Эмгаралла лело яьлла даьIахк

Долалуш дуьйна а дацара хIара неханиг санна доладелла. Нахана белхех ваханчохь, халхаран бал болийча, халхавала юкъаваьллачу сан, йоьIан когах ког а тасабелла, охьакхетта, ког кагбинера, шинахьара. Ког кагбар-м хIун дара хьуна. ХIетахь юьхьIаьржа хIоьттина хIинца а меттаваза ву со. Дакъаза ма баларг ког а бац-кха тобелла болуш. Вовшах ца хотталуш, дуьхьал яьлла даьIахк а.

Сайн ши Iаса а луьйзуш баттахь шозза-кхузза лоьра тIе воьду. Шена тIе мел вогIу: – Так, стаг, охьа а воссий, рентген яккхийтал, – тIедожадора суна лоьро.

ПхоьалгIачу гIатт тIера хьалхарчу гIатт тIе охьатекхара со хIоразза а. Куьзгана тIе баха марзбина сан ког хIинца, со оцу «Рентген» аьлла йоза тIе яздинчу кабинетерчу стоьлана тIекхоччушехь, сан бертаза, ша-шах стоьла тIе хьалагIерта. Суьрташ дахарх хийцалуш хIума а дац. Ша ма-ярра, херъеллачохь лаьтташ ю даьIахк. Шена гайта схьадеанчу суьрте а хьожий лоьро: – Дика ду. Iаламат дика ду. Ирахь а ма лела. Вижина а ма Iилла, – олу.

– ТIаккха, хIун де ас?

– ХIуммаъ. Собарде. Все будет нормально.

Тхойшиннан и къамел хуьлу тхойшиъ вовшах мел кхета. Баттахь шозза бен ца кхеттехь а хIинцале бархIазза цхьаьнакхетта хуьлу тхойшиъ. Суна и къамел кIордийна. Хабар дийца Iамийначу тотайхех тарделла суна лоьран и къамел: «Дика ду. Iаламат дика ду. Ирахь а ма лела. Вижина а ма Iилла».

Собар кхача а дина (сайна бале даллал соьгахь иза хила а хилла), тIаьххьара лоьра тIевахча ас цуьнга ала а элира: «Дика ду, Iаламат дика ду» – бахахь а сан коган даьIахк хотталуш а ма яц, рентген яккхарх сан кисанна хьокха кхетар доцург, хуьлуш хийцам а ма бац, нислуш хIума а ма дац…

– Хьо сих ма ло. Биъ бутт. Пхи бутт дукха хан яц. Массо хIуманна а бехке и куьзга ду, рентген олу-кх оха, лоьраша, цунах. Бодане хуьлу цигахь яьккхина снимок. Цхьанхьа, кхечанхьа вахана яккхийта еза ахь иза.

– Еза?

– ХIаъ.

– Мичахь?

– Ца хаьа. Хьайна луъучохь.

– Йоккхур юй луъучохь?

– Ю. Паспорт, полис дIало, йоккхур ю… Вайн гIали йисттехь ю хьуна цхьа дика больница. Цига гIуо хьо.

Муьлххачу а лазархочун амал хилла-кх шена дарба хиларе сатосуш. Иштта, кхин лелош дарба-молха а доцуш, сайн когана гIолий хиларе сатесна, вовшашца эмгаралла лаьцна шина декъе екъаелла дIахIоьттина даьIахк вовшаххоттаяларе дог дохуш, лоьро хьехначу больнице кхечира со. ЭхI, ма хаза яр-кха иза. ХIинцца йина. ЦIечу кибарчигийн больница. Лекхачу гу тIехь хиларна а, арахь ша хьаьхна хиларна а «куьцехь конкеш хоьхкуш» цуьнан кIайчу неIаре кхечира.

Ма исбаьхьа дара цу чохь. Керла йийбар. ЦIена чоьнаш. ХIурлаIа мехкарий санна, кIайн духарш дуьйхина дIасалела лоьраш, медйижарий. Цаьрга хьаьжча сайн коган даьIахк вовшаххоттаяла ойла хьаьвзина йолуш санна хийтира суна. «Iехавелла ма хуьлийла со», – аьлла, «Рентген» йоза лоьхуш неIарш ягаръеш ехачу сенечухула дIаволавелира со, Iасанашца «кIалц-кIилц» деш.

– Ахь хIун лоьху? – сацийра со санитарка хила там бу-кх аьлла хетачу зудчо.

– Рентген, – элира ас доцца.

– ШолгIачу этажа тIехь ю, – кхин къамел дах ца дира зудчо а.

ШолгIачу гIатт тIехь карийра оьшуш йолу кабинет. НеI туьйхира шозза-кхузза. Тийналла яра. ТIаккха неI схьаозийра. Къевлина яра, догIа тоьхна. Юххерчу кабинетан неI туьйхира. Иза рентгенологан неI яра. Юха а. Дуьхьал аз ца хезча, неI схьаозийра. Цхьадика, схьаеллаелира.

– Де дика хуьлда, чуван мегар дарий?

– Диканца вехийла. Чувеана велира хьо-м. ХIун оьшура хьуна?

– ХIокху когана снимок яккхийта дезаш вар-кха со.

– Мичара ву хьо?

– Ва-м Дишни-Махкара вара со, вуьшта Iаш Соьлжа-ГIалахь ву.

– Ахь буьйцу мохк ца бевзара суна, хьуо муьлхачу районехь Iаш ву дийцахьа.

– Старопромысловски.

– Улица?

– Ильичан весеташ.

– ДIавала, аравала, хьо тхан вац.

– Вай, хьенан ву со тIаккха?

– Дукха а ца луьйш аравалахь, ах сахьт даьлча цIа яха езаш ю со.

– ЦIа-м гIур яра хьо ах сахьт даьлча. Хьуо дIаяхале со муьлхачу больнице ваха веза дийцахьа, хIокху кIоштахь когана снимок йоккхуш рентген хIокху поликлиникехь бен ца хилча? – дуьхьалвелира со.

ХаьнтIе ши куьг а хIоттийна, тIайтIе гIорийна бугIа санна бIаьргаш къарзийна лаьтташ лор а яр-кх. Эцца тIекхаьчначу цуьнан белхан накъоста, оха дуьйцучун кхин духе кхиа а ца гIерташ: – Вало, охьа а воссий, кассера квиток дахьа, дIаваха кхетар волуш хьо а вац, – элира.

Квитоко гIуллакх дира. Аьлча а ахчано дир-кха гIуллакх. Хьалххе сайга и аьллехь, ас тоххарехь яьккхина хир ма яра иза. Паспорт а, я адрес а ца хоьтту, фамили яьккхичхьана схьалуш ма-хиллийц хьуна иза. Сан ког юха а куьзгана тIе баьккхира. Шозза дIаса а карчош сурт даьккхира.

– Охьавосса, вели хьо. Аравала, – элира лоьро.

– Суьрта тIехь дерг муха ду, хIун ду хьан дуьйцур ду? ДаьIахк хотталуш юй-те? Чохчам лацаеллий те?

– ОстогIфируллахI, – элира лоьро халла хезаш. Юха чIоггIа, – хIокху чохь рентгенолог ву. Цо дерриге а дуьйцур ду, – букъ берзийна, дIаяхара лор.

Со сени чу а ваьлла, нисделлачу кIедачу гIанта охьахиира, лоьро итт минотехь собарде а, аьлла. Итт минот а дIаелира, ткъа а елира. Оцу юкъана цуьнан неIарехь гIеххьа рагI хIоьттира. ТIаьххьара тIевеанарг цкъа рогIехь болчаьрга вист а хилла, суна тIевеара.

– Хьо вуй тIаьхьара? – хаьттира цо.

Оццу хенахь шен кабинетан неI схьа а йиллина: «Схьавоьл!» – аьлла тIекхайкхира со лоьро. Вист ца хуьлуш снимок схьакховдийра. Иза къайлавалале: «Муха бу сан ког?», – ала кхиира со.

«Дерриге а цу тIехь гур ду хьуна. Ца гуш дерг хьуна операци йиначу лоьро дуьйцур ду», – тIекъовлаелира неI.

Ткъа соьга хаттар динарг, бага а гIаттийна лаьтташ вара.

– ТIаьхьара со вуй бохура ахь?

– ХIаъ, бохура.

– Вац, сан ваша, со тIаьхьара вац, со тIаьххьара ву кху поликлиникехь, кхин цкъа а вогIур а воцуш, – элира ас.

… Сайн Iасанаш а луьйзуш дIалелаш ву со-м. ГIали юккъехь Iасанашца вогIуш воккха стаг гича хоийла шуна иза со, Хьасанан СаьIид вуйла, я больнице воьдуш я, цигара вогIуш. Вовшах ца хоттаяла чIагIо йина сайн коган даьIахк санна, сайн ког тобаллалц лоьрийн самалха ца далийта чIагIо йина ву-кх со а.

ХЬАСАНАН САЬIИД

№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: