Республикехь административни дуьхьалонаш лахъяран а, инвестицешна а, предпринимательствона а бегIийла хьелаш кхолларан а ведомствошна юкъарчу белхан тобанан («проектийн офисан») кхеташо дIаяьхьира экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствехь.
Цигахь дакъалецира Правительствон Председателан заместитела, «проектийн офисан» куьйгалхочо Хь.Хакимовс а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитела Я.Бисултановс, иштта «проектийн офисан» декъашхоша а: гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министра М.Зайпуллаевс, Архитектурин а, гIаланаш яран а пачхьалкхан комитетан куьйгалхочо М.Гайрбековс, Пачхьалкхан регистрацин, кадастран, картографин федеральни службин республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо И.Жандаровс, кхечара.
Кхеташонан дакъалацархоша дийцаре дира Iалашонийн 12 моделана «дорожни карташ» хIитторан а, уьш тIеэцаран а, гIуллакхаш. Уьш тIеэцначул тIаьхьа, кхеташонехь билгалдаьккхина ма-хиллара, республикехь бизнес лелон атта а хир ду, инвестицешна республика бегIийла хилар лакха а дер ду.
Юьйцучу моделашна юкъахь ду гIишлошъян а, меттигна план хIоттон а бакъоялар, латтанаш а, дIаса ца бахьало бахам а кадастран учете хIоттор, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствона гIо-накъосталла дар, тоькан а, газан а сеташна церан (предпринимательствон а, бизнесан а) объекташ тIетасар (технологин агIор тIетасар), иштта дIа кхин а.
Хь.Хакимовна хетарехь, йийцаре еш йолу хIора а модель республикехь инвестицешна бегIийла хьелаш кхолларан Iалашонца кечйина а, карарчу шеран чаккхенехь хьалхара жамIаш лур долуш а ю. Республикин хIора а «дорожни карта» бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Region-ID интернет-майданахь зорбатоьхна хила езаш ю. Оцу гIуллакхна тIехь терго латтор ю кхочушдаран федеральни органаша, тайп-тайпанчу ассоциацийн а, Стратегин дIадолорийн агентствон (АСИ) а говзанчаша.
Кхузахь билгалдаккха догIу оцу «дорожни картийн» гурашкахь дIаяьхьначу мероприятийн эвсаралле хьаьжжина, 2017-чу шарахь инвестицешна тоьлла хьелаш кхоьллина йолу Россин Федерацин субъекташ билгалъяхаран рейтингехь республикин мах хадориг хилар.
Республикехь «дорожни карташ» кечдан хаьржина кхочушдаран ялх орган.
И.АДАМОВ
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо