Цу хьокъехь долу г1уллакхаш дийцаре дира Соьлжа-ГIалин № 18 йолчу школехь хиллачу кхеташонехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, Правительствон председателан заместитела Магомадов Iабдуллас, республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала, иштта районийн администрацийн куьйгалхойн заместительша а, дешаран урхаллийн куьйгалхоша а.
Байханов ИсмаьIала дийцарехь, республикерчу хIора районна цхьацца (яккхийчу районашна шишша) тоба билгалйоккхур ю. Говзанчийн тобанаша толлур ду республикерчу школашкахь, юкъарчу дешаран кхечу учрежденешкахь долу хьелаш. Ткъа 4-чу августехь, оцу тобанийн куьйгалхоша, шаьш дIабаьхьначу белхан жамIаш довзуьйтуш кехаташ кечдан деза. Хьал талларан белхаш дIахьочу хенахь гучудевлла гIалаташ, кхачамбацарш дIадаха 20-гIа август кхаччалц хан лур ю дешаран учрежденийн куьйгалхошна.
20-чу августехь республикера юкъарчу дешаран ерриге а учрежденеш дешаран керлачу шарна кийча хила езаш ю. Цу дийнахь, школашкахь, техникумашкахь, кхечу учрежденешкахь дисина цхьа а кхачамбацарш ду-дац а, шайна дина тIедахкарш дешаран отделийн куьйгалхоша муха кхочушдина а хьаьжна, шолгIа кхеташо вовшахутухур ю.
Билгалдаккха деза, дукхахйолчу школашкахь дешаран шарна кечамаш баран хьелаш дика хилар. 2014-чу шарахь республикерчу кхаа школехь а, кхитIе дешаран шина учрежденехь а юхаметтахIотторан белхаш дIабаьхьна. Царна юкъахь ю Веданан районерчу Хоттанера юккъера школа, Нажи-Юьртан районерчу Девлатби-КIотарара а, Беной-Веданара а школаш. 1-ра сентябрь тIекхачале чекхбевр бу «БIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берашна леринчу школа-интернатехь» дIахьош болу ремонтан белхаш. Иштта, кху шарахь тойина Соьлжан районерчу Эна-Хишкара (Серноводскерчу) агротехнически колледжан гIишло. Карарчу хенахь республикехь еш кхин 16 керла школа ю.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт