Берашка мукъа хан самукъане яккхийта

DSC_0181

Аьхкенан каникулаш – дешархоша уггаре а сатуьйсу хан ю. Каникулашкахь хаза садаIа а, самукъадаккха а лаам хуьлу берийн. Бакъду, лерринчу лагерашка бераш садаIа дахийта аьтто массеран а ца нисло. Соьлжа-ГIалин №63 йолчу школин куьйгалло шайн дешархойн цу хьокъехь гIайгIа бина. Каникулийн ханна «Школьная Республика» аьлла аьхкенан школа схьайиллина цара. Цигахь могашаллатояран а, дешаран а тайп-тайпана кружокаш кхоьллина.

Оцу кружокашна юкъахь ю дзюдон секци, книга дукхаезачеран клуб, Iаьрбийн мотт Iаморан кружок, компьютерни «ИКТ» кружок, иштта кхиерш. Аьхкенан школе лелачу дешархойн шайн-шайна г1оле хеташ йолу кружок харжа йиш ю. Шайн хаарш алсамдахарал сов, хан самукъане йоккху цигахь бераша. Школин уьйтIе йоккха а, хаза а хиларна, дукха хьолахь арахь дIахьо кружокийн болх. Ткъа цIеначу хIаваэхь берийн самукъа а долу, церан могашаллина пайда а хуьлу.

«ИКТ»-н кружокехь компьютер муха лело еза Iамийна ца Iаш, бераш кхетош, церан хьекална пайдехь долучу компьютерни ловзарех а ловзуьйту хьехархоша шайн дешархой. Книга дукхаезачеран клубехь исбаьхьаллин, кхийолу литература ешарал сов, суьрташ дахка а, кехатах цхьацца забаре хIуманаш ян а Iамадо берашна. Iаьрбийн мотт Iаморан кружоке лела лууш хуьлу дукхахболу дешархой. ХIунда аьлча, 1аьрбийн мотт Iамо волавелча, Къуръан дешар а карадоьрзу. Ткъа иза, бераш кхетош-кхиорехь доккха маьIна долуш хIума ду. Дзюдон секцехь тIеман искусствон баххаш карадерзадо кегийчу спортсменаша. Иштта, къонахчун амал а, хьоьху царна цигахь.

Бераша аьхкенан хан пайдехь якххарна а, аьхкенан школин балхана а тIехь леррина терго латтайо школин директора Юсупов ТIахIира а, Iилманан-методикин балхехула волчу цуьнан заместитела Дудурханов Мохьмада а.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: