Дешархой кечлуш бу информатикин экзаменна

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос, хаамийн технологийн «Чудо-Юрт» проектан командица цхьаьна кеч а йина, тIечIагIйина юккъерчу школийн 11-чу классашкара дешархой пачхьалкхан жамIашдаран аттестацина кечамбаран ЕГЭ-н кепаца «Информатика а, ИКТ а» дешаран дисциплинехула йолу экспресс-курс.

4-я полоса Дешар

Оцу проектан Iалашо ю хаарш ледара долу дешархой ЕГЭ дIаяла кечбар. ТIехдика доьшуш болу дешархой («Информатикин а, ИКТ-н а» 80 я сов баллаш ерш) экспресс-курсана юкъа ца богIу.

Оцу проектехь дакъалаца кхойкху тIейогIучу хенахь техникин говзаллаш йолчу вузашка деша баха лаам болчу 11-чу классашкарчу дешархошка.

Уггаре а хьалха и проект лерина ю оцу предметехула шайн хаарш ледара хетачарна а я экзамен кхачам боллуш дика дIаялалур яц аьлла шеко йолчарна а.

Проект йолалуш дешархойн хаарш 40 балле кхочуш ца хила а тарло, коьртаниг, дешархошна шаьш хоржу предмет езаш хилар ду, цул сов, школин дешарна 20 денна юкъах а бевлла царна къахьега лаар а ду. Оцу проектехь дакъалаца схьакъастон верг 120 дешархо хир ву.

Дешар Соьлжа-ГIалахь хир ду, лекцешка ладогIаран рожехь, цул сов, цхьаболу болх кегийчу тобанашка, цхьана тобанехь 10–12 дешархо волуш хир бу.

Тобанашкахь йолу практикин занятеш 2 хьехархочо дIахьур ю, Нохчийн Республике кхайкхинчу экспресс-курсан авторца цхьаьна. Дарсаш кIирнах 6-зза хир ду, цхьана дийнахь 3 дарс луш, хIора а 1 сохьтехь 50 минотехь лаьтташ. Мукъа кIиранде хир ду.

Оцу проектехь дакъалаца лаам болчара яздан мегар ду Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон ИКТ юкъаялоран а, кхиоран а отделан хьаькаме Сулейманов Сайд-Хьусайне, хIокху электронни адресца: iktmon@gmail.com, тел.: 8(928)784-48-07. «Информатика а, ИКТ а» экспресс-курс яккха лууш болчара дан дезарг: заявлени яздар, дешархочун да-нана резахилар тIечIагIдеш йозанан барт бар, тест дIалуш онлайн рожехь экзамен дIаялар. И дерриге а ша доьшучу школехь, информатикин кабинета чохь чекхдаккхалур ду дешархочуьнга. Инструкцеш а, документийн кепаш а электронни почтехула схьатосур ю. ХIокху маьхза йолчу https://inf–ege.sdamgia.ru/register порталехь дешархочун шен электронни адреса тIера регистраци ян дезар ду, цул тIаьхьа вовшахтухур ю тобанаш.

Дешар маьхза хир ду.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: