Диканиг, вуониг – ши некъ

Дика ламаст а хилла схьадогIуш ду Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхалло кегийрхошца кхетош-киоран а, могашчу Iер-дахарехьа кхойкхуш а цхьаьнакхетарш вовшахтохар. Иштта, дукха хан йоццуш, вай лакхахь хьахийначу урхалло Нохчийн Республикин медицинин колледжан студенташца дIадаьхьира шайн рогIера цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара кинематографин урхаллин директоран гIоьнча Ибрагимов Мовсар, Нохчийн Республикин муфтин заместитель Абдулаев Аслан, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон СПИД-аца къийсам латторан а, цунна профилактика яран а туьшан психолог Умаева Тамила.

4-я полоса Кхетош-кхиор

Корта бахош долчу молханашка, ницкъ алсамбоккху бохуш, муьйлуш долчу хишка, интернете марзвеллачо шен могашаллина, кхетамна дечу зуламех лаьцна дуьйцу видеокийсак гайтарца дIадолийра цхьаьнакхетар.

Цул тIаьхьа вистхилира Абдулаев Аслан. Бусалба нахана иштта зуламе хIуманаш лелор хьарам хиларал сов, адамийн могашаллина вуочу агIор тIеIаткъам беш хиларх лаьцна дийцира цо.

– Дала бусалба нахана хьарам дина шен дегIана, могашаллина зен деш долу муьлхха а хIума лелор. Иштта динехь магош дац шен дегахь, ненехь, гергарчаьргахь ша бахьанехь сингаттам латтор. Цул сов, нохчашкахь товш дац шен цIе вуон яккхийтар, Iеса лелар, – бохура цо.

Психолога Т.Умаевас а дийцира молханаш стенах деш ду а, цара деш долчу зуламах а. Корта бахош долчу молханашка марзвеллачун могашалла юхаметтахIотто хала хиларх лаьцна.

– Вайн кегийрхойн мукъа хан дукха хуьлу, пайдехь дерг Iамош ца хилча, вуониг сиха Iема. ТIаьхьарчу хенахь вуониг Iамо чуьра аравала а ца оьшу, интернет чохь вуон мел дерг долуш ду. Бакъдерг аьлча, луучарна пайдаэца а ду цу чохь дуккха а хIума. Корта бахош долчу молханашка марзвалар санна вуон лазар ду интернета чохь ловзар. Вижар-гIаттар, яар-малар доцуш интернет а, цу чохь долу ловзарш а ца хилча ца мегаш ду вайн цхьадолу бераш. Ишттачу хIуманаша кхетамна а генна тIаьхьабуьту кегийрхой. Цундела хIораннан а декхар ду ша шега ладогIар, шен мукъа хан я ша Iамош долу Iилма хьенан, стенан дуьхьа ду хаар, – дерзийра шен къамел Умаева Тамилас.

Студентийн хаттаршна жоьпаш а луш, дерзийра и беркате цхьаьнакхетар.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: