Генарчу 1982-чу шарахь СССР-хь хьалхеяккхаран чемпионатехь дакъалоцуш вара нохчийн хьуьнаре, говза спортсмен Бадалов Руслан. Шен хьалхарчу тасадаларехь говзанчийн а, хьовсархойн а тидам шена тIебахийтира цо каде, хIайтъаьлла хиларца, толаме кхача боккха лаам болуш хиларца. Шех летачу спортсменийн толаме даха дог ца дуьтура Руслана. Говза хьовзавой пханарш тIе охьавуьллура я куза тIехула керчавора, бертал веттара. Шен дерриге а тасадаларш бIаьрлачу толамашца дерзийна волчу Бадалов Русланах СССР-н чемпион хилира. Дашочу мидалца цхьаьна «Хьовсархошна тIех везаваларна» цIе йолчу шатайпанчу кубкаца совгIат а дира цунна.

Вайн спортсменна къаьсттина хьоме дара и совгIат. Иза цунна деллера и кубок-скульптура йина волчу скульптора Дзбоев Михаила. Нохчийчохь тIеман кIуркIамани гIаьттинчу хенахь цуьнан цIа дохийна дIадаьккхира, хIаллакьхилира цу чохь мел хилларг а. Царна юкъахь и кубок а. Цхьадика, паргIатчу кепара охьатохарх латарехь СССР-хь хьалхара меттиг яккхарна елла дашо мидал йисира. Йисира Гихтахь, шен ден кхерчахь хилла хиларна.
Цул тIаьхьа дукха хан дIаяьлла, дукха хIума хийцаделла. Делахь а, хьалха а санна спортаца уьйр йолуш, мехкан тоьллачу спортсменашца гергарло, доттагIалла лелош ву Р.Бадалов. Ишттачарах цхьаъ ву Олимпийски ловзарийн шозза чемпион, дуьненан доьазза чемпион хилла волу Андиев Сослан. Цунна лерина турнир дIаяьхьира дIадаханчу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Къилбаседа ХIирийчохь. Цига кхайкхинчу сий-ларамечу хьешашна юкъахь Руслан а вара.
Къийс ада ларш уггаре а мIакIдевллачу хенахь вайн махкахочунна тIевеара, геннара цуьнга бIаьрг бетташ а Iийна, цхьа къано.
– Со дагавогIий хьуна? – хаьттира цо.
– ХIан-хIа, ца вогIу, – жоп делира Руслана, вела аьшна а хилла.
– Бехк а бац. Мел дукха хан дIаяьлла вайшиъ газа. Цкъа бен гина а ма вац вайшиъ. Иза а 34 шо хьалха. ХIетахь айса йина кубок-скульптура елир-кха ас хьуна совгIатана… Дзбоев Михаил ву со.
– Хьо ву иза, Михаил Николаевич, марша вогIийла…
– Маршалла хуьлда. Ала дашна, хIинца а йолуш юй хьан иза? – хаьттира къаночо, шеконца.
– Яц. ТIамо йохийна. Цунах лаьцна кхин дош ца элира цушимма.
… Цул тIаьхьа ши бутт баьлча, хIокху шеран кхолламан (январь) баттахь, Русланна дагахь а доцуш, телефон туьйхира Дзбоев Михаила.
– Руслан, – элира цо, – ас юха а йина хьуна изза кубок. Сан бакъо яцара хьо и совгIат доцуш вита. Хьовсархойн сий-лараме кхочуш хIун хир ду? Цу тIе ахь и совгIат вуно чолхе хиллачу чемпионатехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а даьккхина дара.
Масех кIира хьалха Буру-ГIала вахара Бадалов Руслан. РогIерчу турнире кхайкхина вара иза. Цига вахханчуьра Михаил Николаевич волчу а вахара иза, цуьнан дехар кхочушдеш. Вовшех марзо оь- цуш, чай молуш вехха Iийначул тIаьхьа, скульптора шен совгIат шолгIа а дIаделира Русланна (хьахийнначуьра аьлча, М.Дзбоев Россин хьакъволу суртдиллархо ву). Цу тIе яздина ду: «ПаргIатчу кепара охьатохарх латаран СССР-н 1982-чу шеран чемпионна Бадалов Русланна: ХIирийчохь дукхавезаш ву хьо!».
Иштта, вайн махкахочун ша боккха сий-ларам беш хилар гойтуш, Русланна а, цуьнца хиллачу накъосташна а шун хIоттийра хIирийн къаночо.
Хь.САЙДАЕВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо