Азаллехь дуьйна безаш а, бууш а бу нохчаша хьонка. Дукхах болчу нохчашна ишттачу цIарца а, цхьаболчарна «акха хох» аларца а бевзаш бу иза. Иза ца бууш наггахь волу нохчи бен вац. Ур-аттал, хийрачу мехкашкахула дIасабаьржинчу нохчаша а хьо шайна Даймахкара хьонка. Аьлча а, хIинццалц хьора… Ткъа хIинца, хьонка дIабала гергабахана. ХIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь Экологин шарна лерина дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь иштта хаам бина биологин Iилманийн доктора, ботаникин а, экологин а профессора Умаров Мухьадис.
– ХIинццалц хьонка вайн латтанашкахь кхуьуш хилла хиларх даккхийдан дезаш ду вай, – элира цо. – Амма хIора а шарахь иза хьалаболуш йолу майданаш гатлуш ю. Иза «ЦIечу книги» юкъахь болу масех шо ду, ткъа базаршкахь, хIумма а къайладаьхьна а доцуш, иза бухкуш бу.
Вайн махкара хьонка дIабаларна бехке Iаламан хиламаш лерина ца Iаш, бахархой а лара мегар ду.
– Хьонка баккха оьхучара иза карарчу шарахь схьабаьккхинчу майданахь тIедогIучу шарахь кхин иза кхуьуш бац. Нахана ца хаьа шаьш иза муха баккха беза. Ма-дарра дийцича, бала а бац церан, шайгара галеш я тIоьрмигаш хьаладузар хилчахьана, – тIетуьйхира М.Умаровс.
Хиламаш а, хаамаш а оцу сохьта дIасабаьржачу социальни сеташкахь и хаам тидамза битина республикин бахархоша. Цул сов, шайна иштта хаам бовзийтича, цунах тешаш цхьа а ца карийра.
– Хьонка баккха цкъа а ца ваханчо бен эр дац хьонка дIабала герга бу аьлла. Кхиъна баьлла боцу орам а, зIийдигаш а циггахь охьакхуьйсуш хилар бахьана долуш, тIедогIучу шарахь юханехьа кхуьуш бу циггахь хьонка, – дийцира Шуьйтан кIоштан вахархочо Темирбаев Iадлана.
Iадлана дийцинчунна «мухIар» тохаран кепехь къамел дира Грозненски кIоштан вахархочо Салтыханов Мохьмада а.
– Хьонка дIабала мега тов… И хIун бохург ду дан а?! ДIа муха болу хьонка, со хIора а шарахь и баккха цхьана майдане оьхуш хилча?.. ХIинццалц хьонка «ловзо» кIордийча, вовшашца тийсалуш а, тхайн хирг дора оха накъосташца. Делахь а, хIинцачул тIаьхьа, кхин иштта хIума тхайгара долуьйтур дац оха. Амма хьонка дIабер бу бохучух суна теша хала ду, – элира цо.
Иштта, цо дийцарехь, «кхехкош а, кхорзуш а, тIе уксус тухуш, хи чу буллуш а бууш болу» хьонка дIаба лахь, нохчийн дуккха а доьзалийн стоьлашка бIаьста а, гурахь а «къоьлла» хIуттур ю.
И.ИСЛАМОВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо