Нохчий – Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь

Буьззина боцчу хаамашца Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь дакъалоцуш хилла лаххара а шовзткъа эзар сов нохчи а, гIалгIа а. Царах кхоалгIа дакъа шайн лаамехь фронте бахана а хилла. Ткъа тIом болалучу юьххьехь кадрови тIеман дакъошкахь гIуллакхдеш исс эзар нохчи хилла я дерриге а халкъах ши процент. Цул сов, 17 эзар нохчи а, гIалгIа а Соьлжа-ГIала мостагIех ларъеш ополченехь а хилла.

Профессора Х.А.Гакаевс дийцарехь, Нохчийчуьра 50 эзар сов стаг хилла тIамехь дакъалоцуш, царах 30 эзар нохчи а хилла. Хууш ма-хиллара, хьесапе эцаза бисина тIепаза байна болу нохчийн дуккха а тIемалой. Уьш тIетоьхча тIамехь хиллачу нохчийн барам кхин а дикка лакхабалаза Iийр бац.

Оборонин пачхьалкхан комитетан (ГКО) сацамца Нохч-ГIалгIайчохь вовшахтуьйхира Нохч-ГIалгIайн 114-чу дошлойн дивизи. Цуьнан командир хIоттийра Мамсуров Хьаьжа-Iумар. Испанехь хиллачу тIамехь турпалхо санна билгалваьлла вара иза. Дивизин комиссар вара цу хенахь ВКП(б)-н обкоман секретарь хилла волу Гайрбеков Муслим.

1942-чу шарахь немцойн-фашистийн эскарша аьхкенан тIелатар дIадололе хьалха оцу дивизин буха тIехь Къаьсттина йолу Нохч-ГIалгIайн дошлойн 225-гIа полк а, Къаьсттина йолу Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизион а вовшахтуьйхира. Полкана куьйгалла деш вара майор Висаитов Мовлид. Дивизионан командир хIоттийра Висаитов Сакки. Оцу тIеман дакъойн тIемалоша шайгара доккха хьуьнар, майралла, стогалла гойтура мостагIашца бечу тIемашкахь. 1942-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь С.Висаитов коьртехь волчу девизионо вуно майра рейд йира фашистийн Моздокерчу группировкин тылехула.

Цул сов, 1941-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчуьрчу тIемалойх 16-гIа саперийн бригада вовшахтуьйхира. Иза юкъаяхийтира Къилба фронтан эскаршна.

1942-чу шеран бекарг (март) беттан юьххьехь Л.Бериян дIадолорца арадаьккхинчу омрица сацийра нохчий а, гIалгIай а эскаре кхайкхар. ХIетахь, Нохч-ГIалгIайн бахархой эскаре кхайкхар доьхуш Правительстве кехаташ яздира нохчийн а, гIалгIайн а эпсарша – инарлас С.Моллаевс, подполковника И.Абадиевс, майора М.Висаитовс, капитана А.Ахтаевс, кхечара.

Чалтачас Л.Берияс нохчий а, гIалгIай а бехкебора тIамехь ледара дакъалацарна. Цу хьокъехь ВКП(б) обкоман секретарь хиллачу В.Филькина яздора: «Л.Берия юха а ца ваьлла, 1942-чу шеран бекарг (март) беттан сацийра нохчий а, гIалгIай а ЦIечу Эскаре кхайкхар. Иза доккха гIалат дара».

1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан юьххьехь Нохч-ГIалгIайчуьра шайн лаамехь тIаме баха лууш берш дуьххьара фронте хьажийча гучуделира вайн бIаьхой мостагIашна дуьхьал майра тIом беш хилар а, тIом бан лууш хилар а, Закавказски фронтан командованис лаккхара мах хадийра шайн лаамехь тIаме хIиттинчу вайн бIаьхойн.

1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 25-чу дийнера чиллин (февраль) беттан 5-гIа де кхаччалц болчу муьрехь дIадаьхьира шайн лаамехь тIаме баха лууш болу нохчий а, гIалгIай а шолгIа вовшахтохар. Кхо эзар гергга стаг вара вовшахкхеттарг. Оццу шеран бекарг (март) баттахь кхоалгIа а дIадаьхьира тIаме баха лууш болу нохчий а, гIалгIай а вовшахтохар, аьлча а, ЦIечу Эскаре дIахьажор. Шен лаамехь тIаме вахнарг верриге а, герггарчу хьесапехь, 12 эзар стаг хир вара. Махкахь уггаре а лакхарчех гайтам бара иза.

Делахь а, 1943-чу шеран асаран (июнь) беттан юьххьехь, Къилбаседа Кавказан доккхах долу дакъа фашистех паргIатдаьккхинчул тIаьхьа, Сталинца бертахь гIуллакхдеш хиллачу Бериян дIадолорца, сацийра нохчий а, гIалгIай а эскаре кхайкхар. Оцу ханна къастийна баьлла бара нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн кхоллам. Оцу халкъашна тIехь таIзар дарна оьшу кечам бина баьллера. И дина ца хиллехь тIом чекхбалале фронте баханчу нохчийн а, гIалгIайн а барам 60 эзар стаге дIакхаьчна хир бара.

Нохч-ГIалгIайчохь 1942-чу шарахь вовшахтуьйхира 242-гIа лаьмнийн-стрелкови а, 317-гIа стрелкови а дивизеш. Цара жигара дакъалецира Кавказан фронтехь фашисташна дуьхьал дIадаьхьначу тIамехь. 242-гIа дивизи тIемашца Къилбаседа Кавказера Праге кхаччалц дIаяхара. Ткъа, 317-чу дивизис фашистийн агрессоршна дуьхьал тIемаш бира Кавказехь, Украинехь, Белоруссехь. Дакъалецира Берлин схьайоккхуш хиллачу тIемашкахь а. 1945-чу шарахь оцу дивизис дакъалецира Японин Квантунски эскар хIаллакдарехь а.

Нохчаша Даймехкан тIамехь цхьамма а, цкъа а гайтина йоцу турпалалла, майралла, стогалла гайтира. Цунна къеггина масалш дало аьтто болуш ду вай. Иччархочо Идрисов Абухьаьжас 349 фашист хIаллаквира. И терахь кхин а дикка алсамдер долуш дара 1944-чу шеран оханан (апрель) баттахь хиллачу тIеман цхьана тасадаларехь цунна уллехь иккхинчу мино Абухьаьжина еза чов йина ца хиллехь. И чов хилар бахьанехь кхин тIаме хIотта таро ца хилира Абухьаьжин. ТIамехь шегара йоккха турпалалла гайтарна 1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 3-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца цунна Советийн Союзан Турпалхочун цIе елира.

Беа баттахь госпиталехь Iиллинчул тIаьхьа, тIаме хIотта могашалла йоцу турпалхо, «спецпереселенец» а вина, Казахстане хьажийра.

Кхерам цабовзаран, Даймохк беза ран бIаьрла масал хилла дIахIоьттинера нохчийн халкъан бакъволу кIант Нурадилов Ханпаша. Украинерчу Захаровка юьртана уллехь мостагIашна дуьхьал ша цхьаъ висинчу Ханпашас 120 фашист хIаллаквира, ворхI фашист йийсар вира. 1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан юьххьехь, Iаьнан шийлачу буьйсанна хиллачу буьрсачу тIамехь пулеметчика Нурадилов Ханпашас 200 агрессор хIаллаквира, мостагIчун йиъ ДЗОТ а йохийра. Оццу шеран чиллин (февраль) баттахь хиллачу тIемашкахь, юхабовлуш болу шен накъостий ларбеш фашистийн 200 салти а, эпсар а вийра. Шена шозза чов йина хиллехь а тIеман арара дIа ца велира иза командира омра динчул тIаьхьа бен.

1942-чу шеран бекарг (март) баттахь Байрак юьртана уллехь Нурадилов Ханпашас 300 фашист хIаллак а вира, шайн пулеметаца цхьаьна 5 фашист йийсар а вира. Х.Нурадилов дагалоьцуш дошлойн 5-чу дивизин политотделан хьаькаман заместитела В.Таранина яздора: «Суна дика дагавогIу и майра кIант. Суна дуьххьара иза гира 1942-чу шарахь тIом уггаре а марсабаьллачу хенахь. Сталинградана уллерчу Букановски станицехь цхьаьнакхеттера тайп-тайпанчу дакъошкара тIемалой: летчикаш, дошлой, артиллеристаш, кхиберш. Даймахкана тешаме хила чIагIо еш бара уьш. Цигахь къамелаш деш бара салтий а, эпсарш а. Эххар а, дош делира пулеметни взводан командирана Х.Нурадиловна. Цуьнан доццачу, амма майрачу къамело ир-карахIиттийра тIемалой. Цо элира: «Вай тахана чIагIонаш еш ду Даймехкан маршонан дуьхьа майра тIом бан. ТIекхаьчна-кх вай мила-мила ву гайта деза сахьт. Тхан взводо тIом бечохь я толам хир бу, я тхо лийр ду. Иза тхан закон ду. Маршо я Iожалла!», – оцу дешнашца шен къамел чекхдаьккхира цо.

1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 27-чу дийнахь Ханпашин тIаьххьара тIеман тасадалар хилира. Шен пулеметаца мостагIий цоьстура цо, мангало буц санна. Фашисташа шайн берриге а ницкъ тIебахийтира нохчийн турпала кIант верна. Кхаа батарейн минометаш цунна герз детташ яра. Ханпашина еза чевнаш хилира. Делахь а, ша кхетамчуьра ваьлча бен пулеметан (гашетки) лаг тIера пIелг дIа-м ца баьккхира цо…

Нурадилов Ханпашас шен пулеметаца 920 фашист хIаллаквира. Йийсар вира 12 мостагI. Цаьргара ворхI пулемет схьаяьккхира. Кхелхинчул тIаьхьа бен ца елира цунна Советийн Союзан Турпалхочун цIе.

Шайгара бакъонца турпалалла гайтира нохчийн бIеннаш тIемалоша. Турпалхочун сийлахь цIе яла хьалха а тоьттура уьш. Амма, уьш нохчийн къомах хилар хиъча, царна и цIе ца лора. Иштта хилира Акаев Дашина Турпалхочун цIе тилла кехаташ кечдича а. Цуьнан фамили дIаяйъина хиллера Бериян хьадалчаша. Советийн Союзан Турпалхочун цIе ялийта шозза хьалхатеттира Нагаев Езид, Днепр хил дехьадовлуш, шегара даккхий хьуьнарш а, майралла а, стогалла а гайтарна. Делахь а, нохчи хиларна цунна и цIе ца елира. И цIе ца елира Донецкана уллехь ша цхьамма 17 фашист йийсар виначу Халидов Зайндина а. Нохчий хилар бахьанехь Советийн Союзан Турпалхочун цIе ца елира Мазаев Хасмохьмадна а, Висаитов Саккина а, дуккха а кхечарна а.

Царна и сийлахь цIерш ца еллера аьлла, цуьрриг а лахлуш дац нохчаша Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь гайтинчу турпалаллин маьIна. Уьш даима а бехар бу халкъан дегнашкахь, иэсехь. Царах, церан майраллех, доьналлех масал оьцур ду тIекхуьучу тIаьхьенаша. Уьш Iемар бу царна санна шайн Даймохк беза, и ларбан. Лаа олуш ма дац: «Турпалхой цкъа а леш бац!». Иза иштта ца хила йиш яц. ХIунда аьлча, вайн дуьхьа дIаделла цара шайн синош.

С.ХАСАНОВ

№15, еара, чиллин (февраль) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: