Муьлххачу а метте вахача, масала, туькана я кафе, хьо тIелоцуш волчу стеган гIиллакхе, оьздангалле, лела хааре, вуьшта аьлча, хьо тIелацаре хьаьжжина юх-юха а цига ваха догдогIу.
Махлелоран «Беркат» туьшахь йолчу «Пицца-престо» кафе чу доьлху тхо тхайн белхан накъосташца цхьаьна делкъе ян. Иштта евзина тхуна кафен белхахо Асабаева Элиза. Иза цигахь официантка ю. Тхо цу чу дуьххьара даханчу дийнахь елаелла-екхаелла, шена ца девзашшехь, тхох хIоранга а могаш-паргIат хоттуш йистхилира Элиза. Эсала йоI ю иза. «Де дика хуьлда шун, марша догIийла» олий, йистхуьлу иза тхох шен бIаьрг кхетташехь. Элиза дера, дог ца догIуш тхуна цкъа а ца гина. Оьзда а, адамашца уьйр-марзо йолуш а хиларо кхин а хазйо иза. Цуьнгахь йолчу дикачу амало гойту ийман, хьекъал долчу, дайн гIиллакхаш лардечу доьзалехь иза кхиъна хилар.
Цуьнга безам бахана долу тхо, Элиза евзинчул тIаьхьа иза йолчу бен ца доьлху делкъе ян. Тхуна хаьа цигахь тхаьш дика тIелаца дог-дика Элиза юйла.
З.ХАРОНОВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо