Карарчу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь 95 шо кхочур дара нохчийн халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан. Оцу хиламца доьзна Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь А.Сулеймановн цIарахчу музейн кхерчахь поэтан кхолларалла йовзарехула хаарш къовсуш конкурс хилира чиллин (февраль) беттан 15-чу дийнахь.

Конкурсехь дакъалоцуш бара Олхазар-КIотарарчу №1, 2 йолчу школийн дешархой а, Эна-Хишкарчу юьртабахаман колледжан оцу юьртахь йолчу филиалан студенташ а.
Жюрин декъашхой бара Нохчийн Республикин халкъан яздархо, «Вайнах» литературин журналан коьрта редактор Ахмадов Муса, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а отделенин доцент, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, яздархо Резванова Айза.
Олхазар-КIотарарчу юьртабахаман колледжан филиалера К.Джамалдинова, И.Аслаханова, Р.Джумаева, Х.Умханова, №1 йолчу школера Р.Саламова, Хь.Жаларова, И.Хабибулаева, М.Эсиева, №2 йолчу школера Р.Хасиев, Д.Дубаев, К.Джукалаева, З.Дубаева яра конкурсехь дакъалоцуш.
Сулейманов Ахьмадан поэзи дешархоша дика Iамийна, царна евзаш, езаш хилар хааделира тхуна. ХIора дош къаьсташ, хаза йоьшура цара поэтан байташ. Поэтан поэзин гуларна юккъера, иллеш хилла, гIараевлла ю: «Шуьнехь дош», «Берд», «Весет», «Ма дохковаьлла со», «ДоттагIаша олу соьга», «Лойша суна», «Мичахь ду хьан ницкъ, кураллий», «Ма ала соьга», иштта кхийолу байташ. Массарна а хазахеттера Олхазар-КIотарарчу №2 йолчу школин дешархоша Джукалаева Каринас а, Дубаева Залинас а, кар-кара оьцуш, «Ма дохковаьлла со» боху байт ешча. Конкурс дIайоьдучу юкъанна дечиг-пондарца иллеш олура «Могаш-маьрша» передачин жигара дакъалацархо хиллачу Арзимиев Идриса.
Байташ ешна бевлира дешархой. Жюрина бисира уггаре а хала болх – толамхой билгалбахар. Хьалхара меттиг Олхазар-КIотарарчу №1 йолчу школин дешархочо Хабибулаева Иймана яьккхира (иза кечйинарг оцу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Туриева Луиза яра). ШолгIа меттиг Эна-Хишкарчу юьртабахаман колледжан студенткас Джумаева Раянас яьккхира (цуьнан хьехархо Жохар вара). КхоалгIа меттиг Олхазар-КIотарарчу №2 йолчу школин дешархошна Джукалаева Каринина а, Дубаева Залинина юкъахь йийкъира (йоIарий кечбинарг оцу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Магомадова Роза яра). Толамхошна ахчанца совгIаташ, Сийлаллин грамоташ елира. Иштта, конкурсан берриге а дакъалацархошна а елира Сийлаллин грамоташ. Конкурсан жамIаш диначул тIаьхьа музейн белхахочо Сулейманова Совдата дош делира Олхазар-КIотарарчу юьртан администрацин куьйгалхочун заместителе Акбулатов Юнаде.
Цо баркалла элира шайн музейхь вовшахтоьхначу конкурсе баьхкинчу хьешашна М.Ахмадовна а, Ш.Джамбековна а. Сулейманова Совдата хаийтира поэтан Сулейманов Ахьмадан 95 шо кхачарна лерина гIуллакхаш кхидIа а дIадахьа шаьш дагахь хиларх лаьцна.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо