Масех де хьалха Зорба- нан цIийнан актови залехь «Вайнах» радион дикторан Эльмурзаева Розин 75 шо кхачар а, радиохь цо болх бен 60 шо кхачар а даздира. Цигахь дакъалецира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Iаламада, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша, Эльмурзаева Розин гергарчара, цуьнан белхан накъосташа, иштта, иза дукхаезачара. Суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.

Хьалхара дош а олуш вистхилира Гудаев Лоьма.
– Вайн нохчийн зударшка болу ларам кицанашкахь а буьйцуш бу. Шайх лаьцна дийца хьакъ долуш дуккха а зударий бу вайн. Ишттачарах ю Эльмурзаева Роза а. «Вайнах» радио со болх бан вахча евзира суна Роза. ХIетахь дуккха а хIума хьийхира цо суна. Доккха хьекъал делира. Тахана, и хан дагаеача а, хазахета суна. Тхайн нана санна лору ас Роза. Вайна ма-хаъара, 15 шо кхаьчча дуьйна радиохь болх беш ю Роза. Майрра ала йиш ю, иза нохчийн халкъан легенда ю, – аьлла.
Цул тIаьхьа Л.Гудаевс Умаров Джамбулатан цIарах Баркаллин кехат дIаделира Розина. Баккъал а шех лаьцна дика а, хаза а дош ала Роза хьакъ хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан философин кафедрин заведующис Гадаев Вахас.
– Розах лаьцна дийца дуккха а ду сан. Суна иза евза а яц кIезиг хан. Цуьнца цхьаьна болх бина ву со. Тахана майрра ала йиш ю сан: дикторан говзалла суна Iамийнарг Роза ю. ХIетахь цхьаьна яьккхина хан дагаеача самукъа а долу. Цул тIаьхьа дуккха а шераш дIадевлла, амма, жималлехь ма-деккара, хаза а, аьхна а дека Розин аз хIинца а. Иза санна долчу адамех книга язйича дика хир дара. Со тешна ву цунах лаьцна книгаш язъеш зама а йогIург хиларх, – элира В.Гадаевс.
ГIалгIайн махкара хьеший а бара Роза декъалъян баьхкина. Царах цхьаъ Ганукаева Раиса масех шарахь Розица цхьаьна болх бина ю.
– Сан ирс хилла Розица масех шарахь болх бан. Оцу хеначохь цкъа а цуьнгара диканиг бен хааделла дац суна. Оьшучунна тIехь гIо-накъосталла дан а, балхахь кхеташ доцучунна тIекхио а кийча хуьлура Роза, – бохура Раисас.
ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомпанин куьйгаллин цIарах Сийлаллин грамота елира цо Розина.
Роза декъалъян а, цунах лаьцна дош ала а луурш дукха бара. Къаьсттина мехала дара цунна уллехь болх беш болчу цуьнан белхан накъосташа иза хастор а, дика адам хилар чIагIдар а. «Вайнах» телерадиокомпанин директора Ельсаев Iаламада билгалдаьккхира Р.Эльмурзаева Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозалла хилар.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин халкъан артисташа Дадашева Тамарас а, Исраилова Тоитас а эшарш лоькхуш дIаяьхьира суьйре.
З.ХАСИЕВА
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо