Тамашийна хан ю вайн карахь ерг. Мел халахеташ делахь а, дукхах болчу вайн заманхойн синош соьмехьа дирзина. Уьш книга каралаца, газет, журнал деша ца ларабо. Баккъал а аьлча, царна уьш дага а ца догIу, дош-дезар а ца хета. Кхин мехаллаш ю вайн цхьаболу заманхой йийсаре лаьцна, тахана, коьртачу декъана, олалла деш. Делан къинхетамца нохчийн литература-м кхуьуш ю, беркате зазахецна, серлаюьйлуш, къоман кханенах дегайовхо чIагIъеш. Къаьсттина исбаьхьалла хаало нохчиийн поэзехь.

Поэзин жанр даима яра нохчийн литературехь нуьцкъала. Буьйса хазйина седарчий санна серлаюьйлу, къоман литература хьахийначохь, халкъан сийлахьчу поэтийн: Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Гадаев Мохьмад-Селахьан, Сулаев Мохьмадан, Дикаев Мохьмадан, Абдулаев Лечин, Бисултанов Аптин, иштта кхечеран цIерш а. Нийса хир дацара къоман поэзехь хьанал къахьегначу нохчийн зударийн цIерш ца яьхча. Царах ю Исаева Марем, Курумова Селима, Анзорова Балкан, Ахматова Раиса, Гайтукаева Бана.
ПохIмечу зударийн сийлахьчу цIерша серлабаьккхина могIа тахана кхин а шорбан аьтто бу вайн. Ала дош, дешархойн дегнашка иза дIакхачо хьуьнар, говзалла йолуш зударий кIезиг бац нохчийн литературехь къахьоьгуш: Жумалаева Лула, Талхигова Роза, Дагалаева Малика, Зуцаева Хадижат, Эльдиева Марет, Тапалаева Амнат, Халикова Асет, Арсалиева Люба, иштта кхиберш а. Церан байташа дог-ойла тIома йоккху, дикане, къинхетаме, маслаIате, машаре, Даймохк безаре кхойкху. Оцу мехкарех цхьаннах, Петирова ПетIаматах ду вайн хIара къамел. Нохчийн поэзин майданахь къахьоьгучу къоначу поэтессех цхьаъ ю иза. Эсала йоI а ю иза. Цуьнан башхачу амало тешаво дика адамаш хIинца а вайн махкахь алссам хиларх. Цунна Iаламат чIогIа дукхадеза нохчийн къам а, цуьнан мохк а. Къам дукхадезар – иза дуьхьал мел кхеттачунна мараветтавалар ма даций!? Оцу халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьегар ду, чолхечу дахарехь денна тIеIиттало кега-мерса халонаш тергал ца еш. Иштта къахьоьгучу адамех цхьаъ ю Петирова ПетIамат. Цуьнан тайна, собаре амал бIаьстенан ховхачу зазанах юьйцина хетало. БIаьстенан кIайчу зазанах ийна хетало цо яздина башха могIанаш а. ПетIамат-м цхьабосса хьуьнаре къахьоьгуш ю прозехь, поэзехь, журналистикехь. Иттех шо ду иза «Исламан зIаьнарш» газетан коьртачу редакторан заместителан болх беш йолу. Шена тIедехкина декхарш кхиамца кхочушдарца, цхьа наггахь нислучу мукъачу миноташкахь, литературехь къахьега ларайо иза. Цунна кIорггера хаьа нохчийн мотт. Говзачу пхьеро санна, къегина басарш ца кхоош васт кхолла, кхоьллина васт дешархошна дезадалийта говзалла ю цуьнгахь. Петирова ПетIамата шен кхоллараллехь далош долу дустарш, къоман дахаран сурт хIотто ницкъ кхочуш ду, цаьрца нохчийн халкъан хIуо ду, Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь бехачу ламанхойн хатI ду, уьш гергара, уллера хета муьлххачу а дешархочунна.

П.Петирова дуьнен чу яьлла, дерриге а дуьненахь а, уггаре а хазачу меттехь – Веданан кIоштарчу Элистанжа юьртахь 1982-чу шеран чиллин (февраль) беттан 12-чу дийнахь. Массарна нуьцкъала хеттачу Советийн Iедалан мукъ малбала болабелла, Iедалан векалш кIотархойн синкъерамехь санна, хабаршка бевлла хан ю иза. Делахь а, и хийцамаш Кавказан къоьжачу лаьмнашка хьалакхачале Петиров Русланан йоI ПетIамат школе деша яха а кхиира, юьхьанцара классаш кхиамца чекхъяха а ларийра.
1994-чу шеран гурахь болабеллачу буьрсачу тIамо дагахьдоцуш хадийра 12 шо кхаьчначу йоьIан ирсе бералла. Нохчийн ерриге а ярташка санна, дуккха а бохамаш Элистанжа а кхечира, царах дакъа ПетировгIарна а. Бакъду, ПетIаматан нанас Тамусас яхь дIацалуш, доьналлех ца юхуш, ламанан лечано шен кIорнеш санна, тIома кIел лаьцна, Iалашбира доьзал. Мокхаз санна чIагIъелла, халонашна къарцалуш шелонах, мацаллех лардеш, оцу муьрехь дукха нислучу авиатохарех хьулдина ларми чохь, хене даьккхира шен пхи бер. Доьзалехь шолгIа бер ду ПетIамат, амма йоккхахъерг Таиса елахь а, дечу гIуллакхна, ненан дог эцарна, амал эсала хиларна билгалъюьйлуш яра вайн турпалхо. Хетарехь, оцу буьрсачу деношкахь сецна яьлла цуьнан поэтесса хила йолу ойла. ТIеман цIарах догуш дуьне долуш, Делан диканах дог ца дуьллуш, дахарх тийсало декъаза синош – бIешерийн кIорггенера схьайогIу тема ю иза, литературехь къахьоьгучарна хаддаза ойланаш ян синкхача луш. Оцу муьрехь ПетIамат дика кхеташ яцара Нохчийчохь хIоьттинчу инзаре ирчачу хьолах. Цуьнан кхета хан яцара. Амма дуьнен чохь яккха йисинчу ханна цуьнан экамечу сица даха дисина луьрачу тIамо вайн махкахь латтийна ирча суьрташ. Уьш хIинца а цуьнан ойланех хьерчаш ду, буса гIаннабаршкахь тIаьхьара ца довлуш. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзинчу бохамечу дарцийн шогалла йицлойла дац, цкъа гиначунна. ПетIаматан жимах йолу йиша йийра вайн махкахь шолгIа тIом болалуш. Делахь а, шен ненах Тамусех собарца сатоха Iеминчу йоIа, къаьхьа къурд беш, хьулбира шен даима Iийжаш, садуу дегалазам.
1998-чу шарахь, кхиамца юккъера школа чекх а яьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшуш яра ПетIамат шолгIа тIом болалуш. Цунна товш ца хетара махкахь хIоьттинчу тезетахь шен шийла гIайгIа Iораяккха. Цунна леткъамаш беш, бевза-безачарна гуш бIаьрхиш Iено. Нохчийчохь цхьа а керт яцара тIеман дакъа кхачаза. КIезиг яцара чуьра шиъ, кхоъ стаг кхелхина хIусамаш а. Цунах дика кхетара бераллехь дуьйна семачу хьекъалца нийсархошна юкъахь билгалъюьйлуш хилла ПетIамат. Цо кхиамца чекхъяьккхира университет. Ирсо зазахеца доьгIна ца хиллехь а, цIера араялар нисделира. Цундела цхьайолчу ханна Iер-яхар Хоттаничохь дара ПетIаматан.
2000–2006-чуй шерашкахь Хоттанерчу юккъерчу школехь болх бира П.Петировас оьрсийн мотт, литература хьоьхуш. Шен предмет дика евзаш, хууш хьехархо яра иза, белхан накъосташца мегаш, тарлуш чекхйолуш а яра. Делахь а, цунна къаьсттина дика хаьа нохчийн мотт. Иштта кIорггера евза нохчийн литература. ЙоьIан царна тIехь даима а са латтар хила там бу цуьнан бахьана. Школехь доьшуш йолуш дуьйна цхьацца йозанаш деш, зорбане юьйлуш яра иза. Хоттанерчу школехь болх бан йолаелча, мелла а алсамдевлира цуьнан йозанаш, дешархойн тидам шайна тIе а ийзош. КIоштан газетан а, «Даймохк» газетан а агIонаш тIехь гучудуьйлу йоьIан поэзин цхьацца могIанаш. Цаьрца шатайпа хатI а, ненан мотт хаар а, Даймехкан Iаламе сема бIаьрг тоха хаар а го. Цундела дукха тамашийна ца хета школехь берашца болх бар дIатесна, 2006-чу шарахь иза Нохчийн Республикин книжни издательстве балха яр. Кхузахь цунна уллера бевза нохчийн яздархой, поэташ, журналисташ. Цара а тидам боцуш ца юьту нохчийн литературин хьаьрме кхача сатуьйсу йоI. Нохчийн Республикехь зорбане дуьйлучу цхьамогIа «Нана», «Орга», «Вайнах», «ЗIуга» журналашкахь а , иштта республикин «Даймохк», «Исламан зIаьнарш», «Хьехархо» газеташкахь а гучуйийла юьйлало Петирова ПетIаматан шайн башхаллица къаьста байташ. Дукха хан ялале Нохчийн Республикин книжни издательство кест-кеста арахоьцучу кегийрхойн цхьаьнатоьхначу гуларшкахь карадо вайна къоначу поэтессин башха могIанаш. Уьш цо яздо Заза псевдонимаца. Мухха яздахь а, шен хатI долуш, бIаьстенан зазанах бос керча кхолларалла езачарна евзарйолуш, дешархойн синкIоргене кховда ницкъкхочуш язъеш говзарш ю уьш. Цуьнан говзарш, иштта, зорбане йийлина «МаргIалаш» а, «Нохчийн дийцар» а гуларшкахь.
2009-чу шарахь «Сатийсаман заза» цIе йолуш, шен къаьстина поэзин гулар зорбане яьлла цуьнан. Тахана шен шолгIа книга зорбане яккха кечйина а яьлла. Вайн ирсечу дахаран зевнечу аьзнаша хьекъийна ю цуьнан поэзи, дикане, къинхетаме, безаме кхойкхуш, къоман кханенах дегайовхо чIагIъеш ю дукхах йолу байташ. Царах цхьаерш оха шун кхиэле йохку.
Дог дилла боху ахь?
Ткъа ахьа-м и даха меттиг ца битнера…
Ма веза боху ахь?
Ткъа ахьа-м хьуо веза цкъа а ца баьхнера…
Сатийсам къахкий-кх ахь ─
Ткъа цунах хьан хІун даьллера?
БІарлагІа яржий-кх ахь
Со цунах ма Іехаеллера!
БІаьргийн нур кхолий-кх ахь…
Хьо-м цунах цкъа а ца тешнера…
Бендацар толий-кх ахь…
Ткъа суна хьо мел эшнера…
А.ГАЗИЕВА
№14, шинара, чиллин (февраль) беттан 21-гIа де, 2017 шо