Брест-гIопера – Берлине

Гуьмсан кIоштан Ишхой-Юьртарчу Гайтукаев Даккин кIантана Iелина цкъа а дагахь дацара шех бIаьхо хир ву бохург. Нохчийчоьнан хазачех цхьаъ йолчу Ишхой-Юьртахь 1920-чу шарахь дуьнен чу ваьлла Iела. Иза машаре стаг вара. Юьртарчу школехь ворхI класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо караерзийна корматалла яра, доккхачу дуьненахь лаха араваларх шел машаре кхин карорйоцучарех цхьаъ. Соьлжа-ГIалахь йолу хьехархойн училище чекхъяьккхина, ша дешначу школе юхавирзинера иза, юьртахойн берашна Iилманан баххаш довзийта Iалашо йолуш.

Безаш хаьржина болх масех шарахь бан ларийра, бераллехь дуьйна безамца бIаьрг бетташ хилла хаза йоI ша вехачу хIусаме ялийна, къона доьзал кхолла а ларийра Гайтукаев Iела. Цуьнан массо а сирла сатийсам маьршачу дахарца боьзна бара. Амма гергашершаш дара сингаттамечу бодано кхолийна ХХ-чу бIешеран 40-гIа шераш. Цара гIайгIане ойланаш латтайора жимачу стеган коьртехь. Бераллехь ирачу хьекъалца билгалвуьйлуш хиллачу Iелин даго хьоьхура Малхбузехь зуламийн кхийсарш ечу Гитлер Адольфан яппарш цкъа мацца а вайн Даймахка кхочург хилар. Аьлча а, адамалла сица йолу Iела кхоьрура Гитлера Европехь марсадаьхначу зуламийн дIовш вайн Даймахка кхачарна. 1940-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Гуьмсехь, цIерпошт тIе а ваьккхина, ЦIечу Эскаре дIахьажош а цунна дага ца деанера ша тIаме кхочур ву бохург. Нохчийчуьра накъостий бара цуьнца. Царах дукхахберш Гуьмсан кIоштарчу ярташкара бара.

Юьхьанца Барановичи гIалахь совцийра Iела а, цуьнан накъостий а. 42-чу дивизин 455-чу полке кхечира, Нохчийчуьра кегийрхой. Цул тIаьхьа, 1941-чу шеран бекарг (март) баттахь, 42-гIа дивизи Брест-гIопе дехьаяьккхира. 455-чу полкан 3-чу батальонна юкъайогIучу 8-чу ротехь вара Iела. Йоза-дешарца уьйр-марзо а, йозанан хатI хаза а хиларна ротин йозанча (писарь) хилар тIедиллинера цунна. Цуьнан махкахоша дозалла дора шайн бIаьхаллин накъост, командир иштта ларам болуш хиларх. Шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош, массаьрца гIиллакхе, велавелла, векхавелла, тIекаре вара Гайтукаев Iела.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 21-чу дийнахь гIаролехь вара вайн махкахо. Цундела дийнахь сарралц ирахь хьийзина, гIелваларна, наб чIогIа кхеттера. ШолгIачу Iуьйранна садаьржаш цхьа тамашийна инзаре гIовгIа йохьуш догIучу татано самаэккхийтира… Иштта дIадуьйладелира Гайтукаев Iелин луьрачу тIеман буьрса некъаш. ЦIечу Эскаран 28-чу корпусана юкъайогIуш яра Гайтукаев Iела юкъахь волу 42-гIа дивизи. Корпус Брест гIалахь лаьтташ яра, арахьахула гIап ларъеш. Масех сахьтехь тIом бира дивизис. Амма, эрна бIаьхой хIаллак а ца беш, юхадовлар гIолехь хиларх кхеттачу эпсарша, Барановичи гIалегахьа юхадовла сацам тIеийцира. Хаддаза, авиатохарш деш, тIехула хьийзаш немцойн кеманаш дара. Царах озавелла яхь дIаяла йиш йолуш вацара вайн махкахо. Цунна хIинца «бале даьллера» ротин йозанча хилар. ДегIаца хьулдина, шеца лелош дара Iелас ротин документаш. 200 чаккхарма сов некъ бан дийзира цуьнан уьш гехь долуш, вайчарна тIекхаччалц…

1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь вайнах махкахбахар Кавказера схьабевллачу дукхах болчу бIаьхошна санна, халонга делира I.Гайтукаевна. Цунна гечо карийра Даймехкан сий лардечу тIамна юккъера ца вала, кхиболу вайнах кхехкачу тIамера схьа а бохуш, Юккъерчу Азе дIахьийсочу муьрехь. Берлине кхаччалц тIом бина цо доьналла, майралла гойтуш. Делахь а, уггаре а халачарех цхьаъ а хилла, Iелин иэсехь дисинарг, ротин документаш гехь долуш, ша бина 200 чаккхарма некъ бара.

А.ГАЗИЕВА

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: