Сан ненан мотт – сан деган илли

1947-чу шарахь Ингалс пачхьалкхо паргIатйитира еххачу заманахь ша олалладеш хилла Индостан цIе йолу ахгIайре. Пакистан цIе йолу керла пачхьалкх кхоллаелира. Мотт, культура, Iер-вахаран кеп тайп-тайпана йолуш ши халкъ дара Пакистанехь дехаш: урдаш, бенгалаш. 1948-чу шарахь Пакистанан куьйгалло дIакхайкхийра урдийн мотт пачхьалкхан мотт хиларан хьокъехь долу Указ. Бенгалашна иза ца тайра. Шайн къоман культурина, бIешерийн кIоргенера ларбеш схьабохьучу маттана, адамийн бакъонашна Iедало иэшам бина хийтира царна. Цу хьокъехь бенгалаша дуккха а дIахьедарш а дира, дехарш а дира, кехаташ а яздира.

Пакистанан куьйгалло шайн гражданаша дуьйцург тидаме ца ийцира. ТIаккха, 1952-чу шеран чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь, Дакка гIалахь бенгалийн къомах болу студенташ майдане бевлира шайн мотт Iедале пачхьалкхан статусе баккхийта Iалашо лаьцна. Полицайша царна тIе герз туьйхира, студентийн къона дахарш хедош. Амма, бенгалаш къар ца белира. Бенгалийн мотт пачхьалкхан мотт ларийта йолчу Iалашонца жигарбаьккхинчу боламна хьалхаелира Лиг Авами. Цуьнан къоман культуре, матте болчу безамо, урдийн цхьа дош юкъа ца далош, шера буьйцучу ненан матто дегнаш ир-карахIиттадора бенгалийн. Майрачу йоIана тIаьхьахIиттина бала кийча бара уьш. Къовсам луьрачу тIаме бирзира. 1956-чу шарахь бенгалийн толамца бирзира иза, Пакистанах дIакъаьстина керла пачхьалкх кхоьллира цара, Бангладеш цIе а йолуш. Бангладеш когайоьдучу муьрехь уггаре а хьалха, къоман мотт къевсина кхелхинчу студенташна хIоллам хIоттийра. Даккехь хIинца а лаьтташ бу и хIоллам, «ШахIид-минар» цIе а йолуш. Бенгалаша, деа шарахь цIий Iенийнехь а, ларбина шайн ненан мотт. Иштта къинхетаме орца тIе ца кхуьуш ма дукха меттанаш ду дуьнен чуьра дIадовлуш…

1999-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 17-чу дийнахь ЮНЕСКО-с дIаяьхьначу йоккхачу кхеташонехь лазамца дийцира дIадовш лаьттачу меттанех лаьцна. Дерриге а дуьне орцахдаьлла а царна тIе тидам бахийта безаш хилар билгал а даьккхира. И мехала гIуллакх хабарехьа даьлла ца дисийта хIора шарахь Ненан меттан дуьненаюкъара де даздан тIелецира. Ненан мотт бахьанехь шайн къона дахар дIаделла бенгалийн студенташ дагалоцуш, хIора шеран чиллин (февраль) беттан 21-гIа де кхайкхор бегIийла хийтира ЮНЕСКО-н кхеташоне гулбеллачарна.

2000-чу шарахь дуьйна чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Ненан меттан дуьненаюкъара де. ДIахьо цхьаьнакхетарш, дагадовларш, диспуташ. Юьйцу ненан маттаца йоьзна йолу халонаш, хьахадо иза кхиорхьама а, кегийрхошна юкъахь баржорхьама а дан дезарг. Къаьсттина лерина тидам тIебохуьйтуш ду Нохчийн Республикехь карарчу шарахь ненан маттаца доьзна дерг. Оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь итт шо кхочу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан хьокъехь» Указ арахецна. Оцу Iаламат мехалчу Указо билгалдоккху вайн республикехь ненан мотт пачхьалкхан статусехь хилар. Мел боккха Делан къинхетам бу маьршачу махкахь вешан ненан мотт паргIат бийца йиш хилар.

Кхечу къаьмнех нохчийн халкъ къастош, вайн ша-тайпаналла билгалйоккхуш, Хастам хиларо, АллахI-Дала вайна дина совгIат ду нохчийн мотт. ТIаккха цунна пе муха тухур бу? Цунна бIостанехьа муха воьрзур ву? Ас тамаш бо цхьаболчу вайн махкахоша шайна нохчийн мотт ца хаьа аьлча. Нохчийн маттал хаза, самукъане хIун хир ду, доккхачу дуьненахь лаха араваларх?! Нохчийн мотт хууш ву бохург, къоман кхетамехь адамаллин мотт хууш ву бохург ма ду! Шен мотт цахаар суна-м цхьа ша-тайпа акхаралла хета. ХIун хала ду иза тахана Iамо? Ненан маттахь зорбане дуьйлуш газеташ, журналаш ду, иштта арахоьцуш книгаш а ю. Нохчийн маттахь болх беш телерадиоканалаш ю. Дуьнено а Ненан меттан де билгалдоккхучу дийнахь мукъане а нохчийн мотт бийца вай! Зевнечу иллех тарбелла иза бекаш хилча, хIунда къехка-те вай цунах, ун даларна кхоьруш санна? Ма тамехь бека иза бос керчаш йогIу бIаьсте санна. ХIораннан лерса хьаста ницкъкхочу нохчийн меттан, хуучо иза буьйцуш хилча. Шийлачу гIайгIано йийсаре лаьцначун дог эца ницкъ кхочу цуьнан токхе еанчу гуьйренан санна.

«Йист йоцу хIорд санна бу хьуна шорта, ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт!», – аьлла нохчийн поэта Арсанукаев Шайхис. Цуьнан экамечу синна совгIат хилийта бийца безара вай вешан нохчийн мотт! Далла гергахь а вай декхарийлахь ду ненан мотт беза, бовза, Iалашбан. Цунах йоьзна ю нохчийн къоман сирла кхане. Шовкъечу деган зевне илли дина вайн мотт вай бийцахь вайн халкъ даима а сийлахь хир ду!

А.ДАЧАЕВА

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: