Та
равийхь ламазаш а дина, Iалхан-Чуьртарчу рузбанан маьждигера тхо арадевлча, Сайд-Эмис элира: «Иласхан-Юьрта зерате гIур вара аьлла хетачунна кхана Iуьйранна кхуза схьайогIур йолуш машен ю, ялх долуш, вог1у верг маьждига хьалха схьавола. Кхечу ярташкара нах а бу шуна вовшахкхеташ. Массо а хье ца луш схьавогIийла».
ШолгIачу Iуьйранна малх анайистах схьакъастале пхи-ялх стаг маьждига хьалха вовшахкхеттера. Царах воккхах верг Эльдиев ИсмаьIил вара. Шен воккхале хьаьжна ца Iаш дог-ойла аййелла, самукъадаьлла вара иза. Цо Сайд-Эмига хаьттира: «Вайна хIара гIуллакх вовшахтоьхнарг а, машен йоуьйтуш верг а мила ву те?».
– Иза тхан шича ву, цIера Пригороднера а, хIинца Iаш Старопромысловски районерчу 36-чу куьпехь а волуш – Татаев ШаIрани. Цо вайн юьрта а, «Родина» госхозе а, Пригородне а, 36-чу куьпа а цхьацца «Газель» хьажийна. Царна богIу мах а дIабелла. «Минуткехь» вовшах а кхетта, цигара дIа зерате гIур ду вай цхьаьний Дала мукъ лахь, – элира Сайд-Эмис.
Оцу хенахь еана схьакхечира «Газель». Нийяташ карла а даьхна, АллахIан еза цIе а яьккхина, хьем ца беш машена а хевшина новкъадевлира тхо. «Минуткехь» вовшах а кхетта, адамаш еа машенахь Иласхан-Юьрта боьдучу новкъа девлира. Дукъа хан ялале, де шийллах Кишин а, МоцIин а зераташка дIакхечира. Воккхах волчо доIа а дина, кешнийн керта девлира. Туркхо, Iийсас, дерриге а адамаш зуькаран чIагаре бийхира. Дукха хаза чIуг хIоьттира. Зуькар дерзийна, кешнийн охIланна, кхелхинчу берриге а муъма нахана мел кхайкхош, гечдар доьхуш, вайн Нохчийчохь машар, барт чIагIбар, беркат алсамдаккхар доьхуш доIанаш дира. Цул тIаьхьа Кишн а, МоцIин а зераташна кхоккха гуо баьккхина, царна чохь хьурматна суннат ламазаш а дина, Киши а, цуьнан воI Кунта-Хьаьжа а ваьхначу керта бахара зерате баьхкинарш. Хьаьжа холбатахь Iийначу метте хIиттина, шайн устаз дагалоьцуш, иза ДегIастана юхаверзор доьхуш бIаьрхиш Iенийра цига баьхкинчарах баккхийчара.
Оцу меттигах марзо а, ирс а эцна, Кунта-Хьаьжин мазлагIа лаьттинчу дахара тхо. Цигахь а кхечанхьа йинна Iамалш йира. Юха, «Хьаьжин» шовдане дахара. Ша санна шийла, цIена дара иза. Массеран а марха хиларна, шишанашкахь шовда схьаоьцуш, салаваташ дохкуш севцира.
– Дависса хьо тодан, – эккхийтира Татаев ШаIранис. – Ма хаза тодийр дара ас хьо, гуобаьккхина экъа юьллуш, кхуза веанчунна охьахаа, садаIа, шен устаз хьахо меттиг еш.
– ХIунда ца тодо ахь? – хаьттира хьал ца хуучо?
– ВаллахIи тодийр дара кху юьртарчу цхьана стагана дегаза дацахьара. Ма хаза тодийр дар-кха ас хIара. Ма чIогIа лууш ву-кх со хIара тодан…
Шен лаам бовзийтар бен кхин цхьаьннан а цIе а ца яьккхира цо. Я оьшуш а дацара яккха. «Тодехьа!» – аьлла цунна юьртан верасаша, шовданан дола дечара пурба делчахьана. Цо тIаккха и тодийр а дара, вайна массарна а юьхькIам хир болчу агIор, Хьаьжина хазахетар долчу кепара.
Шовданера «Газелашкахь» болчара юьхьара лецира Эртина-Коьрте, Баба-Хедин зерате боьду беркате некъ. Нохчийчоьнан ерриге а ярташка а, кIошташка а доьлху некъаш санна асфальт йиллина, дика нисбина бара Эртина боьду некъ а. Далла Iамал-Iибадат а деш дукха сиха дIакхечира Мовсаран (Кунта-Хьаьжин вешин) шовдане. БIешерийн юькъачу хьуьна йистехь ду иза, некъана аьрру агIор, пхи-ялх метр лахахь. КIеззиг цу шовдана йистехь а Iийна, леррина кечдинчу рагIу кIелахь устазах лаьцна, цуьнгарчу караматех лаьцна къамелаш деш сапаргIат даькхинчул тIаьхьа, юха новкъа девлира тхо. Некъ ломаца хиллехь а, машен чехка йоьдура. Зератера х1инцале юхабирзинчеран машенийн рагI а яцара кхачалуш.
Эххар а гучубелира тхох массара а гаре сатийсина Эртина-Корта. Стенна делахь а кхуза цкъа кхаьчнарг юхаван сатосий дIавоьду. Мел дукха кхуза эхарх а тоам ца хета. ХIокху меттиго юх-юха а шена тIеийзаво. Оцу сатийсамо валийна вара тхох хIора а Эртина, Баба-Хедин зерате. Тхо тIекхача герга даханчу хенахь тхан дог, ойла, са хьоьсту зуькаран башхачу мукъамо, «IалаллахI-IуьлаллахI» дешнаша.
Еа «Газелара» охьабиссинчу (тхоьца хиллачу) муридаша а оцу минотехь Дела (с.т.), Элча (I.с.в.с.), хестош мукъам дIаболабо. Оцу мукъамца чIагаран зуькарехь, хьийзачарна тIедоьлху цаг1аре х1уьтту… «АлхьамдуллилахI! Хастам бу-кх Хьуна Веза-Воккха Дела! Хастам бу-кх Хьуна тхо бусалба кхолларна. Хьо хьахо, хьо хасто пурба даларна, Хьо везийтарна, Хьуо вовзийтарна», – дека гуонаха. ДоIанаш до. Уьш дерзийча, Баба-Хедин зерат долчу агIор дIадуьйлало адамаш. Цуьнга пурба а доьхий, герга доьлху. Чу боьлху. Цигахь а доIанаш, ламазаш до.
Цигара девлча Хьаьжин-Эвла охьа доьлху. Тхо цига дIакхаьчча тхох хIоранна а пхиппа литар чуйоьду шишша шиша-балон кечйина хилар гучудолу. СагIийна и гIуллакх динарг а вай лакхахь хьахийна Татаев ШаIрани вара. Кунта-Хьаьжа а, Илес-Пайхамар а, Хизир-Пайхамар а цхьаьна Iийначу бешахь, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлад доьшу зерате баьхкинчара. Иза доIанца дерзийча юьхьарлоцу Уммалт-Шайхан зерат долчу Сиржа-Эвла боьду некъ.
Оцу зератехь делкъа ламазаш а дина, суннат Iамалш а йина цIехьа доьрзу тхо, дог токх долуш, дагна хьаам хуьлуш. Цундела кхин цкъа а даггара Дела резахуьлда ала лаьа фарз мархийн Рамадан баттахь зерате даха адамаш, машенаш вовшахтухуш, церан хьашташка сема хьожуш леллачу Ш.Татаевна. Дала йоле дуьллийла цо мел дина гIуллакх. Дала къобалдойла цо цу дийнахь даьккхина сагIа.
С.ХАМЗАТОВ