Юнусов Хьамзатан – 60 шо

Зорбанан цIийнан актови залехь билгалдаьккхира Россин Федерацин Яздархойн союзан а, Россин Федерацин Журналистийн союзан а декъашхочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, публицистан, гочдархочун, юкъараллин гIуллакххочун Юнусов Хьамзатан 60 шо кхачар.

4-я полоса Юнусов

Юбиляр декъалван баьхкинера Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма, Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш, иштта Хьамзатан гергара нах, белхан накъостий.

И гIуллакх вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин Яздархойн союз яра. Суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

Хьалхара дош а олуш, вистхилира Ш.Жамалдаев: «Хьамзат суна вевза дикка хан ю. Нохчийн меттан хьокъехь муьлхха а хаттар кхолладелча я гочдан дезаш кехат хилча гIо-накъосталла дан кийча ву иза. Шегахь долчу Iилманах тоам ца беш, даима лехамашкахь а ву. Шена тIедиллина гIуллакх суна хаьа аьлла сацам ца беш, «Ша дагавер ву хьуна, Шаид, ша хоттур ду, вайн академехь шортта профессорш бу, накъостий бу» – олий, жоп лора цо. Сиха а воцуш, собаре а волуш, лаккхарчу тIегIанехь муьлхха а гIуллакх чекхдоккху цо». Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Хьамзатана даийтина Баркаллин кехат дIаделира Шаида.

Хьамзатах лаьцна довха дешнаш элира Гудаев Лоьмас: «Хьамзат шатайпа стаг ву. Вайн мехкан дуьхьа хьанал къахьоьгуш ву иза. Нохчийн маттаца болх барехь гIо оьшуш меттиг нисъелча, даима а карош а ву. Цкъа а хьалхара меттиг яккха гIиртина вац иза. Кхиамаш юкъара белахь а, ша юьстах волий, шен накъостий хьалха тоттуш стаг ву. Вайна массарна ма-хаъара, уггаре а чолхечу шерашкахь, Нохчийчохь оьрсийн маттахь зорбане дуьйлучу «Вести республики» газетана куьйгалла дира цо, цундела, оцу газетан бухбиллархо лара мегар ду иза. Тахана а, ша цигара дIавахча, къоначу корреспонденташ кечбаран а, церан говзалла лакхаяккхаран а туьшан директор волуш къахьоьгуш ву. Цо гойту вайна, Хьамзат мехкан хьанал кIант хилар».

Оцу суьйренехь Хьамзатах дош ала луурш дуккха а бара. ХIораммо а тоьшаллаш дира Хьамзат дика стаг а, Iилма долуш говзанча а хиларан.

– Суна уггаре а хьалха билгалдаккха лаьа Хьамзата Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» книга оьрсийн матте яккхарехь дакъалаьцна хилар. Вайн махкал арахьа бехачу нохчашна нохчийн маттахь еша ледара хаьа, цундела, царна къаьсстина боккха кхаъ хилира «Еха буьйсанаш» оьрсийн матте гочйича. Яздархойн союзо Хьамзатан юбилейна лерина совгIатана рогIера книга арайоккхур ю кестта, – элира К.Ибрагимовс.

Билгалъяьккхинчу хенал а яхъеллера суьйре. А.Газиевас юха а билгалдаьккхира Хьамзат журналистикехь санна, юкъараллехь а оьшуш стаг хилар.

Баьхкинчу хьешаша, накъосташа Хьамзатаца цхьаьна безамна суьрташ а дохуш ерзийра и суьйре.

М.ВЕГИЕВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: