Делан къинхетамца хаза еанера хIара аьхке. Йовхо Iаткъа йоьлча догIа догIура. Беркате догIа. Iуьйранна а, суьйранна а, дагна хьаам беш, шийла мох хьоькхура. Къилбаседехьара схьахьоькхучу мохехьа а воьрзий, охьахуура хIора а суьйранна Воккха-Дада. Далла хастам бора цо иштта хаза суьйренаш, Iуьйренаш яхкийтарна, Ша хьехо АллахIа шена пурба даларна. Даима а карахь суьлхьанаш хуьлура цуьнан, хIора буьртиг дIа карчош, Делан йоккха цIе йоккхура цо: «ЛаилахI ил-АллахI» – олуш.
ХIинца а иштта Iаш волчу цунна тIебаьхкира лулара кегийрхой а, кхиазхой а. Суьйре дика а йина, хьал-де а хаьттина, воккхачу стеган бIаьра ца хьовсуш, дIахIиттира уьш.
– Герга хилал суна. Дийцал, муха ду шун гIуллакхаш? Шун дай-наной, йиша-ваша хIун деш ду? – хаьттира воккхачу стага.
– ГIуллакхаш вуон дац. Дерриге а могаш а ду, – массеран а метта жоп делира МасIуда, Абуезидан кIанта.
– Юьртахь дуй керла хIумма а? – юха а хаьттира къаночо.
– Хьасанан кIантана зуда ялор доцург кхин хIумма а дац. Иза тахана дIаерзош ю, – элира МасIуда.
– Дала декъалдойла и шиъ. Дала беркате нус а, доьзалхо а войла цунах. Дала барт цхьаъ бойла церан. Иза-м, шу даха, ду дика гIуллакх. Шен зама тIекхаьчча жимачу стага зуда а яло еза, шен хеннахь йоI маре яха а еза. ХIара дуьне кхоьлличахьана адамашна юккъехь чIагIделла схьадогIуш Iадат ду иза, – аьлла, карара суьлхьанаш вета болчу кучан аьрру агIорчу кисана дехкира.
Дуьненан къамел дечу хенахь уьш дагна уллерчу кисана дохкура цо.
– Зуда ялорца, йоI маре яхарца, захало дарца доьзна дукха хаза гIиллакхаш, Iадаташ ду вайн халкъан. ХIора юьртахь бохург санна, шайн-шайн башхаллаш йолуш ду уьш. Замане хьаьжжина цхьадолу гIиллакхаш хийца а ло, – дIадолийра Воккха-Дадас шен къамел. Цунна хаьара кегийрхой цунах дерг хаа, довза лууш баьхкиний а, цу хьокъехь дерг хатта царна бегIийла доций а.
– Хьалха заманахь жимачу стеган а, йоьIан а вовшашна довзар, дукха хьолахь, нах гуллучу меттехь хуьлуш хилла. Цу хенахь нах мичахь гуллуш хилла? Дера хилла белхех, синкъерамехь, ловзаргахь, хийистехь, кхечанхьа. И санна йолчу меттигашкахь къайле хила йиш ца хилла. Нохчийн халкъан оьздачу гIиллакхаша тIедуьллу кIентан а, йоьIан а юкъаметтигаш тешам болччохь хилийтар. Халкъалахь осала лоруш а хилла, магош а ца хилла кIант а, йоI а теш воцуш цхьаьнакхетар, шаьшшиъ латтар.
Синкъерамехь, белхех я ловзаргахь йоI евзинчул тIаьхьа жимачу стага иза лулахочуьнга хийисте кхойкхуьйтуш хилла. ЙоI лулахойн чу кхойкхуш Iадат а дара вайн. Ша а, оцу хийисте шеца цхьаьна накъост а волуш воьдуш хилла иза. Захало дийца хийист къастор шатайпа маьIна долуш хIума дара. ХIунда аьлча, кхайкха ца оьшуш йоI хийисте (шовдана йисте, хьостане) ша йогIуш меттиг а хилла, шайна мала хи дахьа. КIант а вогIуш хилла шен говрана хи мало. Цигахь и шиъ цхьаьнакхетча, юххехь теш воцуш, адамаш доцуш вовшашка дист хуьлуш, цхьаьна лаьтташ ца хилла. Хийистехь тасаделла гергарло, захало шовда санна цIена хуьлу олура.
Хийистехь я кхечанхьа йоI евзича, цкъа хьалха цуьнгара дуьненан синкъераман дош доккхура. Оцу дашо я кIант а, я йоI а цхьана а хIуманна декхар ца дора. Дуьненан синкъерамна къамелаш дора цара. Цул тIаьхьа, вовшашна девзича, дезаделча дуьненан тIаьхьалонан дош доккхура йоIера. Юха – тешаман дош. ЙоIа кара хIума луш гIиллакх а дара, кIентан дехарца. Оцо кIантана а, йоIана а бехкамаш бора кхечанхьа захало дийца а, ялорах-яхарх лаьцна кхечуьнца къамел дан а, хийистехь латта а. ЙоIа кIантана тешамна кара луш яра пIелгах йоллу чIуг, я сахьт, я йовлакх.
Цхьанна кара хIума а елла, кхечуьнга маре яхар магош ца хилла вайн дайша. Иза доккха эхь лоруш хилла, цунах нахана юкъахь доккха зулам долуш, бохам хуьлуш хилла. Делахь а вайн халкъана юкъахь наггахь ишттаниг а нислуш хилла, йоI хьекъална кIезиг хилча, ша лелочун хьесап дан цуьнан кхетам ца хилча. Ша бахьанехь шен цIенна тIе бохам боуьйтуш хилла ишттачара.
Вай юьххьехь ма-аллара, захалонаш синкъерамехь, белхех, ловзаргахь тасалуш меттигаш дукха хуьлура. Синкъерам хьаша-да веача, хьешана олий, беш хилла. Мехкарий дай-наношка боьхий балабора. Цунах жоп дала тIе а лоций, я цунна юххе жимах волу ваша я йиша доккхий. Ткъа кегийрхой, цхьамма а кхайкха ца оьшуш, синкъераме шаьш боьлхура, шайн самукъадаккха а, йоI йовза а.
Синкъерам хIусамехь, чохь хуьлура, наггахь – рагIу кIелахь. Цхьана агIор охьахевшина кегий нах хуьлура, вукха агIор – мехкарий. Кегийчу наха а, мехкарша а шайна юкъара тхьамда хоржура. Синкъераман гIиллакхаш, некъаш дика девзаш, къепе латто хьуьнар долуш хила безара божарийн а, мехкарийн а тхьамданаш. Цара аьлларг дора кегийчу наха а, мехкарша а. Синкъераман дай а хуьлура низам лардайтарна тIехь сема терго латтош.
Кегийчу наха шина тхьамданех цхьаьнга я юкъалелачу зудчуьнга, шайна сакъера луучу йоIанна тIе хабар дохьуьйтура, я хелхарш а, пондар-вота а сацийначул тIаьхьа, массарна а хозуьйтуш жимачу стага шена хазъеллачу, шен бIаьрг тIехIоьттинчу йоIе къамел дора. Цул тIаьхьа вовшашка бIаьцанаш а еш, юкъалелачуьнга кест-кеста хабарш тIе а кхоьхьуйтуш сакъоьрура. Кхин цхьа бакъо а яра синкъерамехь кIанта а, йоIа а ларъян езаш. Хьешо хьеше сакъера йиш яцара. ХьошалгIа еанарг йоI хилча, цо юьртарчу кIанте къера дезаш дара са. Веанарг хьаша велахь – оцу юьртарчу йоIе. Синкъерам чекхбаллалц бен, кхин тIаьхье йолуш ца хуьлура синкъерамехь вовшашка сакъерар. Нагахь санна кIант йоIаца кхидIа а юкъаметтиг лелон лууш хилча, цо иза дIахоуьйтура…
Цу тайпана синкъерам дIабахьаран кеп Нохчийчохь массанхьа а ца хуьлура. Ала дашна, Органца йолчу нохчийн ярташкахь йоIана тIе дохьуьйтуш долу хабар хууш а, цо кIантана делла дош хууш а кхоъ бен хуьлуш дацара: кIант а, йоI а, юкъалелаш йолу зуда а. Синкъерамехь болчарна ца хаьара кIант хьаьнга сакъоьруш ву.
Синкъерамах мелла а къаьсташ хуьлура ловзар. ХIинца ловзарш деш хаалахь а, синкъерам беш ца хаало. Цундела къоначарна цуьнан гIиллакхаш а ца девза. Ловзаран гIиллакхаш а чIогIа хийцаделла. Ловзаргахь адамаш дукха хуьлура. Иза уьйтIахь дора. Ловзаргахь хьалха тхьамда а, цуьнан гIоьнчий а, хьадалчаш а, човс а хуьлура. Тхьамдий, цуьнан гIоьнчий баьрччехь хIоттийначу стоьла хьалха Iаш хуьлура. Стол кхачанех йоьттина хуьлура.
Човс хуьлура ловзаргахь низам лардеш, кIант а, йоI а халхадаккхаран рагI ларъеш. Цуьнан хьекъалх, тIахъаьлла хиларх, говзаллех доьзна дара ловзар дIадахьар, цигахь низам латтор. ЙоI, кIантаца хелха а яьлла, охьахууш, цунна дуьхьал сараг а лоций, човсо мохь тухура: «ХIара хьенан ю? Кхуьнан дола дан мила ву?» – олий. ТIаккха, ловзаргахь волчу цуьнан тIехьийзачу кIанта я гергарчу стага, я вешин доттагIчо ахча тосура. Ишттачу ловзарехь кIантана йоI йовзар а, йоIана кIант вовзар а хуьлура, церан вовшашка уьйр-марзо а кхоллалора.
Белхеш баран бахьанаш а, кепаш а хуьлура тайп-тайпана: тIаргIа къажбар, хьаьжкIаш тилор, сарамсекхаш, хохаш цIанбар, и.дI.кх. Цига мехкарий кхойкхура. Белхи буй хиъча кегийрхой шаьш боьлхура цига, цхьамма а кхайкха а ца оьшуш. Белхех баханчу кегийрхошна гора каде, къинхьегамна тIера йолу йоI. ТIаккха цунна тIе хабар дохьуьйтура оцу кертарчу йоIе я несе. Циггахь вовшашна девзара. Синкъерамехь а, белхех а йоIера маре ян дош доккхура, кара хIума яккхар а хуьлура. Амма йоIе хан йиллийтар хийистехь а, ирахьIачохь а бен хуьлуш дацара.
ИрахьIер олура кIанта ша тIехьийза йоI лулахошка я гергарчу нахе кхайкхина, цуьнца къамел дарх. ХIинца-м ду моьттуш а вац со иза. Суна ду олуш хезна-м дац. ИрахьIачу хенахь кIантаца а, йоIаца а накъост хила везара. Теш воцуш къамел дар кIант а, йоI а оьзда цахилар ду. Тахана а дохо йиш йоцуш, оьздангаллин бух хилла латта дезаш гIиллакх ду иза. Цундела цу тIера дIасатаIа мегар дац, маггане а.
Йиллина хан тIекхаьчча, йоI йигаран (араяларан) ши некъ хуьлура. КIентан гергара йоI йоьIан цIа а боьлхий, циггахь мах, там а бой, нускал схьадаладора. Иза цхьа некъ бара. Уггаре диканиг а бара. ШолгIа некъ бара, йоI, шен цIерачаьрга а хоуьйтуш, маре яха араялар. ЙоьIан а, кIентан а дений-нанний хууш дина захало чIогIа а, беркате а, мерза а хуьлура. Ларамаза ма ца аьлла вайн дайша: «Захало дийнахь а стогар латабай ди», – дерзийра шен къамел Воккха-Дадас.
Хь.САИДОВ
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо