Юкъаралла чIагIъярна лерина цхьаьнакхетар

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь «Граждански цхьаалла чIагIъяр а, дIакхайкхор а, къаьмнийн юкъаметтигаш цхьана хоршехь латтор а, Къилбаседа Кавказехь дехачу халкъийн культура кхиор а лакхадаккхар» темина лерина «горга стол» дIаяьхьира. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а гIоьнца мероприяти вовшахтоьхнера Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъара «Коалиция» цIе йолчу юкъараллин боламан векалша.

Снимокапвапва

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхой а, республикерчу коммерчески йоцучу юкъараллин организацийн куьйгалхой а, иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторехула йолчу департаментан белхахо а.

Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъара «Коалиция» юкъараллин боламан куьйгалхочо Яхъяев Денис шен къамелехь билгалдаьккхира таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь халкъашна юкъахь вовшех цакхетар а, къаьмнийн тайп-тайпаналлица доьзна девнаш а цахилар.

– Дуккха а шерашкахь барт а, цхьаалла а йолуш 30 сов халкъан векалш беха Нохчийн Республикехь. Иштта, республикехь граждански юкъараллин институташ ю кхуьуш, кхочушъеш ю тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран юкъара концепци а. Регионан куьйгаллин тергонехь ду терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латторан гIуллакхаш а. Вай а, ваьш граждански юкъараллин институт хиларе терра, республикехь а, ерриге Россехь а хуьлучу юкъараллин хиламашкахь дакъалоцуш ду, – дийцира Д.Яхъяевс.

Граждански юкъараллин а, кегийрхошна юкъахь кхолладелла долчу хьолех а, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьарх а лаьцна шайна хетарг дийцира мероприятин кхечу дакъалацархоша а. Цара билгалдоккхура юкъараллехь хуьлучу зуламечу берриге а хиламашна дуьхьал дIахьош болу идеологин болх жигарбаккха безаш хилар.

I.МУРТАЗОВ

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: