«Нах чубоьхкинчу меттигашкахь адамийн бакъонаш ларъярна тIехь юкъараллин терго латторан а, оцу меттигашкахь болчу нехан гIолацаран а хьокъехь» долчу Россин Федерацин 2008-чу шеран асаран (июнь) беттан 10-чу дийнахьлерчу №76 йолчу Федеральни законаца нийса а догIуш, Россин Федерацин Юкъараллин палатин секретара А.Бречаловс бовзуьйту Нохчийн Республикин юкъараллин терго яран комиссин декъашхой.
Уьш бу: Ахмаев Руслан, Базаев ИбрахIим, Бакаева Ромист, Бунгуев Мохьмад, Джабраилов Висамби, Ибрагимов Майрбек, Исраилов Ахьмад, Мальсагов Ислам, Межидов Асламбек, Межиева Хадижат, Музаев Султан, Мусхаджиев Iадлан, Мухматов Хас-Мохьмад, Тавгириев Рамзан, Яхъяев Денилсолт.
Нохчийн Республикин юкъараллин терго яран комисси вовшахтоьхна Россин Федерацин Юкъараллин палато 2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 20-чу дийнахьлерчу №53-С йолчу шен сацамца.
Комиссин адрес: 364051, Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, Хь.Орзамиевн (хьалха Р.Люксембург) цIарах урам, 19-гIа цIа, 8-гIа петар.
А.БРЕЧАЛОВ
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо