«ДIадаханчунна а, хиндолчунна а юкъахь – цхьа мIаьрго»

ХIокху деношкахь Къоман музейхь Къаьмнашна юкъарчу хаамийн «Россия сегодня» агентствон фотокорреспондентан, вайн махкахь вевзаш волчу суьрташдахархочун Царнаев Сайд-Хьусейнан суьртийн «ДIадаханчунна а, хиндолчунна а юкъахь – цхьа мIаьрго» цIе йолуш гайтам схьабиллира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Тагиев Мурада, Соьлжа-ГIалин куьйгалхочун заместитела Динаев Iадлана, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама, Журналисташ кечбаран а, церан говзалла лакхаяккхаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата, иштта, Царнаев Сайд-Хьусейнан гергарчара, цуьнан белхан накъосташа.

гайтам

С.-Хь.Царнаевн кхоллараллах лаьцна дош а олуш вистхилира Алиев Тимур: – Суна хетарехь, вайн Нохчийчохь Царнаев Сайд-Хьусейн ца вевзаш цхьа а стаг хир вац. Суьрташ дахарехь цо дуьххьара гIулчаш яьхна хан дика дагайогIу суна. 20 шо гергга хьалха цхьаьна болх бина ву тхойшиъ. Вайн халкъана а, махкана а тIехIоьттина хала киртиг яра хIетахь. Яхь а, доьналла а, майралла а йолу нах вайн мехкан дахар тодалийтарехьа шайн дакъа юкъадилла хьовсура. Ишттачарах ву Сайд-Хьусейн а. Цхьа а хьелаш доцчу хенахь, уггаре а кхерамечу заманахь, фотоаппарат кара а лаьцна, массо а меттехула суьрташ дохуш волавелира иза. Цхьайолчу (кхерамечу) меттигашка шен са а ца кхоош, майрра воьдура иза. Тахана цуьнан гайтам деккъа суьртийн гайтам хилла ца Iа. Вайн халкъо лайнарг, вайн махкана тIехIоьттинарг ду цо шен суьрташкахь гойтуш дерг. ХIетахьлера ирча хан дIаяьллехь а, оцу заманахь вайнаха лайнарг шен суьрташкахь цо Iалашдина хиларна баркалла ала лаьа суна.

Суртдаккхар иза баккъал а шегахь говзалла хила езаш болх хилар чIагIдира шен къамелехь Ибрагимов Кантас.

– ДуьххьалдIа ладоьгIча-м, сурт даккха башха генара хаарш а ца оьшу, аьлла хета тарло цхьаволчунна. Фотоаппарат каралаца-м хьанна а хаьа, амма баккъал а сурт даккха похIма оьшу. И корматалла Сайд-Хьусейнан ю. Суна иза вевза дукха хан ю. Цуьнан таханлерчу суьртийн гайтаман мах хадийна вер а вац. Хазачу Iаламан, меттигийн, адамийн суьрташ хилла ца Iа цо вайн кхиэле дехкинарш, цо тахана вайна дагаяийтинарг вайн халкъо лайна хала зама ю, – элира К.Ибрагимовс.

гайтам2

Историн Iилманийн доктора Ибрагимов Мовсура билгалдаьккхира С.-Хь.Царнаевн белхаш вайн халкъан истори хилар.

– Вайн махкахь уггаре а хала еанчу заманахь Сайд-Хьусейнаца болх бар нисделла сан. Муьлххачу а хиламе, муьлххачу а метте дIакхаьчча, суьрташ дохуш бухахь Сайд-Хьусейн каравора. Хийлазза, кхиверг ваьхьар воцчохь а хуьлура иза суьрташ дохуш. Со цецволура цуьнан майраллех, доьналлех. Баккъал а, цIеначу даггара цунна шен болх безаш хиларан цхьа билгало яра иза. ХIокху тIаьхьарчу 20 шарахь вайн халкъо а, махко а лайнарг ду цо шен суьрташкахь гайтинарг. Яздархоша дашца, юьйцу вайн къоман истори, ткъа С.-Хь.Царнаевс шен суьрташкахь «язйина» ала мегар ду иза. Тахана шен белхан лаккхара мах хадо хьакъ ву Сайд-Хьусейн, – элира цо.

С.-Хь.Царнаевх а, цуьнан балхах а баккхийберца дуккха а хаза дешнаш элира цуьнан белхан накъосташа а, цуьнан кхолларалла дукхаезачара а. Гайтамехь массо а вара цунах довха дош ала хьаьгна. Дерриге а 200 сурт дара хьовсархойн кхиэле диллинарг.

Ибрагимов Кантас хаийтира тIейогIучу хенахь Яздархойн союзо С.-Хь.Царнаевн суьртийн альбом арахоьцург хилар. Цунах хаза кхаъ хилира гайтаман дакъалацархошна. Ткъа Сайд-Хьусейна даггара баркалла элира, ша лара а лерина, гайтамехь дакъалаца баьхкинчарна.

З.ЛОРСАНОВА

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: