«Ас могаш Iер-дахар хоржу»

ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь кегийчу ешархошца «Ас могаш Iер-дахар хоржу» цIе йолу цхьаьнакхетар дIадаьхьира. «Азбука здоровья» программин гурашкахь вовшахтоьхна дара и гIуллакх.

4 полоса берийн дуьне

ХIокху муьрехь уггаре а актуальни йолчу темина лерина дара цигахь хилла къамел. Масала, гриппах, иштта кхийолчу муьран цамгарех ларвала везаш хиларх лаьцна. Библиотекара Хасанова Эсета чулацам боллуш дийцира, Iаьнан муьрехь гриппах ларваларан некъех лаьцна.

– Даима а могаш цхьа а ца лаьтта. Дахарехь цкъацкъа цамгаро хьовзадо муьлхха а адам. Делахь а, билгалъяьккхина цамгар шех ца хьакхаялийта дуккха а бахьанаш лелон деза. Масала, Iаьнан муьрехь тIеюху бедар йовха хиларца а, арахь кIезиг хан яккха хьажарца а шайн могашалла ларъян хьовса деза. Ткъа иза хала дац, – бохура Э.Хасановас.

Оцу цхьаьнакхетарехь библиотекара ца евзачарна йовзийтира Хван Юрийн «Уникальный учебник защиты и восстановления здоровья вашего ребенка» цIе йолу книга.

Бераш могаш Iер-дахарехьа кхойкхуш долу цхьаьнакхетар кхидIа ловзаран кепехь дIадаьхьира. «Живые слова», «Полезно – вредно», «Доскажи словечко», «Угадайка» ловзаршкахь жигара дакъалецира ешархоша.

Цхьаьнакхетар дерзош, Хасанова Эсета берашка дийхира шайн могашалла ларъяр.

З.ХАРОНОВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: