Москвахь совгIат дира къоначу турпалхочунна

ХIокху беттан 17-чу дийнахь Москварчу Коьртачу академин театрехь дIадаьхьира мехкан уггаре а турпала берашна совгIаташ дар.

IMG_8760

ГIо-накъосталла эшначохь шегара къонахалла а, турпалалла а гайтарна «Догу дог» совгIат делира Iалхан-Юьртарчу Гаплаев Iалимана а. Иштта, цуьнан цIе а, ши шо кхаьчна долу бер цо кIелхьарадаккхар а Сийлаллин книги тIе дIаяздина.

Дагадоуьйту дIадаханчу шеран март (бекарг) беттан 16-чу дийнахь, 16 шо бен доцу Гаплаев Iалим, хин йистехь бер доьлхуш шена хезча, орцахваьлла хилар. Цунна гира хи буха доьдуш долу бер, цо иза, хьием ца беш, кIелхьара а даьккхира. Оцу дийнахь дененаца а, шен йишица а бираьнчик тIехь хахкавала валийнера жима Iалихан. КIентан йоIе хьаьжжинчохь, кIант шена генаваларан тидам ца хиллера йоккхачу стеган. Церан ирсана, Iалим каде хьовзар бахьанехь, бохам ца хилира.

Гаплаев Iалима билгалдоккху, ша дина гIуллакх муьлххачо а дийриг хиларх ша тешна хилар а, адамаш вовшашка хьовсуш а, вовшашна гIо деш а хила дезар а.

– Сайна иштта совгIат дийр ду бохург дагахь дацара суна. Оьшучунна гIо-накъосталла дан муьлхха а декхарийлахь ву аьлла а хета суна. Сайн нийсархошка гIо оьшучохь, бенцахетар а доцуш, орцахдовла кийча хила дезара, эр дара ас, – дуьйцу Iалима.

Карарчу хенахь иза доьшуш ву Саратовехь йолчу Бакъонийн академехь.

«Догу дог» совгIат луш ду халачу хьелашкахь адамашна орцахбовларца, гIо дарца билгалбевллачу 23 шо кхачаза болчу кегийрхошна а, берашна а.

СовгIаташдаран даздарехь къамел дира Социальни-культурин дIадолорашна гIо даран фондан куьйгалхочо Медведева Светланас. Цо билгалдаьккхира, бераша хIинцале а шайн дахаран коьрта экзамен дIаелла хилар.

– Аш гайтина турпалалла гайта меттиг миччахь а карош хилар. Адамалла хиларан шайн дахаран хьалхара экзамен дIа а елла аш, – элира С.Медведевас.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон совгIаташ Гаплаев Iалимана а, кхечу берашна а дIаделира Рос- син Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Колокольцев Владимира. Цо, бераш декъал а деш, билгалдаькхира шайгара турпалалла гайтина долу бераш цхьаьнатухург церан хьуьнар а, доьналла а хилар.

Билгалдаккха деза, хIокху шарахь «Догу дог» проектан вовшахтохарал- лин комитете дахьийтинера Россин 85 регионера совгIат дан хьакъдолчу берийн цIарах 1 115 кехат. Лауреаташ хилира 132 бер (царах 7 – кхелхинчул тIаьхьа). ХIокху деношкахь совгIаташ динарш 28 бер ду. «Догу дог – 2017» Сийлаллин книги юкъаяхана къонахалла а, турпалалла а, граждански жигаралла а, оьшучохь, шаьш шайн ца кхоош, гIо-накъосталла диначу кхузаманан кегийрхойх лаьцна бIе шовзткъе цхьа истори. Ишттачу кегийрхоша оьшучу минотехь гIоьнна куьг а кховдадо, муьлххачу а дахаран чолхечу хьолера сийлаллица хьалха а бовлу а, юкъа- раллина пайдехь хила а хаьа царна. «Догу дог» совгIаташ дар 2013-чу шарахь дуьйна цуьнан лауреат хилла 400 стаг.

I.МУРТАЗОВ

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: