Коьрта автовокзал куьцехь хир ю

Карарчу баттахь инвестицийн рогIера проект кхочушъяран гурашкахь республикин коьрта ларалучу «Западный» автовокзалан куц-кеп хийцаран а, керла гIишло яран а болх дIаболийна. Иштта хаам бина Республикин транспортан а, зIенийн а министра Черхигов Рамзана Инстаграмерчу шен агIонехь.

80074029

«Республикин транспортан инфраструктурин коьртачу гIишлонех цхьаъ ю «Западный» автовокзал. Инвестицеш карор бахьана долуш, карарчу баттахь цуьнан куц-кеп хийцаран а, гуонахара майда тояран а, керла гIишло яран а белхаш дIаболийна», – яздина министра.

Цо билгалдаккхарехь, оцу автовокзалера хIора а дийнахь иттаннаш рейсаш йина хIинццалц. Циггара дIа Россин кхечу субъекташкарчу гIаланашка (ХIинжа-ГIала, Несаре, Буру-ГIала, Нальчик, Пятигорск, Краснодар, Дона-тIера-Ростов, иштта дIа кхин а) лела автобусаш.

Реконструкци яран белхаш дIабирзинчул тIаьхьа, дийнахь 300 автобус дIасаяхийта таро йолуш хир ю автовокзал. Цул сов, бахархошна иттаннашкахь белхан меттигаш а хир ю.

Иштта, хIокху деношкахь, Гуьмсехь а ян йолор йолуш ю «Кавказ» цIе йолу керла автовокзал. Кавказан куц-кеп къасторан Iалашонца Черхигов Рамзана цуьнан сурт довзийтира инстаграмах пайдаоьцучарна.

Нохчийн гIишлошъяран (бIаьвнийн) куц-кепехь хир йолу автостанци чIогIа тайра бахархошна. Шайна хетарг а, луург а довзийтира цара.

«Лараме Рамзан, проект чIогIа хаза нисъелла. Амма машенашна лерина лаьтта бухалара парковка хилча»; «Таксисташна лерина майда нисйича бакъахьа хир дара»; иштта а, кхин а ойланаш йовзийтира наха. Министра билгалдаьккхира бахархойн лаамаш хьесапе эцар ша гIишлошъярхошна тIедуьллург хилар.

И ши проект тайначеран могIарехь ву республикин Куьйгалхо а. Оцу проектийн хьокъехь шен хетарг довзийтаран Iалашонца «like» (суна хазахета) билгало хIоттийра цо.

М.ЮНУСОВ

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: