Зандакъара зезаг

Нохчийн литература, мотт кхиорехь доккха дакъалоцу вайнехан зударша. Къоман литература хьалхара гIулчаш яха йоьлчахьана, цуьнан хьостанехь хьанал къахьегначарах бу Исаева Марем, Курумова Селима, Курумова Бата, Анзорова Балкан, Ахматова Раиса, кхиберш а. Нийса хир дацара оцу сийлахьчу зударийн могIарехь Амаева Машин цIе ца яьккхича. Бакъду, вайн турпалхо къоман литературехь къахьегна Iаш яц. Иза Нохчийн Республикин халкъан артистка ю.

IMG_9423

Боккхачу доьзалан нана ю иза. Вайн махкахь хьанал къахьоьгуш, гIараваьлла вевзачу хьехархочун Задаев ШахIруддин хIусамнана а ю. Дукха къахьегна Машас таханлерчу зовкхе кхачархьама. КIезиг дац цуьнан дахаран новкъахь дог иэшош нисделла очакхаш. Делахь а, мел яккхий халонаш шена тIехIиттарх, къаръелла юха ца йолуш, хьалхахьа дIагIиртина иза. Цундела дукхаеза халкъана а, махкана а. Ларамца йоккху цуьнан цIе, цIеначу даггара гергарло, доттагIалла леладо цуьнца. Даима а елаелла, екхаелла, цкъа а кIоршаме дош шегара далийтина йоцуш, бакъйолчу нохчийн зудчун масал хилла схьайогIуш ю Маша. Кхиъна баьлла доьзал шайн некъ билгалбаьлла, тоххара дIанисбаларх, юкъараллин дахарна цкъа а юьстахлаьттина яц иза. Мехкан Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца Нохчийн Республикехь кхиамца кхочушъечу «Синмехаллаш» проектехь жигара дакъалоцуш ю Амаева Маша. Масех шо ду иза жюрин тобанна юкъахь йолу. Амал мел кIеда-мерза елахь а, хьуьнарш къовсучу кегийрхоша сцени тIехь гойтучу кийсакийн мах хадош, нийсонца чIогIа дека Машин аз. Массарна а хаьа, мах хадорехь цо цхьангахьа озабезам бийр боций. бIаьрса, лерса сема хиларна кегийрхой кхетош-кхиоран хоршахь дIахьо болх цунна Iаламат мехала хетаран къеггина тоьшалла ду иза. Дахарехь алссам зеделларг долуш йолу М.Амаева дика кхета таханлера кегийрхой къоман кхане хиларх. Нохчийн къоман синмехаллаш таханлерчу кегийрхошна кIорггера йовзахь, уьш церан цIийца хилахь вайн халкъ ирсе хир ду, бертахь дехар ду. Оцу ойланашца еха вайн турпалхо. Цунна Iаламат мехала ду кегийрхошка оцу ойланийн беркат дIакхачор. Зенах, зуламах Iалашдеш, массаьрга лакхара дешаран кхерчаш чекхбохуьйтуш, ламаз-мархица уьйр-марзо чIагIъеш, ворхI бер хьалакхиийначу Машина тахана массо а нохчийн бер а, шен берийн бераш санна дукхадеза, уьш ирсе хила а лаьа. Цундела ю и оьзда зуда «Синмехаллаш» проектана юкъахь, яхар-ярца шена мел хала делахь а, заманан йохалла дебначу лазарша буса наб ца яйтахь а.

Амаева Маша йина 1947-чу шеран кхолламан (январь) беттан 11-чу дийнахь генарчу ГIиргIизойн махкахь. Машин да Нохчийчоьнан уггаре а хазачу юьртара Зандакъара Амаев Идар-Iелин кIант Ималу хилла. Даймахкана орца оьшучохь хIусамда луьрачу тIаме дIахьажийна, шен ворхI бераца, марзхошца йисинера Машин нана Буса. Бакъду, хIусамда ЦIечу Эскарехь вара я бераш дукха дара аьлла, шен бенахь-м ца йитира иза. Дерриге а нохчийн халкъ санна, шийлачу новкъаяьккхира къизаллица цIевзина еанчу 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна. ГIиргIизойн махкарчу Джалал-Абаданан кIоштарчу Кочкар-Ата юьртахь нисделира Бусин дIатаръялар. Нохчий дIакхаьчначу массо а меттехь санна, кхузахь а олалла деш яра шело, мацалла, харцо. РагI йиллича санна, леш бара гергарнаш а, бевза-безарш а. Ималуна тIом чекхбаьлчий бен ца хиира нохчий махках бахарх дерг. Иза тIамера воггIушехь цкъа Зандакъа кхаьчна хиллера, амма НКВД-н белхахоша сихонца схьалаьцна, махках вала 24 сахьт хан йиллина, дIахьовсийначу нохчашна тIаьхьа хьажийна хиллера. Луьра мостагI эшийна, Даймехкан сий лардина, толамца цIавирзинчу бIаьхочо, дукха лехна хиллера шен доьзал. БIаьхо вара аьлла, дика тIом барна Iедало делла совгIаташ дара аьлла, цхьамма а дог хьостуш доцуш, ГIиргIизойн мехкан шийла аренаш гезйина хиллера Ималус доьзал лоьхуш. Шен хIусамнанна Бусина иза тIекхачале, мацалла, гIело, шело хуьйдина, и пекъар кхуьнан уллерчу верасех берхIитта стаг а, шен ворхI бер а дIадолла ларийна, ша цхьаъ йисина хиллера. Яла бахьана доцуш ца йисинера Буса. Делан къинхетам хьалхабаьлла, дуьнен чохь рицкъа хиларна йисинера. Дуьненан чам байначу Бусина мерзачу гIан-набаршкахь а дага ца деанера хIусамдеца чуерззал шен ирс хир ду бохург. ВорхI бер лаьтте дерзийначу нанна муххале а дагадогIийла дацара кхин цкъа аганан илли олуш, бер хьасттал ирс шен хир ду аьлла. Делахь а, Веза-Воккхачу Делан комаьрша къинхетам доза доцуш бу. Бохамаша иэшийна Ималун, Бусин дегнаш хьостуш церан хIусамехь серлабелира оцу комаьршачу къинхетаман беркате цхьа суй. Ималу цIавирзина шо кхочуш Бусас йоI йира. Цунна Маржан аьлла цIе тиллира. Бакъду, нанас йоIах Маша олура. Баккъал а, чам байначу дуьненах шена марзонан хIуо тосадалийтина, дахаре болу безам чIагIбина, кханенах дегайовхо кхоьллина маша хетара Бусина, жималлин хан дIаиккхина йолчу шена Дала йоI ялар. Нанна болчу томанна дас, лулахоша Маша ала долийра йоIах. Иштта дIаяхара тахана Нохчийчохь дика евзаш йолчу Амаева Машин цIе.

IMG-20170217-WA0009

Бераллин шерийн юьхь генарчу ГIиргIизойн махкахь чекхъелира йоьIан. Хьалхарчу классе деша а цигахь яхара. Юхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш а, синкхетам ира болуш а, амал кIеда-мерза йолуш яра иза. Цуьнан итт шо дара вайнахана цIаберза некъ маьрша болуш. 1958-чу шеран бIаьста шен ворхIе да ваьхначу Зандакъа цIавирзира Амаев Ималу хIусамнана а, йоI Маша а ялош. Майралла, доьналла гойтуш тIом барна шортта орденаш, мидалш йолуш волу Ималу схьакховддийначу балха дIавахара. ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь ТIеман ветеран Амаев Ималу Зандакъарчу юьртан культурин кхерчан директоран дарже хIоттийра. 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьегна, Iедало шена тIедиллинарг юьхькIам болчу агIор кхочушдар чкъурах доьлла волчу Ималус, цIеначу даггара, сихонца дIадолийра шена тIедехкина декхарш кхочушдар. Уггаре а хьалха юьртарчу кегийрхойн исбаьхьаллин тоба вовшахтуьйхира цо. Амма оцу муьрехь Iаламат хала дара, нохчийн ярташкахь-м муххале а, мехкарий сцени тIе баха. Вайнехан гIиллакхашца догIуш дацара юкъараллин дахарехь мехкарша дакъалацар а, сцени тIехь шайн хьуьнарш цара гайтар а. Цундела массарал хьалха Ималус шен йоI Маша йигира Зандакъарчу культурин кхерча. Бераллехь дуьйна иза пондар лакха хууш а, тIаьхьара мукъам бало лууш а хиларна, сцени тIе яккха хьуьнаре хийтира дена. Машас шеца шен доттагIий, нийсархой балийра тIаьхьуо. ТIаккха йоьхьебевлла кхиболу мехкарий а схьакхийтира царах. Хелха бовлучу а, илли олучу а кегийрхойн къоьлла-м вайн махкахь цкъа а хилла яц. Амаева Маша Зандакъарчу школехь доьшуш яра сцени тIехь хьалхара гIулчаш яха йолалуш. Хелхаялар а, йишлакхар а цхьаьна дIакхоьхьура йоIа.

IMG-20170217-WA0012 (1)

Хьалхара кхиам ХХ-чу бIешеран 60-гIа шераш юккъе доьлхуш беара. Ламанах схьаIийдало шовда санна, цIена, сирла дара цуьнан башха аз. Кавказан къоьжа лаьмнаш санна нуьцкъала декара иза. Дукхах йолу эшарш тIаьхьара пондар балош локхура Машас. Уьш езаш тIеоьцура ладогIархоша. 1967-гIа шо дIадоладелчахьана СССР-н массо а маьIIехь Советийн Iедал дIахIоттаран 50 шо кхачар шуьйра даздан кечамаш бара беш. Зевнечу эшаршца, иллешца даима гIараюьйлуш йолчу Нажи-Юьртан кIоштан а юьстах Iойла дацара оцу кечамашна. Массо а хенахь санна, шайна тIедехкина декхарш кхочушдеш бара культурин кхерчан белхахой. Амаева Машас керла йиш яьккхира. Дешнаш, мукъам йоьIан шен бара. «Зандакъойн зезаг» цIе йолу йиш яра иза. Шен экама «ах са» чудиллина дIалекхна яра иза къоначу артисткас. 1967-чу шарахь СССР-хь дIаяьхьначу халкъан кхоллараллин фестивалан лауреат хилира Амаева Маша и зевне йиш бахьанехь. Цунна и бахьанехь «Нохч-ГIалгIайн хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елира. «Мелодия» цIе йолчу ерригсоюзни фирмехь экъа (пластинка) арахийцира Амаева Машин иттех йиш тIехь а йолуш. Дукха жимачохь ишттачу кхиамийн гIушлакъе кхаьчнера аьлла, куралла ца йоьссира йоьIан даг чу я баьхначу кхиамех тоам бина, дешар дIа а ца тесира цо. Зандакъара юккъера школа чекхъяьккхина яьлча, Соьлжа-ГIалара культпросветучилище чекхъяьккхира балхана юкъара ца йолуш. ТIаьхьуо, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан университет а чекхъяьккхира, биологан говзалла караерзош. Оцу муьрехь, дукха хьолахь нислуш ма-хиллара, нехан цIен тIе яхча сценица долу гергарло мелла а херделира Машин. Оцу муьрехь цо цкъа а, тIаккха Нажи-Юьртан кIоштарчу дешаран отделехь методистан а белхаш бира. Берийн бешахь болх бар а нисделира. Амма цкъа а хер ца делла цуьнан литературица долу гергарло. Шен дахарехь цхьа хазахетар я халахетар нисделча, даима а шен ойланаш кехатах тешайора Машас. Цуьнан поэзин могIанаш кест-кеста хуьлура вайн республикехь зорбане дуьйлучу газетийн а, журналийн а агIонаш тIехь. Дешархоша боккхачу безамца тIелоцура уьш, къаьсттина зударша. Вайнехан зударийн догъоьцуш дара Амаева Машин поэзин могIанаш. Цаьрца дуцаделла кIорггера хьекъал, собар, бIешерийн кIоргенера вайн наноша схьакховдийна оьзда амал, синъондалла гора. Машин поэзино дикане, собаре, къинхетаме кхойкхура. Хазахета тахана и мехаллаш цуьнан поэзехь йолуш. ХIинца а цуьнан байташ кест-кеста го вайна «Нана», «Орга» журналаш тIехь. ХIора керла могIа мерза кхаъ хуьлий дIахIутту вайна. «Даймохк» газетан редакцехь дукхаеза хьаша ю Амаева Маша. Газетан агIонаш тIехь а кест-кеста зорбане йоху поэтессин байташ. Дукхах болчу нохчийн поэташа санна, цо яздо Даймахке, халкъе, нене, доттагIашка болчу безамах лаьцна. Адамаллех сийсаш ю цуьнан байташ, цара тохара санна, дикане, къинхетаме, къоман кханенах болчу тешаме кхойкху. Шен дешархойн дегнашкахь сирла лар йита ницкъкхочуш поэтесса ю иза. Къоначу поэтийн байташ вовшахтоьхна арахоьцучу гуларш тIехь йолу Амаева Машин байташ ешча гуш ду, иза дахар девзаш, къоман гIиллакхаш, ламасташ цIийца долуш, Нохчийчоьнах дог лозуш хилар. Цуьнан дуьххьарлера «Дахаран некъ» байтийн гулар зорбане елира 1992-чу шарахь. 1996-чу шарахь – «Безаман зезаг» гулар. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчоьно мел лайна Iазап-балий шен сица литтина, цIийца лезна, говзачу пхьеро огу дешин бIелиг санна, хIора дош дагца аьгна поэзин могIанашка берзийна 2010-чу шарахь «Ирсе хилалахь Нохчийчоь» байтийн гулар зорбане яьккхира М.Амаевас. Поэтессин дукхах йолу байташ мукъаме ерзийна, вайн тоьллачу артисташа дIалокхуш ю. 2002-чу шарахь дуьйна Россин Яздархойн союзан декъашхо ю иза. Араяккха кечъеш байтийн йоьалгIа гулар а ю цуьнан. Ломахь кхиъна ховха зезаг санна, даима а елаелла, маьлхан зIаьнаршца лепар къуьйсуш, диканашца серлаюьйлуш ю Маша. Лаа олуш дац доттагIаша, нийсархоша цунах «Зандакъойн зезаг».

А.АРАПХАНОВА

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: