Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а

Ерригроссин физкультурин-спортан «Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а» фестиваль дIадаханчу шарахь бен юха юкъаяьккхина яцахь а, Советийн Союз йолчу хенахь дика евзаш яра. Дуккха а шераш дIадевллачул тIаьхьа и фестиваль юкъаяккха с ацам хилира Россехь спорт вовшахтухуш болчеран. Оцу Iалашонца Россин масех регионехь дIа а яьхьна иза. ХIокху шарахь Нохчийчохь дуьххьара Соьлжан кIоштахь хилира Iаьнан фестиваль. Иза дIаяьхьира оцу кIоштан Эна-Хишкарчу (Серноводск) «Сунжа» спорткомплексехь.

IMG_2763

Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденан кавалер Ханариков Муса а, кегийрхойн патриотийн «Ахмат» юкъараллин боламан куьйгалхо, Соьлжа-ГIалин мэран заместитель Хаджимурадов Хаважи а, Соьлжан кIоштан спортан декъан хьаькам Начхоев Сулим а, Эна-Хишкара паргIатчу кепара охьатохархлатарехула спортан мастер а, спортан ветеран а волу Арсанукаев Ваха а, Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон векал, Соьлжан кIоштан Кегийрхойн советан куьйгалхо Ибрагимова Малика а, Эна-Хишкарчу школийн, аграрно-техникин колледжан, автомобилийн некъийн техникуман а хьехархой а, «Ахмат», «Путин» боламийн Соьлжан кIоштахь йолчу филиалийн жигархой а, Соьлжан кIоштан администрацин белхахой а, спортсменаш а, кIоштара бахархой а. Соьлжа кIоштан кегийрхоша доггах кечам бинера фестивалан нормативаш дIаяларна.

Бовдарехула а, турника тIехь айбаларехула а, отжи- манеш ярехула а, секхаIад кхоссарехула а, герка айъарехула а, геналла кхоссаваларехула а, ерриге а аьлча спортан шийтта кепехула къовсалуш бара кегийрхой. Царах спортан бархI кеп, дакъа ца лаьцча ца йолуш тIейиллина а яра. «Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а» фестивалан къийсадаларшкахь дакъалоцуш хилларг верриге а 150 сов стаг вара. Царах уггаре а воккханиг 50 шо долу Соьлжан кIоштан администрацин куьйгалхо Ханариков Муса вара. Иза Нохчийн Республикин Кикбоксинган федерацин Сийлаллин президент а, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула СССР-н спортан мастер а ву. Кегийрхошна могаш дахар а, спорт а марзъярна юкъа доккха дакъа диллина М.Ханариковс. Фестивалан уггаре а къона дакъалацархо М.Ханариковн цхьа шой, ворхI буттий кхаьчна волу кIант Ханариков Рамзан вара. Гулбеллачара билгалдаккхарехь, иштта кегий долуш дуьйна кхио деза бер могаш а, спортаца уьйр йолуш а.

Шен къамелехь Соьлжан кIоштан куьйгалхочо Ханариков Мусас билгалдаьккхира и фестиваль кегийрхошна пайдехь хирг хиларх ша тешна хилар а, кегийрхой могаш кхиорехь а, спорте уьш марзбарехь а республикин куьйгалло дерриге а деш хилар а. – «Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а» фестиваль юкъаяккхаран хьокъехь долу указ арадаьккхина Россин Президента В.Путина. Иза къобалдеш тIеийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ТIаккха, тхайн рогIехь, тхан сацам хилира Соьлжан кIоштахь фестиваль дIаяхьа. КIоштан бахархой самукъа а долуш баьхкина кхуза. Кхузахь спортан зеделларг долу ветеранаш а, толамаш баха сатесна болу кегийрхой а бу. Со тешна ву кхечу кIошташа а иштта фестивалаш дIахьуриг хиларх, – элира М.Ханариковс.

Къона спортсменаш ира-карахIитто а, церан хааршка хьажа а кхуза веанчу Арсанукаев Вахас дийцира фестиваль тIекхуьучу чкъурана мел маьIне ю.

ХIора а дакъалацархочунна фе стивалан билгалонаш елира. Къийсадаларийн жамIаш диначул тIаьхьа, толамхошна совгIаташ дийр ду «Кийча ву къинхьегамна а, оборонина а» фестивалан Россин комитето.

I.ТЕРЛОЕВ

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: