Меттигашкахь шаьш урхалла даран а, муниципальни цхьаьнакхетараллийн куьйгалхойн а цIерш чIагIъяран декъехь Нохчийн Республикин цхьадолчу законодательни акташкахь хийцам баран хьокъехь» а, «Юьртабахаман хьаштийн латтанаш лелоран хьокъехь» долчу а, республикин 4 законехь хийцамаш бар а къобалдира депутаташа цул тIаьхьа.
«Нохчийн Республикехь Налогаш тохаран а, такхарш даран а аттачу яьккхинчу системица налогаш тохарх пайдаоьцуш налогашъялархошна – шайн гIуллакх дечу предпринимательшна а процентан барамехь налог хIотторан хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законан проект тIеийцира цкъа ешарца.
Республикин Парламентан структурина, 2017-чу шарахь цунна болх бан оьшуш йолу смета хIотторан а, профилийн комитетийн кадрийн а гIуллакхаш дийцаре дира депутаташа.
Кхеташонан чеккхенехь Даудов Мохьмада депутаташка дехар дира бахархошца а, кегийрхошца а кхетош-кхиоран декъехь дIахьош долчу цхьаьнакхетарийн рагI лахцаяр а, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхахIиттош долу декхарш кхочушдарехь а кхин а жигара къахьегар а.
И.АДАМОВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо