Бакъдерг долуш санна, лууш дерг дийцича…

Нохчийн Республикин экономикин а, социальни декъана а уггаре а коьртачарах ду ягорган-энергетикин комплекс кхиоран гIуллакхаш. ТIеман кампанеш дIахьочу хенахь республикера ерриге а теплоэнергоцентралаш, трансформаторийн подстанцеш, электропередачийн линеш йохийна дIаяьхнера. Иштта хIаллакбинера газан берриге а бахам. Чубаха хIусамаш, тховкIело йоцуш бисинчу бахархошна катоьхнна йовхо а, серло а хилийта езаш яра. Цундела и гIуллакх, федеральни центро гIо а деш, сихха чекхдаьккхира. Делахь а, электрически сеташ а, газан биргIанаш а тIех чIогIа ширъелла ю. Дукха хан ю уьш сихха хийцина хилла езаш йолу, царна капитальни ремонт йина хила езаш йолу. Дукхах дерг деш ду. Амма хIинца долчу боларшца и гIуллакх кхочушдеш хилахь, цунна иттаннаш шераш оьшур ду.

c7fefe8d

Цуьнца доьзна, тIеттIа алсамйолуш ю керла проблема. Газ а, электроэнерги а дIасайохуьйтучу некъаца церан дараш хилар Iаламат лакхара ду. Бахархоша а, дукхах йолчу организацеша а шен-шен хенахь ахча дIало шаьш пайдаэцначу газах а, серлонах (светах) а. Амма цхьаьннан а аьтто бац хуьлуш долчу дарах ахча дIадала. Цул сов, сеташкахь йолу напряжени а вуно лахара ю. Буьйсанна адамаш телепередачашка хьовса, холодильник а, дахаран-Iеран кхин техника а лато йиш йолуш дац.

Уьш а, кхийолу а проблемаш йийцаре ярхьама Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дехар дира Нохчийчохь Правительствон комиссин кхеташо дIаяхьар доьхуш. КIиранан юьххьехь Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министра Л.Кузнецовс Соьлжа-ГIалахь вовшахтуьйхира федеральни ерриге а профильни министерствийн а, ведомствийн а векалш. Царна юкъахь бара «Газпроман», «Россетин», ткъа иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан а, республикин а бакъонаш ларъяран органийн векалш.

Цигахь билггал къамел хилира. Иза къаьсташ дара массара а билггалчу гIуллакхах лаьцна дуьйцуш хиларца. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийхира, протоколийн моттарханаш а йитий, декхар хьарчарх даррехь къамел дар а, Нохчийчоьнан ТЭК-н дерриге а гIуллакхаш къастийна цхьалхадахаран некъех лаьцна дийцар а. Цу тIе, бакъдерш а, терахьаш а далош, цо дийцира иштта хьал хIунда кхолладелла, вешан ницкъашца дан аьтто баьлларг хIун ду, Нохчийчоьнан куьйгаллина хетарехь, кхидIа хIун дича бакъахьа ду. Экономикин хьал чолхе хилар хьесапе а эцна, цо масех некъ хьийхира кхолладеллачу хьолах хьалхадовла.

Кадыров Рамзана ведомствийн векалийн тидам тIебахийтира, нагахь санна вай сеташна реконструкци ца яхь, декхарийн хьокъехь долу къамел цкъа а чекхдериг цахиларна. Цо кхин цкъа а билгалдаьккхира бахархоша ахчанаш ца ло бохуш, хаддаза дийцар гIуллакхе цахилар, декхар дIатакхаран процент лакхара йоллушехь.

Вовшийн боккха ларам а беш, гIиллакхах ца духуш, дIаяьхьира и кхеташо. ХIетте а, СМИ-н цхьаболу векалш кхеташо гIоьртина дIаяхара, дегазлонаш яра ала гIерта. Цара, эхьхетар доцуш, дуьйцу Л.Кузнецовн а, Р.Кадыровн а вовшашца хилла къамел шога дара, вовшийн ларам бар дацара, бохуш. Дерриге а жоьпалла сайна тIе а лоцуш ас дIахьедо иза бакъ цахилар. Иза даррехь харцдерг ду, Р.Кадыровн а, Л.Кузнецовн а юкъаметтигаш галъяха гIертар а ду, уьш доттагIаллин а, гIуллакхаллин а, вовшийн ларам баран а амалехь юй хуъушехь.

Мелхуо а, Р.Кадыровс министре дийхира профильни министрашца уьйраш чIагIъярехь, Россин Правительстве а, ведомствийн куьйгалхо ш ка а ма-ярра проблема дIайовзийтар, иза дIаяккхарехь гIо дар. Цушиннан юкъаметтигаш дика хиларан билга ло яра кхеташо чекхъяьллачул тIаьхьа и шиъ тайп-тайпанчу объекташкахь хилла хилар а, цул тIаьхьа, цхьаьна футболах левзина хилла хилар а.

I.КАРИМОВ

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: